ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Керлачу прокуроро низаме балоррий те и доцуш берш?


Нохчийчоь -- Нохчийчоьнан керла прокурор Абдул-Кадыров Шарпудди, 27ГIа12
Нохчийчоь -- Нохчийчоьнан керла прокурор Абдул-Кадыров Шарпудди, 27ГIа12

Нохчийчохь духхьара нохчо хΙоттийна мехкан прокуратурана коьрте. Хьалха мел баккхий луьйцанаш цигарчу прокурорна Савчин Михаилна бохуш хиллехь а, прокуратура яьхьаш яцара махкахь къайллаха нах лечкъочу тобанашна ма-оьшшу дуьхьаллатта. И далхадора дуккхаъчу бакъоларъярхоша. ХΙинца веъначо, нохчочо, хΙун хийцамаш бийр бу оцу хΙуманна тΙехь, ладоьгΙу дуккхаъчу наха.



Нохчийчохь коьрта прокурор лаьттина Савчин Михаил Красноярск кIоште хьажийча мукъабаьллачу метте дуьххьара вайнехан стаг хIоттийна - дIавхначун хьалхара гIовс лаьттина Абдулкадыров Шарпудди.

Иштта Теркйистан прокуратурехь а хийцина оьрсийчух нохчо, цигахь куьйгаллехь ву хIинца Асабаев Мохьмад.

Мел башхалла йолуш, муьлхачу хотIехь дIагIур бу нохчо коьртехь волчу мехкан прокуратуран болх бохучу хаттарна хено жоп лур ду.

Кху деношкахь Iорадаьхначу жамIашца, хIумма а лахара дац мехкан прокуратуро исс баттахь бинчу белхан жамIаш.

Iедалан мукъ карахьболчаьрга, бен-бечу тIегIан маьхькамхошка, низамаш талха ца дойтуш, шайн даржех пайда а оьцуш, харцо-хьарамлонаш ца лелайойтуш, кхаьънаш ца оьцуьйтуш, само еш схьабогIу инарла прокуратуран белхахой, боху цуьнан шен хьостано дIасабаржинчу хаамехь.

Прокуратуро билгалдоккху, ша къахьоьгуш, пачхьалкхан структурашкахь йолу коррупци эшо леррина кхоьллина говзанчийн тоба хилар а, оцу тобано вуно лерина, хьаннал шен декхарш кхочушдеш хилар а. Цуьнан хьостанаша дийцарехь, кхушара Нохчийчохь гучудаьккхина 7 эзар сов федералан низам талхор, ткъа стохка и гайтам ца хилла 4225 кхочуш бен. 962 -за хьаькамаш жоьпе а ийзийна прокуратуро. Иштта долийна царна дуьхьал 81 бехк-такхаман гIуллакх а.

Цу леррина кхоьллинчу тобано, кхидерг доцуш, коррупци эшорехь шен тидам тIе а бахийтина, боху хьостанаша, жигара болх дIабаьхьна ницкъаллин структурашлахь а. Тобано гучуяьккхина 17 харцо- хьарамло, низам талхор, стохкалерчу иттаннан метта.

Кхушара шен гайтамаш сел бIаьрла хилар данне а доьзна дац, боху прокуратурехь, Нохчийчуьра креминалан хьал лакхадаьлла, зуламаш совдевлла бохург. ХIан-хIа. Низамхоша чIагIдарца, и доьзна ду мехкан прокуратуро белхан само лакха а яьккхина, низам лардайтар тергоне эцар, Оьрсийчоьнан куьйгалло а, инарла прокуратуро а билгалдаьккхина ма-хиллара.

Нохчийчоьнан прокуратуро тIаьххьара Iорабаьккхинчу хаамца, кху муьрехь низамхоша тидам-тергоне а эцна, зуьйш бу некъан низам лардечу ГИБДД олучу урхаллин болх. Махкахь некъахьовзамаш дукха хиларна, боху цуьнан хьостано, иштта талла долийна машен лелон бахархошна бакъонаш яларан гIуллакх а.

И болх тешийна прокуроран лакхарчу гIоьнчанах Ананченко Дмитрийх а, федералан низам лардойтучу декъан лакхара прокурор волчу Мелконов Олегах а. Официало билгалдоккху, оццул тешам белла ши низамхо коррупци Iорайоккхучу тобанан декъашхой хилар.

Некъан низам лардечу урхаллехь зераш дар мел кхиаме дIадоьрзур ду боху хаттар диллина лаьтташ ду цкъачунна. Хууш ма-хиллара, цу урхаллин хьаькам ву мехкан куьйгалхочо уггаре лакхара тешам беллачу вежарех ДелимхановгIарах цхьаъ.

Кхин дIоггара хьулам беш хIума а доцуш, могIарерчу нехан биста кхаччалц кхузахь дукхахболчарна хууш ду, машен хахка бакъо яккха мел хан еза а, токхам хIун барамехь бан беза а. Вайнахана тамаше хIетал-метал хетарг ду прокуратуран белхошна и ца хаар а, харцонаш лелон меттигаш шайна тусалахь, хаам бахьара бохуш, цара махкахошка дехарш дар а.

Делахь а тахана прокуратуран коьрте вайнехан стаг хIоттийча, цхьаберш дегайовха бу Нохчийчохь низам лардарехь, Iедалехь болчаьрга хьарамлонаш ца лелаяйтарехь махкахь дикачу агIор хийцамаш хир бу аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG