ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"ВоIа дех жоп ца ло" баьхна зама дIаяьлла


Ши кIира гергга хьалха Веданна уллерчу Эшалхотехь бехачу КужуловгIеран доьзалера лачкъийра пхи стаг. Царех зударий а, къаной а дIахецна деношкахь. Амма каронза вуьсу пхоьалгIаниг – 28 шо долу Султанов Илес.

ХIун даьлла КужуловгIаьргара?

Стохка бIаьста 6 шо хан тоьхна, Басаев Шемалан тобанехь тIом бина аьлла, набахте хьажийра Веданан къоштан кхело Кужулов Iаббас.

Цуьнан ваша, вешин зуда, йижарий, воI а ду хьийзораш.

Султанов Илес,Iаббасан воI, пхийттара валале дуьйна схьа хьийзаво ницкъхоша да бахьанехь, лоцуш, дIахоьцуш, юха а лоцуш.

Пхеаннах виъ, 70 шаре кхоччуш лаьтта Кужулов Iилман, цуьнан зуда Iайшат, СултановгIар,ТIаус а, Марха а, дIахеццале вон кхаъ баьржира прессехь Нохчийчоьнан чоьхьарчу министраллан цIарх. Харачоьнна гергарчу хьуьнхахь мини тIехь иккхина, велла тIемало хилла цхьа стаг, лазийна герз къайладаьккхина меттиг цуьнга гайтийта вахана ши полисхо, аьлла.

Iедало ца яьккхира юьхьанца веллачун цIе. Ткъа тIахьо гучуделира иза Саратоврчу набахтера Нохчийчу а кхачийна, тIемалоша хьуьнхахь герз дIадиллина меттиг гайта вигина тутмакх Кужулов Iаббас хиллийла – Султанов Илесан да.

Кужулов Iаббасна, Iедал мел бакъ делахь а, харц делахь а, геннарчу набахтера схьа а валийна, хьуьнха виггинчохь валар нисделла. Ткъа стенна хьийзабо цуьнан гергарнаш, цаьргара даьлла зен-зулам а ца хилча, боху кху муьрехь диллина дIахьедарш даржочу бакъоларъярхоша.

Султанов Илесна орцахбевллачех ю Швецехь вехачу Тарамов Майрбекан дуьненанюкъара йозуш йоцу бакъоларъяран тоба а. Цо Оьрсийчоьнан Инарла прокуратуре а, Талламан комитете а дIахьедар дина Кужулов Iаббасан кхалхар а, цуьнан воI вар а таллар доьхуш.

«Низамхоша 2004-чу шарахь дуьйна, да тIамехь хилла хиларца доьзна, вуьгий, тIехь ницкъ беш, хьийзаво Султанов Илес» - боху Тарамов Майрбекан тобано шен дIахьедарехь.

Оцу тобано тоьшалла дарехь, жимчу стеган гергарчара 2009-чу шарахь, масала, Соьлж-ГIаларчу бакъоларъяран «Мемориал» центре дехар дина хилла кIант ма хьийзавайтахьара аьлла. «Тхо ца кхета, Илесера хIун оьшу низамхошна, иза жима бер дара цуьнан да хьаннашка дIавоьдучу заманахь. Жимачу цуннна хала ду лан шена бен Iаткъам, кхоьру иза хIаллакхиларх. Илеса ша рогIехь лаьцча элира, «уьш со а хьунхарчу тIемалойх дIакхетийта гIерта, иза дийр дац ас».

КужуловгIар шайн доьзалшкарчу божарех баьхна махкахь лаьттинчу тIемаша. Деношкахь иккхина Iаббас а санна, тIамехь дакъалацарна цуьнан ваша Эмир-Хьасан а хьажийра, 5,5 шо хан а тоьхна, набахте.

Султанов Илес хIинцца мини тIехь иккхинчу Iаббасан цхьаъ бен вац воI. «Йижаршна а, нанна а гIортор ю иза. Амма … хууш дац цкъачунна, маца иза дIахоьцур ву вигинчара, стенга вигина, дийна ву я вац», - боху Оьрсийчоьнан урхаллашка дIахьедар динчу тобано, шен декъахь Политковская Аннин фондан куьйгалхо Пупко Виктория а, Эстонерчу бакъоларъяран боламан жигархо Пладо Майю а, Францерчу дуьненаюкъарчу «Машар а, адаман бакъо а» цIе йолчу боламан президент Ибрагимов Сайд-Эми а, цхьацца хаамийн гIирсашкара журналисташ а болуш.

Маршо Радио зIене а яьлла, дийицийта гIоьртира КужуловгIарех дерг мелла а алсам хьехочу вежарех карарчу хенахь дозанал арахьа вехачу цхьаьнга – Собар-Iелига. Амма цунна маьIна ца гира, бакъоларъярхой орцахбевлла а лелаш, лаьцначу пхеаннах виъ дIахецна а волуш, тхоьца къамелдан.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG