ТIекхочийла долу линкаш

Вице-премьера Козак Дмитрийс ша толлур ду аьлла, стенна лахдина Нохчийчоь меттахIотто хьажош долу ахча.

Шега «Новости» агенталло, Кадыров Нохчийчоь меттахIотто хьажош долу ахча лахдарна резавацар мел бух болуш ду аьлла, хаьттича, Козака аьлла: «Листа деза. Со Венехь вара, цIакхаьчча толлур ду, мохк меттахIотторан Iалашонаш мел кхочушйина».

Козака дагадаийтира агенталлаца къамелдеш, 2008-2009-чу шерашкахь пачхьалкхехь кризис яржарца доьзна Нохчийчоьнна кIезиг ахча делла хилар, ткъа цхьайолу программаш дIакъевлина а хилар. «Нохчийчохь программаш мел, муха кхочушйина талла деза, хIун ахчанаш хедийна, ца хедийна», - аьлла цо.

XS
SM
MD
LG