ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Марафоне Iаьржа спортан мачашца


Iедалан хаамийн гIирсаша дукхе-дукха чIогIа кхайкхош ду кху беттан 16-чудийнахь Устрад гIалахь Кадырова Аймани цIарх хIинцца дина даьккхина, керла маьждиг а, «Аргун-Сити» цIе тиллина, 8 вуно лекха гIишло схьаеллар а. Цу дийнахь лаккхарчу тIегIанахь кхерамазалла хилийта, инарла майор Алаудинов Апти коьртехь кхоьллина штаб ю.

Цу дийнахь къепе а, юкъараллин синтем а ларбан сакхоне бехна бу чоьхьарчу гIуллакхийн министараллин лерринчу дакъойн эзарнаш декъашхой а, оццу урхаллин куьйга кIелахь болу тIеман эскархой а. Официалан кхайкхорца къаьсттина церан тидам-тергонехь латта безаш бу Соьлжа-гIалара Устрад гIале кхочу коьрта некъ.

тенна аьлчи цу новкъаца, кху стигал къекъачу беттан 16-чу дийнахь дIахьуш ю «ДагтIера даг тIе» цIе йолу марафон. Iедалан гIирсаша чIагIдарца лаам мел болчеран таро ю цу къовсадаларехь дакъалаца. Цигахь луш даккхий совгIаташ хиларна лаам берш , схьагучу суьртехь, дукха бу.

Бакъду, Iедалехь болчарна уггар хьалха лууш дерг, цу довдарехь дакъалоцучу спортахой дукхалла яц, и некъ маббу дIахIиттинчу адамийн дукхалла ю. Марафонан йохалла ю Соьлжа гIалин доккхачу маьждиг тIера Айманин цIарахчу Делан хIусме кхаччалц.

Цу некъан бохалла латта а, байракх –хIума а ластош, оьшучохь мохь-цIогIа хьакха а,хьашто хилахь бовдийта дIаузуш бу цу метте Iедалан балхахь мел болу бахархой:лоьраш а, хьехархой а, тайп-тайпанчу доьшийлашкара кегийрхой а, кхиболу гIуллакхъхой а. Цигахь дакъалаца генарчу кIошташкарчу хьехархошна а,лоьрашна а тIедоьжна Iуьйранна пхиъ даьча гIовттара а, леррина цу хиламна аьлла, тIеюха цхьацца бедар-мача эцар а.

Масала божаршна сийно бос беттало спортан хеча а, тIехь йоза доцуш кIайн футболка а, кроссовкаш олу Iаьржа мачаш а. Стенна оьшу билггал Iаьржа мача я сийна хеча хууш дац. Хьехархойн гонехь йоккхачу гIовгIанца дийцаре деш ду керла хьалха хIиттийна декхарш а, кхана-лама кхин хIун дагадогIур ду те Iедалдайшна бохург а.

Хьехархой дукха болчохь къамел дийраш дукха хиларна, юьстах а ваьлла,марафон хьокъехь сан хеттаршна жоьпаш делира, Теркайист кIоштерчу, цу кепарчу даздинчу хьелашкахь дIахьучу хиламашкахь дуккхазза а хилла волчу хьехархочо Ризвана.

Ризван: « Марафоне воьдучунна тIехь йоза доцу кIайн футболка а хила еза,Iаьржа кроссовкаш а ,сийна спортан хеча а. Новкъахь дIахIитта даха дезаш ду. галстукаш а йихкина товр ма дац. Нагахь яцахь хьехархоша а, лоьраша а шайна эца еза-кх. Директорша «Газель» машенаш а лецна, дIадуьгуш ду-кх.

Iуьйранна пхи сахьт даьлча дуьгу, 8 даьлча цигахь хила деза дела. Хьалххехь билгалйинчу метте дIа а хIиттина а куьйгаш лестадахь а.маьхьарий хьекхахь а –цара бохург а дина схьадогIур ду-кх тхо».

Кху беттан 16-чу дийнахь Устрад гIала боьдучу некъаца дIахIитта безарш а, бовда кхаъ бевлларш а мух-мухха а кховчуш бац, Iедалехь болчара тIех мехала лоручу хиламе. И де тIекхача масех де хьалха, боьдурш къаста а бина, муьлш, мича ишколера, юьртара бу, маца бина, мичахь дешна, ишта кхин а дIа а, хаамаш дIабахьийтина хьалххехь. Кхузара гуш ду мел тидамехь латтайо Iедало баккхийбеш дIагуллур болчу бахархой а, кхайкхина богIур болчу беза-баккхийчу хьеший а кхерамазалла.

ХIинца дуьххьала а доцуш, ишта даздарш хилча, оьшучул а шозза а, кхузза а сов адам тIеузу маьхькIамхоша, сов хилар гIолехь ду ца тоьуш хуьлчул бохучу маьIнехь. Изза хила тарло I6-чу дийнахь аьлла шеко ю цхьаболчу бахархойн.

Стенна аьлчи хийлазза а зеделла хIума ду, массо гIуллакх а дIа тесна Соьлжа гIала дIаоьзна Iедалан белхой, нехан кхачо хилла, кхин тIе ма бахкийта боху бохуш, новкъара хьеший а хилла, юхаберзийна. Ала дашна, ахча мичара дала деза бохург хьеха а ца деш, адам цига кхачор а нисдеш де меттигерчу хьаькамийн чоьтах.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG