ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шалха ду Нохчийчохь беллачу десантхойх дуьйцурш


Кхаарийдийнахь Псков-ГIалахь базбира Нохчийчохь тIехсов майралла гайтина боху 6-чу ротера эскархой. Цара, 17 шо хьалха дуьненаюккъера террорхошна дуьхьала а бевла, шайн синош ца кхоийна бохуш дозаллийца дийцира хиллачу эскархоша а, Iедалхоша а.

Ткъа, ма дарра хилла сурт, Iедалан пропагандо ма дийцара хилла доцийла хууш ду. Нохчашна а хаьа, цигахь хилла, дийна бисинчарна а хаа.

Амма цаьрга "дIалакъа" аьлла. Иза далле, цара шаьш еллачу кIезгачу интервьюшкахь харц до дуьйцу дуккха а хIума. Масала, realisti.ru олучу сайтан еллачу инервьюхь Сергей Ш., аьлла шен фамили гIар ца йоккхучу эпсара, Улус-кертана уллерачу лома боьххехь хиллачо, хаам бина, цигахь беллачу оьрсийн эскархойх кхозлогIа дакъа шайчара геннара минометаш йиттина байинера аьлла.

Оцу тIеман тобан коьртехь хиллачу подполковника Евтюхин Марка, ша зIене а ваьлла «тхуна тIетоха герз» аьлла дехар дар а бакъ дац боху, ша а оцу хенахь рацица цаьрца зIе латтийначу Сергей Ш-с. Мелхо а, цо ма хуьллу денна а нанна а баьхна Ханкалахь болчу инарлашна, ша а шен куьйга кIелахь болу салтий бойуш хиларна.

ХIета Нохчийчохь долчу тIеман декъан баьчча хилла инарла Трошев Геннадий а, лечу шен салташна дан гIо долуш ца хилла. Оцу хенахь, массийта де хилла иза, Мазлакъехь эцначу къаьркъанах дIовш а даьлла дарбан хIусамехь. Иза а даре до, шен интервьхь Сергей Ш-с.

Шайн агIора, нохчийн юкъараллехь Улус-кертана уллехь белла салтий турпалхой хеташ дукха нах бац. Уьш, масала, майраллица белла хилча а: цхьаберш ира а бохуьйтуш, вуьйш, ша берш террорхой бу а бохуш кхайкхора нийса ца хета Соьлж-ГIалара вахархочуна Гайтаев Валидан. Низаман агIора а харцонаш го цунна оцу къестамашна юккъахь.

Гайтаев: «Оьрсийчоьнан пачхьалкхан юккъедоьдуш халкъ ду нохчийниг. ТIаккха, иза ишта хилча, ночхашца тIом бинарш турпалхой бу бохуш дуьйцуш хилча, вежаршна юккъахь хилла тIом бац иза?»

Оьрсийн эскархоша Нохчийчохьт гайтина бохучу турпалалла меттигерачу юкъарална ларар тIедожош хиларна реза боцурш кIезга бац махкахь. Дагадоуьйту, оцу Псковера эскархойн сийна аьлла цIе тиллинчу Соьлж-ГIалара урамера пена тIетоьхна у каг а деш дIадаьккхинера маситтазза. ТIамах лаьцна йогIучу кинош чохь санна, дахарехь а хилла бохуш, Оьрсийчоьнан юкъарална коьрта чудиллина пропагандо, аьлла шен цуьнах хетарг довзуьйту юкъаралхочо Магомадов Хуьсейна.

Магомадов: «Цара и кинош а йохуш санна аьшпаш а ца биттахьара дика дара. Оьрсийн эскархоша шаьш байина уьш. Вайна хууш ма ду. 20-30 стага тIемалоша, дийна эскарна дуьхьало а еш, тIом бина схьадогIуш дац хIара?».

ХIинца санна, тIом бина ши агIо вовшашна дуьхьал а хIоттош, цхьаъ охьа таIош, важа-язъяро хIумма а дика болх бахьара бу аьлла ца хета Гайтаев Валидан. МостагIалла дIа а ца долуьйтуш, леррина латтош санна ду иза, элира цо.

Гайтаев: «ТIом боьдуш цхьана тIемалочун дуьхьал 100 -150 эскархой а болуш дацара иза? Уьш а ма бийца, вуьш ма бийца. Нагахь санна 6 ротера берш къонахи бара. Ткъа вуьйш террорхой бара бохуш дийцар суна нийса ца хета. ТIом а боьрзур бац, машар а хир бац иштта хилахь. Барт ца хилийта лелош хIума ду иза».

Еарийндийнахь, Псков-гIалара эскархой базбар Нохчийчу а кхочура ду. Улус-кертана уллерачу лома буххьехь, уьш беллачу меттехь массийта метар лекха а тIулгех дина жаIар хIоттора ду. Нохчийн Iедалша, шена тIелаьцна, иза дийнахь а буса а лардан.

XS
SM
MD
LG