ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кутаевна тIехIиттина Ставрополера славянаш


​Кутаев Русланна тIехуттуш, Кадыров Рамзане дIахьедар дина Ставрополь кIоштарчу славянийн цхьаьнатохаралло. Цигахь, бахарехь, набахти чохь валлаш волу и юккъаралхо царна дика воьвзуш а ву, иза пачхьалкхехь дукху гIуллакх дина стаг ву аьлла.

«Кавказерачу къаьмнийн ассамблейн», президентан Кутаев Русланан тIехь кхел йолалучу хенахь, иза дукхачарна моьттина а хира дацара, цуьнах мел гIовгIа ера ю. Долчу хьоло гойту, оцу юккъаралхочуьнна орцанна, дукха нах баьхкинийла. Кутаев Русланан агIо а лоцуш, дIахьедарш дина Оьрсийчуьрчу политикаша а, партеша а, иштта, гIарбоьвлачу бакъоларъярхоша а.

Ткъа, хIинца, цхьанна а ца моьттучу агIора накъосталла кхаьчна Кутаев Русланан. Цуьнгхьа дIахьедар дина, Ставрополь кIоштерачу славянийн цхьанатохаралло. Цигарчу юккъаралхоша, Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнга Кадыров Рамзане дехар дина, цунна тIехь йолийна йолу кхел тидаме лаца аьлла.

Оцу боламан куьйгалхочо Легкобитов Георгийс бахарехь, Кутаев Руслан, пачхьалкхехь машарехь а, паргIатонехь а даиманна къйисам латтийна стаг ву. Иза, Оьрсийчоьнах а, цуьнан дозанехь а бехачу нахах дог лозуш стаг вуйла хаа шайна, цуо Славянийн боламехь диинчу къамелех, аьлла дийцина Легкобитов Георгийс, ша, хаамийн гIирсашна еллачу интервьюхь.

Ала хала ду, хIун жоп хира ду луларчу махкара юккъаралхоша кховдинчуьнна. Ишттачу хьолехь, шайга кхайкхам бича, Iедалхоша олу, пачхьалкхехь кхел цхьаннах а йозуш яц. Амма, тахана Хьалха-мартан тIерачу кхелехь, Кутаев Русланан, иза наркотикашца уьйранаш йолуш ву аьлла, буьллуш болу бехк, цхьанна а агIора нийсонца дац боху цхьа моггIа тергамхоша.

ТIаьххьара хиллачу процессехь, левира, бехк буьллучу агIоно валийна волу теш-Кутаев Русланан гергар стаг-Гихтара вахархо Бабатиев Сайта. Цуьнан кертара лаьцна дIавигнера юккъаралхо. Кутаев Руслан дIалоцуш хиллачу полисхоша, чIагIдора, иза, Iана юккъерачу баттахь, урамехь, маха а тоьхна, киснахь наркотикаш а йолуш дIалаьцнера шаьш аьлла.

И верси даре дан валийначу Бабатиев Сайтас, бахарехь, ша волчохь, хIума юууш Iаччуьра, кога йоьхна, шена совгIатан Италера еана тударагш когах а йолуш дIавигира иза. Кхел беламе йоккхуш санна, цуо хаттар а дина, гурана чохь валлачу шен гергарчу стаге : «Сан италхойн тударгаш мича яхьна ахь» аьлла.

Вукхо вела а велла жоп делла: «Са ма гаттаде Сайта, уьш талламан изолятор чохь ю» аьлла. Кхелан кхеташоне кхайкхина хилла, нарколог йолу Батукаева Луиза. Цуо бахарехь, Кутаев дIалаьцначулла тIаьхь, цунна биинчу талламца, цIийца наркотикаш хаа ца елла. Оцу кхеташонехь вара Кутаев Руслан коьртехь волчу «Кавказерачу къаьмнийн ассамблеийн» декъашхо Хизриев Iабдул. Цуо, иштта дийцира цуьнах лаьцна.

Хизриев Iабдул: «Оьрсийчоьнан кхелаш муха ю вайна хууш ма дай. Нийсо а, харцо а цигахь къастош яц. Русланийн процессах аьлча, суна хIара, мелла а кхел хета. Кхелхо нийсонна тIехь ву аьлла а ца хета, я бекх буьллу агIо ю аьлла а ца хета. Адвокаташ, и гIуллакх, «харцонан харш» чу ца догIуьйту, цундела, мелла а цхьа диканца иза чекхерг хиларна сайтисам бу.

Хизриев Iабдулас а даре до, Кутаев Русланан дукхачу меттигашкара оорца кхочуш ду аьлла. Амма, цуо чIагIдеш ца олу, оцу хIумно, кхел муха йоьрзуьйтура ю гойтура ду аьлла.

Хизриев Iабдул: «ТIейогIучу кхелехь, Русланан агIо лаца, кхуза богIура болуш дукаха а нах бу. Цара дина долчу тоьшаллаш, сан шеко яц, уьш, цуьнан бехк ца хилар гойтуш хира дуйла. Цундела, массанхьа а, Русланийн бала кхаьчна, и лазам болуш арадоьвла адамаш ду. Делахь а, вайна кхел а йоьвза, и кхелан система а йоьвза. Цу бахьанца, вахь а хиина кхузахь, Iад Iан-м ца вуьту».

Уггаре а беламе долу хIума оцу кхелехь, бехк буьллу агIо тIетовш ерг ду, боху Хизриев Абдулас. Кутаев Руслан воьвзучу массара а цхьа терра аьлча санна емал до, иза наркотикашца уьйра йолуш ву бохург. Мелхо а , иза, ша Iаччу меттехь, спорт айярхьам, дукха харж йина стаг ву, элира цуо.

Хизриев Iабдул: «Русланан деш долу тоьшаллаш, бакъ ца до, цкъа а мелла а воцу стаг, 60 шаре воллучу хенахь, наркотикаш кисанна а йоьхкина лелаш хилла бохург. Иза воьвзучара, цхьанна а агIора тIе ца дуьту иза. Руслан даиманна, кегирхошна а, шен нйисархошна а , могашаллийн дахар марздеш, хаздеш схьавогIуш стаг ву.

Шен кIоштехь, цуо кхоьллина спортан ишколаш ю, латархошна а, кхечарна а, гIирс оьцуш гIо дина цуо. Цуьнгахь наркотикаш хилар, цхьаммо а тIе ца дуьту иза».

Кутаев Русланан доьхьала долийначу оцу гIуллакхах, иштта резонанс хира ю аьлла моьттина а хира дац, оцу балхана тIаьхьа лаьттинчарна. Цхьаболчу эксперташна хетарехь, Iедалшна а оьшуш дац, сел леррина оцу хIуманна тIе тидам дерриге а дуьненна бахийтар, цундела, кхелан сацам, цунна тIера бехк боккхуш ца хилахь а, ма хуьллу кIеда хира бу аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG