ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Маьждигаш долуш ду, иман хилчхьана


Нохчийчоь -- Орган чIожехь гуш ду маьждиг, 29Охан2013
Нохчийчоь -- Орган чIожехь гуш ду маьждиг, 29Охан2013

Карарчу хенахь гIала-м йийца а эшац, цхьа юрт каро хала ду Нохчийчохь товш, куьце ирхдахна, маьлхан серлонехь лепаш мимра а йолуш, маьждиг доцуш. Схьагарехь, сила-а йолчу, йоккхачу Оьрсийчохь цхьа регион хир яц кхузахь санна дукха а, тIехь бIаьрг соцуш, куьц-куьце хаза дина а Делан цIенош долуш.

ХIора а эвлахь дина а, деш долу а маьждигаш доцуш, махкахь долчу массо некъашца, ур-аттал ярташ йоцчохь а, кечйина ю, ламаз эца таро йолуш, фарз кхочуш дан меттигаш. Иштачу хIусмашкахь мел оьшуш дерг куьйга кIел ду, дагна хьааме цIано биста кхаччалц.

Бакъдерг бакъ хила деза тахана махкахь, бен-бечу кIошт-ярташкахь, хьаладеш ду лаххаре а иттех маьждиг. Хьалха-Мартанан кIоштан Гихтахь дан долийна жигара хьаладуттуш ду, 5 эзар стаг чутарлуш доккха маьждиг.

Официалан кхайкхорца иза дукха хан йоццуш ТIехьа-МартантIехь дина даьккхинчу Белхороев БатIал-Хьаьжин цIарахчу маьждигах тера хир ду. Цхьа шо зама ялале чекхдоккхур ду боху муфтиятан хьостано Гихтара Делан цIа.

Соьлжа-гIалин Ленинан а, Старопромыслан а кIошташкахь а догIа долийна керла маьждигаш. Iедалдайша билгалдаккхарца и ши кIошт адамийн юькъалла йолуш хиларна сацам бина, Далла Iамал ечеран аьттонна керла даккхий маьждигаш дIахIитто.

Цхьа бутт хьалха баккхий хийцамаш бан болийна Теркйист кIоштан ЧIурга юьртахь а. Кху тIаьхьарчу ткъех шарахь йоккха базар лаьттина меттиг - цIенош, рагIош, кхийолу гIишлош йохош, хьаьккхина дIа а шарйина, цигахь а дан долийна, Хаджиев шайх Iаббаз цIарх, керла Делан цIа. Iедалхоша чIагIдарца,шайх Iаббаза жигара дакъалаьцна шен хенахь махкахь бусалбан дин даржош а, чIагIдеш а.

Хьалхалера базар дIанехьа а яьккхина яссийначу меттехь, цхьанаметта ши эзар стаг тIеэца таро луш , йийр йолуш спортан комплекс а боху кIоштан гIантдас Куцаев Шамала. Цо дийцарехь маьждиг а, спортан гIишло а йина ер ю карара шо юьххье долуш.

Цу кеппара керлачу маьждигна бух ботта болийна Соьлжа-гIалин кIоштан Чечана эвлахь а. Дан долийначу маьждиган цIе тиллина цигга юьртахь ваьхначу моллин Чимаев Дукин.

Официалан чIагIдарца ерриг кIоштана а юьхькIам болуш, безамехь хир ду Чечанара Делан цIа. Цуьнан цIе тиллинчу моллин Чимаев Дукин лерамна фундамент буха ботт –чкъуьйриг йиллийтина цуьнан кIентан кIанте Дукаев Вахите.

Герггарчу беттанашкахь дина доккхуш ду, «хай-тек» хотIехь деш долу, лаккхарчу тIегIанан кхерамазалла йолу Устрад гIалин коьрта маьждиг. Iедалдайша дозаллица хааме доху таханлерчу лехамашна, технологи - таронна жоп луш Оьрсийчохь и саннарг кхин маьждиг цахилар.

5 эзар стаг чухоьуш маьждиг ду деш Гуьмсан кIоштан Керла Беной юьртахь а.

Нохчийчохь керла –керла, цхьаъ вукхал хаза, маьждигаш дIахIиттор товш берш дукха я кIезиг бу ала атта дац. Бакъду, уьш бахьнехь шаьш-шайга хеттарш а луш, ахкаме буьйлурш а бац кIезиг. « И маьждигаш дукха мел ди а лакхадолуш делира Iедалехь болчеран а, юкъараллин а ийманалла а, бусалбалла а»,- боху цхьаболчара.

«Нийсонан, бакъонан, адамаллин гайтам белира и Делан цIенош»,- аьлла хеташ бу цхьаберш. «Уьш деш ду-кх дика,цхьамма а шеца кисна а доьхкина дIах хьур даций уьш «,- аьлла хетта кхечарна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG