ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Касназани" - нохчашлара рогIера Iаламат


Стиглара кхаьчначу рог1ерчу "Делан къайленах" далил (тоьшалла) деш , коьртех, хьешна юккъе уьрсаш дуьйг1уш яьржина тоба Кадыров Рамзанан резиденце жоьпе ялийна гайтина Нохчийчоьнан телевизионехь. Ютубехь яьржинчу "касназани"-тобано цецбаьхна Iа нохчий...

ГIараяьллачу оцу видеороликехь нохчашна уггаре а тамашийна хетарг, коьртах урс тоьхча цIий ца дара а, цуьнах стаг лаз ца вар а дац. Уггаре а ца кхеташ дерг ду, ша санна стаге Iеха а вайтина, и санна долу хIума шена тIехь дайтар. И ролик гинчул тIаьхьа, дукхачара чIогIа емал бора цу тIера нах. Коьрта тоьхна далаш урс а долуш, царех цхьаммо Зубайраев Асланбека дийцира шаьш шайн шейхан караматан тоьшалла ду бохуш.

КIира сов бен хан ца яьллера, хIинца, оццу Зубайраев Асланбекан аьтто белира, изза Нохчийчохь а дийца. Иза тIекхайкхинера Кадыров Рамзанна. Оцу цхьанакхетарехь вара муфти Межиев Салахь а, кхиболу диндай а. Ала догIу, иза- Касназани шайн устаз лаьцначеран куьйгалхо-халиф ву. Цунна циггахь гайта элира, хьайн устазан Касназанин Дала еллачу къайленах.

Юккъараллехь а чIогIа емал деш ду керла устаз лаьцначу оцу наха лелош дерг. Соьлж-ГIалара вахархочо Инуркаев Руслана, ша ца кхета элира оцу наха лелочуьнах. Иштта къамел дира цо цуьнах лаьцна.

Инуркаев: «3-4 де хьалха гина суна и видео. Со цецваьлларг ду, Нохчийчура дIа а бахна, ккхечу махкахь устазаш а лаьцна и нах лелар. Вахабисташ вайна деънарг а вайна гуш дара-кх».

2007 шарахь Урдане а вахна цIа вогIуш, Маршо радион корреспондент а тIеIоттавеллера оцу Касназанин мурдех волчу шина нохчочунна. Цхьаъ оцу видео тIехь верг ву, дуьххьара урс коьртах тоьхнарг, важа-гIодюккъе кхочуш месаш а йолуш, Жером аьлла тIеэцна лелош цIе а йолу Москохара стилист вара.

Москох дIакхачале кеман чохь, цушимма дехьа-сехьа а ваьлла дийцира шаьш тIелаьцначу устазах. Иза Иракъера ву, иза хIинца Урданехь вехаш ву, иза тIе а лаьцна вогIуш ву шаьшшиъ бохура цу шиммо. ЧIогIа дийхира шайн тобанех схьакхета бохуш. Ша санна стаге, Iаьрбочунга муххале а коьртах урс муха тухуьйту, бохуш хIинца а цец-акъ ваьлла висина ву Гуьмса кIоштера вахархо Рашидов Абусупьян. Цо иштта элира.

Рашидов: «ХIинца ас, я кхечо, со чIогIа а ву, ас хьуна коьртах урс тухура ду хьуна, аьлча, и нах соьх летта лийра бара-кх. Ма эхь ду иза дан а. Сан кхин дешна а дац цуьнах ала».

Шейх Касназани Нохчийчохь вевзаш а вацара. Иза дуьххьара устаз ву аьлла тIелаьцнарг ву Эвтарара халиф ву ша бохуш хилла волу Дениев Адам. Ала догIу, цуьнан кIант а вара лакхахь юьйцучу видеороликехь шайна коьртах урс тухийтинчарех. Цуьнан дас лелийнарг а карладолу дукхачарна. Рашидов Абусупьяна а элира цуьнах.

Рашидов: «Халиф ван гIерташ ву-кх цуьнах. Эвтарара иштта цхьа вара. Ша шена шаьлта тохахь, ша денвийра ву хьо аьллера. Кхин ден ца вира, шен Ялсманехь дика ду бохура цо. И нах совца ца бахь, уьш балане бевра бу вайна».

Оьрсийчохь хьан луу дин лело а, иза даржо а, цу юккъе нах бало а бакъонехь ду муьлха а вахархочунна. Нохчийчохь иза лелаш доцу дикка хан ю. Дукха декъана цунна реза а бац нах, амма оцу Касназани шейхан тIаьхьхIиттийнарш човхор тайна царна. Ткъа, кхеттий уьш? Схьагарехь ца кхетта! Мелхо а, майра къамел дора Зубайраев Асланбека хеттарш дечаьрга, шен букъа тIехьахь лаьтташ цхьа ондда ницкъ болуш санна.

“Маршо Радион” доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьаяийта: 420 724 019832

XS
SM
MD
LG