Адамашлахь цабезам баржош ю, аьлла, 16 интернет-хьоста провайдершка дIакъовлийта Ленинан кIоштан кхеле дехар чуделла Нохчийчоьнан Прокуратурано.
Цуьнан пресс-гIоьнчалло бахарехь , бусалбанийн дог-ойла човхош йолчу материалаша къаьмнийн юкъаметтигаш талхайо, гамонаш кхуллу. Ткъа иштанаш шена карийна интернет толлуш, боху прокуратурано.