ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Псковерчу десантхошна ЖIар хIоттийна Улус-Кертахь


Нохчийчохь 2000-чу шарахь тIамехь беллачу Псковерчу десантхошна ЖIар хIоттийна еарийдийнахь. Оьрсийчоьнан эскарех дуккха а гIелонаш лайначу нохчийн цхьана декъанна ца тайна Iедалан и гIулч.

Кхо метр ца кхоччуш лекха а, итт тонн беза а бу жIаран кепехь кечбина хIоллам. Улус-Кертана уллехь лаьттар бу иза. 300 сов адам дара тахана Iуьйрана цигахь гулделла. Iедалан дайшна а, инарлашна а юкъахь бара шортта, оцу гутIехь 17 шо хьалха беллачу эскархойн дай-наной а, церан бераш а. Оьрсийчоьнан гимнца, деза хабаршца базбора белларш.

Хьалхара дош элира Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзана. Цо 2000-чу шарахь Улус-Кертана уллехь хиллачу тIеман тасадаларехь белларш хьахош билгалдаьккхира нохчийн къам хIаллакьдан болийна бара тIемаш аьлла. Цунна бехк цо Ервопана а, ерриге а Малхбузенна а биллира.

Кадыров: «…Ас юха а боху, иза тхан бехк боцуш хилла дара. Иза долийра Малхбузерчу а, Европерчу а леринчу сервисаша а, яьккхий институташа а, тхо хIаллак дан. Тахана вайна гуш ду-кх хIун хуьлуш ду Оьрсийчохь а, цуьнна гонах а хIун хуьлуш ду.

Вайна гуш ду мостагIаша вайна Iаткъам беш. Иза санкцеш ю, иза тIеман ницкъаш а бу. Дерриге дуьне а, ала мегар ду, вайн пачхьалкханна дуьхьалдаьлла. Амма вай халкъо дIахьедина, тхайн пачхьалкх ларйийр ю аьлла. Кхузахь шайн дахар дIаделлачу кIенташа масал а гайтина».

Пскован кIоштехь хIора шарахь дIахьо, Нохчийчохь майралла гайтина белла бохучу эскархойн сийна цхьацца гуламаш. Губернатора Турчак Андрейс шеца Нохчийчу балийнера оцу ломахь беллачу эскархойн дай-наной а, бераш а. 6 ротин баьчча хиллачу Евтюхин Маркан нана, Евтюхина Лидия а яра царна хьалхаяьлла. Цо иштта къамел дира ша йистхуьлуш.

Евтюхина: «Беркалла шуна хIара дагалецамаш шайгахь латторна. Нанна санна суна йитхила лаьара нохчашка. Аш дукха хIума лайна кху дуьненахь. Шу ницкъ болуш, майра къам ду. Тхо даккхийде шу Оьрсийчоьнца долуш. Тхоьгара а, беллачеран кхечу гергарчаьргара маршалла ду шуьга. Вай цхьаъ ду. Вайн къамнийн цхьаалла ю дикане а, машаре а гIертаран тIехь».

Эскархошна сийна хIоттина хIоллам базбан уллерчу Улус-Кертара дукха бахархой бацара бахана. Дукхачарна и гулам цигахь хиллийла а ца хууш дIабаьлла. Шайн карахь хIума доцийла а ца хууш, къехка нах иштта гуллучу меттигах.

Цхьаберш, шайна хетарг ца довзуьйтуш ца Iало. ЧIишкара вахархочо Хатуев Асланна ца тайна цу метте хIоллам хIоттор. Эскарехь беллачарна хIинцалц седа хIоттош хуьлура, ткъа бусулба нехан лаьтта тIехь йоккха жIар хIоттор шена нийса ца хета элира цо.

Хатуев: «ЖаIар хIотторна со реза вац. Уьш цигахь беллехь а, цигахь бехарш бусулба нах ма бу. Иза бусулба латта ма ду».

Улус-Кертна уллехь беллачу эскархошна хIоттина хIоллам дуьххьара бац Нохчийчохь. Дуккхачу декъана некъан йистошкахь дIахIиттина лаьтта уьш белла меттигаш билгалъеш кегий а, яьккхий а жIарш. Уьш цхьаьннан а бала а боцуш, лаьтташ ю, гонахь къух а даьлла.

XS
SM
MD
LG