ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн полици Кавказ къаръян йоллу


Нохчийчоь - Нохчийчоьн полици Толаман Дийнан гайтамехь, Соьлж-ГIала, 09Сти2012.
Нохчийчоь - Нохчийчоьн полици Толаман Дийнан гайтамехь, Соьлж-ГIала, 09Сти2012.

Луларчу республикийн дозанца долчу латтанаш тIехь а гIаттамхошна дуьхьал тIеман операцеш дIаяхьа кечлуш ю Нохчийчуьра ницкъаллин структураш.


Официалан чIагIдарца, нохчийн ницкъаллин структураша, дийнахь а, буса а сацам боцуш, лоьхуш бу махкахь гIаттамхой а, церан агIончаш а. Хаддаза дIахьош ю царна дуьхьал тIеман операцеш.

Низамхойн буьйранчаша кхиаме а лоруш, иштта операци дIаяьхьна кху деношкахь Гуьмсан кIоштаца доза долчу ДегIастанан Новолакскан кIоштарчу Тухчар юьртана гергахь. Шина мехкан низамхоша цхьаьна дIаяьхьначу цу операцехь герзаца дуьхьало ян гIоьртина ши тIемало вийна.

Официалан хьостано билгалдаккхарца, вийначех цхьаъ 35 шо долу Абдурзаков Зураб Новолакан кIоштан гIаттамхойн баьччанех цхьаъ ларалуш ву, шолгIаниг 21 шо бен доцу жима стаг Аштаркхан кIоштера вахархо Исаенко Валерий ву, бусалбан дин тIе а эцна, тIом бан веана волу.

Ала догIу, Нохчийчохь кест-кеста дIахьош тIеман операцеш елахь а, дукха хьолахь ницкъаллин структурашна эшам хуьлуш йоьрзуш ю уьш - герзаца тохар а дой, вер-ваккхар а дой, гIаттамхой хьаннашкахь къайла а бовлуш. Цунна маситтаза а тоьшаллаш карийна кхушара а.

Герзаца цIеххьана тохар а деш, гIаттамхойн къайлабовла каялар низамхой буьйранчаша дузу тIелатар динарш ДегIастанан, я ГIалгIайн мехкан дозанна дехьа а буьйлуш, цигахь цхьана ханна хьул а луш,хене бийларца. Вуьшта аьлча, нохчийн полицин урхалло кхеторца, махкахь зулам-талораш деш болу гIаттамхой луларчу республикашкахь шайна тхов-Iойлеш а нисйина, юкъ-кара тIелетарш а деш Iаш бу.

Чоьхьарчу гIуллакхийн министараллин хьостано гIардаккхарца, тIемлошна когаш кIелхьара латта дага дукха хан ца йисина. «Луларчу мехкашкахь а дIахьор йолуш ю царна дуьхьал тIеман операцеш. ХIинццалц схьа бIаьсте-аьхкенан муьрехь, цара шайн могIарш тIе а дузуш, жигаралла лакхайоккхура. Амма кхушара оха царна, ницкъаш гулбан а, чу садан а ца буьтуш, хьалххехь тохарш дийр ду»,- аьлла, дIахьедар хааме даьккхина полицин урхаллехь.

Iедалан лаккхарчу тIегIанахь а къаро а еш, карачу хенахь Нохчийчохь герзаца дуьхьало ечарех, угар кхераме лоруш ерш, цIера Веданан кIоштан Эластанжара Гакаев Хьусайн а, Муслим а коьртехь волу гIаттамхойн тобанаш ю. «Уьш низам а долуш, тIамехь яхчаелла, герзаца кхачо йолуш тобанаш» ю, боху официалан хьостано. Церан, вежарий ГакаевгIеран, омрица, мотт-эшарца дина лору Iедалдайша ши шо хьалха ЦIоьнтара юьртана дина тIелатар а, 2009-чу шарахь Соьлж-гIалахь шаьш а леш, бала арабевллачу наха, низамхошна дуьхьал дина цхьамогIа лелхийтарш а.

Лакхахь хьахаделла вер-ваккхарш а, гIаттамхойн дуьхьало къарьян Iедало йоху гIулчаш а йоцуш, кху деношкахь махкахь гучуяьлла тIаьхьалонна хьуламехь латтош хилла масех герзан къайленаш а. ТIехьа-Мартанан кIоштан СемаIашкана гергахь карийначу къайленна чуьра схьаэцна 4 мина а, гранаташ а, масатоьпан патармийн яхкаш а, кхо бIе сов патарма а.

Цул йоккха елахь бен, жима йоцуш, герзан къайле гучуяьлла ШуьйтIан кIоштан Хьорсанна юххехь а. Цу чуьра схьаэцна патармаш а, хIоьънаш а, кхийолу тIеман коьчаллаш а. Талламхоша дийцарехь, и тIаьххьара герзан къайле йиллинарш шиъ хилла: Бачаев Аслан а, Матаев ИбрахIим а. Уьшший а вийна стохка Iай леррина тIеман операци дIахьош.
XS
SM
MD
LG