ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Путин вазвайтира Нохчийчоьнга юха а


Машенаш хехкар, говрашца къовсар, артисташа концерташ гайтар, кхечу пачхьалкхашкара а тIехь, цIарна цIе яхана футболисташ кхайкхина, буьрканех ловзар, совгIаташ декъар... Публикан къоьлла ца хилийта, дукха Iуьйранна дуьйна "газелашца" гIалин спортан майданашка бIеннашкахь дIаоьзнера Iедалан балхахь мел болу бахархой. Царалахь бара, гуттара а санна, хьехархой , лоьраш, студенташ,социалан тIегIан белхой.

Де делкъанга лестина 2-3 сахьт даьлча нах "Ахмат-Арене" дIакхачийра концерте а, футболе а хьовса.

ХIоразза а хьехархой а, лоьраш а шайн чоьтах боьлхуш бу Соьлж-ГIалахь кест-кеста хIитточу ловзаршка. Муха тIеоьцу бахархоша а, кегийрхоша а, Iедалан балхахоша а Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир вина де даздар?

Шен а,накъостийн а кIезиг бала хуьлу Путин вазварх, боху хьалха прокуратурехь болх а бина, тахана пенсехь волчу соьлжагIалахочо Ширвана.

Ширван: «Деллахь са-м гуттар а кIезиг бала хиллера цу ловзарийн.Сацийна меттиг хилча а сайн дагахь ворхIе да а хьахаво ас-м. Оха санна и хIумнаш лелош оьрсийн шаьш бу моьттуш а вац со-м.Тхуна санна и президент царна шайна а веза моьтуш вац со».

Де эшначу берийн хIусамехь белхо ю Теркйист кIоштера Майнат. Цо дийцарехь кхаа автобус тIехь бигна уьш машенаш хохкучу майданахь «шайн лаамехь» хьовсархой хила.

Майнат: «Дукха Iуьйранна бигира тхан берийн цIийнера белхой машенаш хохкуш хьовса.Церан самукъадалар бохуш адам стенна хьийзадо те? Хьенан самукъадолу цу базарех? Кхузахь кхара лелориг атта адам тешар долуш хIумнаш дац».

Университетан студент ю Iайшат. Цхьацца ловзаршка хIиттар декхар долуш санна, шаьш доьлла боху цо цу балхах.

Iайшат: « Университетера дигна тхо.Тхо-м доьлла цу балхах. Кест-кеста дуьгу,ца дахча мага а ца до.Цара лесто ахча ду-кх новкъа,нах хьийзорра-м дийца а ца дуьйцура…»

ХIинцца хIинца ишколе балха хIоьттина физрук ву Новр кIоштера Сайди. Дукха нахана дош доцуш хIума хетта боху цо урхаллехь болчара бертаза адам дIа а узуш,шайн самукъаненна цхьацца ловзарш хIиттор.

Сайди: «Ишколера дигнера тхо Путинан де даздан. Лула-кулара къаьмнаш тхох доьлуш ду-кх. Делкъал тIаьхьа кхоъ даьлча новкъадевлира тхо,буьйсанна хан яьллачу хенахь бен цIа догIийла а ца хилира. Цхьаммо а даздеш дац и де оха даздеш ду-кх!

ТIаьхьий хьалхий махкахь дIахучу къийсадаларех,ловзарех цецвийлина ца волучех цхьаъ ву Гуьмсан кIоштера могIарера пенсахо Асхьаб а.

Асхьаб: «И вина денош даздар бусалба нахана товш хIума а дацара,тхан кхуззаххьа-м чIогIа юьхьарлаьцна иза. Ша болу болх охьа а кхоьссина, баха безаш бу-кх цига балхахь берш. Шайн оьрсаша ца даздо-кх иза,тхо ду-кх хьалхе а яьккхина каде хьийзаш».

Хууш ма-хиллара Нохчийчохь дIахьучу муьлххачу гуламехь а,спортан къийсадаларшкахь эзарнакахь адам-публика хуьлу. Уьш цига муха кховчу гойту аьлла хета бахархоша цуьрриг бакхий ца беш луш долучу жоьпаша. Маца сацор ду,дог дагIахь а ца дагIахь а нах чаккхе йоцчу синкъерамашка кхийлар. И хаттар жоп доцуш ду.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG