ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

СагIадоьхургаша яьккхина Нохчийчоь


Нохчийчоь. СагIа доьху зуда.
Нохчийчоь. СагIа доьху зуда.

Кхузткъа гергга сагIадоьхург дIалаьцна цхьана дийнахь Соьлж-ГIаларчу цхьана Заводан кIоштахь. Иштта жамIаш ду царна дуьхьал махкахь болийначу белхан. ДIалецнарш, берриге а аьлча санна, Азерчу пачхьалкхашкара бахархой бу. Дуккха а бераш ду царца схьалецна.

И болх республикин кхечу дакъошкахь а дIахьор бу. Цхьацца хаамашца иза болоран бахьана ду кху шарахь махка дуккха а туристаш а, хьеший а бахка мегаш хилар.

СагIа даларна чIогIа тIера белахь а, хIетте а уьш махках баха безаш хиларна тIетов юкъараллехь а. Дахарехь цхьа холчухIоьттинчуна гIодар ша ду, ткъа сагIадехарх болх бина лелар кхин ду, аьлла дийцира Соьлж-ГIалин вахархочо Акаев Шамсуддис: "И сагIадоьхурш хIума оьшуш арабевлла бу аьлла ца хета суна. Ас хийлазза такси тIехь дIасабигна уьш. Уьш шайн цIахь белахьара дика хир дара. ТIаккха, билггал сагIа оьшурш гур бара вайна".

СагIадоьхучара нахана ечу новкъарлонех дуьйцу Ибрагимов Султана: "Цкъа а Нохчийчохь сагIадоьгIурш хилла бацара. ХIинца цкъа а хилла доцу хIуманаш хуьлуш ду вайна. Хьо базар водахь а, дIаваха а ца вуьтуш дуьхьал лелха сагIадоьхурш. Дукха баьржина уьш Нохчийчохь".

Хийла стагана гина сурт ду, масала базарахь, нах дукха хуьлучу меттигехь лаьтта хиина Iаш сагIадоьхурггий, цуьнан карахь дIа а хьарчийна беррий. Цкъа а и бер доьлхуш, я гIар-тата деш ца хуьлу. Акаевн шеко яц, цара гIовгIа ца яйта оцу берашна наркотикаш яош хилар.

Акаевс дуьйцу: "Хьовсийша, церан карахь долу бераш тап-аьлла, гIовгIа а ца еш, Iаш ду-кх. Цара дукхачу хьолехь наркотикаш тухий латтош ду-кх уьш гIад-амал ца дайъийта шайн. Цхьаъ делча, кхидерг схьаоьцу".

Соьлж-ГIаларчу къаночо Гехаева Забус ша а ца вохуьйту боху сагIадоьгIург шен неIарга веъча цунна цхьаъ ца луш. Хьалха кампет, печени а схьаоьцура боху цара, ткъа хIинца туьманах а ца беша, пхи туьма ло бохуш.

Цу хьокъехь иштта элира цо: "Марахь цхьаъ хуьлу, уллехь кхин а хуьлу. Печени, кампеткховдайо, хIан-хIа "деньги, деньги" олу. Сан а ма дац царна дала ахча. Туьма кховдийча, пхи туьма ло олу. Газель машена тIеяьлча, цу чуьра наха а сагIадоьхучарна ма кIордийна-кхшу аьлча, цига нах тIекхойкхучу зударша церан бехк-м бац олу. Сарралц цаьрга сагIа а доьхуьйтий, цаьргара и ахча схьадоккхуш дерг Iедал ду боху. Цундела доьху боху цара ахча".

СагIадоьхучарца къийсам дуьххьара болош бац Нохчийчохь. Махкал арабохуш, юха цхьажимма хан яьлча чубогIу уьш. Йоккха шеко ю уьш арабахахь а, уьш юхабахкарна. Дика сагIа луш болу мохк цара атта дIахоьцур бац.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG