ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТIеман гIара алсамъяьлла Нохчийчохь


Нохчийчохь ракеташ етташ ду кема, 2002
Нохчийчохь ракеташ етташ ду кема, 2002

Нохчийчу хьийсаде тΙеман хΙаваъкеманаш совдовларо шекбоху бахархой, Москохарчу Ιедалша юхаденъеш йолу Къилбаседа Кавказера контртерроран раж шайх ца хьакхалуш юьсург цахиларх. Лаьмнашна тΙееттачу бомбанийн а, ракетийн гΙара алсамъяларх лаьцна тоьшалла до Веданан а, Нажи-Юьртан а, Шуьйтан а кΙошташкарчу бахархоша. Нохчийчоьнах тΙом юхаденбар хьакхалур дац ТΙеман министралло бахахь а, тΙом марсаболуш хилар го цигарчу нахана.



Къилбаседа Кавказан цхьаболчу мехкашкахь гIаттамхошна дуьхьал тIеман операци карлаяккхарца дузу цхьаболчу бахархоша кху тIаьхьарчу муьрехь Оьрсийчоьнан эскархоша хIаваакеманех а, беркеманех а, яккхийчу тоьпех а пайдаэцар. Кху деношкахь къаьсттина сих-сиха а, карзахе а хьийзачу кеманийн гIовгIанаша, лерса къардеш, хьеребина, ладегIамехь кхобуш бу ломан кIошташкахь беха нах. Цу, дуьне къардан санна, хIаваъ этIош, дIасаяьржачу гIовгIанах хьалха бовлуш бац ур-атталла аренан ярташкахь болу бахархой а.

Делахь а Ножай-юьртан а, Веданан а кIошташкахь бехачу наха даре до, лакхахь, лаьмнийн кIоргенехь, Итум-Кхаьлла йолчу агIор, чудеттачу ницкъалчу герзийн татанаш хазар доцург, шайна кхоьссина хIумма а яц бохуш. Бакъду, ишта цара къаро а йо, геннахь дуьйлучу татанаша кораш дегош, тIехула хьийзачу кеманаша садууш, хIинца хIун хила доллу-те бохуш, амал-гIад дайъина шайн бохуш.

ХIаваакеманаша а,беркеманаша а тIеман кеп-чулацам болу хиламаш карлабахарал сов, шен рожехь санна дIадоьдуш ду Нохчийчохь герзаца юкъаметтигаш къестор а, бахархойн лецар а, герзан къайленаш карор а. Кху беттан 9-чу дийнахь, геннара маса тоьпаш а йиттина, эскархошна тохар дина 4-5 стагах лаьттачу гIаттамхойн тобано, цхьанна чевнаш а еш.

Полицин урхаллин хьостано Iорадаккхарца, кху беттан 10-чу дийнахь сатесчахьана карладаьккхина ницкъаллин структураша Нажи-Юьртан кIоштахь герз диттина тIемалой лахар. ТIеман хьостано билгалдоккху, тIемалойн хила тарло меттиг гоне лаьцна хилар а, ишта царна къелхьарбовла некъаш дихкина хилар а.

Ала догIу, кхо-диъ де хьалха Веданан кIоштахь а, кIелонна йоьллинчу оьккхург тIе а нисвелла, лазийна ши эскархо тIеман лазарне кхачийна хилар. И тIематасадаларш доцуш, Устрада-гIалин цхьана тIекIелдинчу цIенон хIусамехь герз, дуккха а эккха кхерам болу хIоъ-молха а карийна низамхошна.

Официалан хьостано билгалдоккху, и герз гучудаьллачу дийнахь Устрада-гIалара хьал-де хаа, бIаьргаIуналла дан, цига мехкан куьйгалхо веъна хилар. Цу хьостано тидарехь, и герз Кадыров цига веъча, цхьа талор деш, пайдаэца латтош хила а сахьт дац. И а, кхин а шеконаш зуьйш, и дIаIалашдина латтийнарг мила ву къастош талламаш болийна говзанчаша.
XS
SM
MD
LG