ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ХIун бакъонца лецна беллачийн гергарнаш?


Пригороднерчу гуламехь, Кадыровн динан хьехамча Хитанаев Мохьмад ву нах махкахбахаре кхойкхуш. Ютубера скриншот.

ГIуран-беттан 17-18-чу деношкахь полицица лилхинчу тIематасадаларшкахь беллачу жимчу нехан, Исмаилов Сайд-ИбрахIиман, Ильясов Мохьмадан, Альтемиров Исламан, Мажаев ИбрахIиман, Минтаев Хаматханан, Мамаев Истамулан, Акрашев Ахьмадан гергарнаш бу Старопромыслан полицин декъехь лецна латтош.

Iедало цхьана а низамца а доцуш, шен карахь латториг лаххара а бIе стаг ву, церан гергарчара бакъоларъярхошка бечу леткъамашка ладоьгIча. Аьрзнаш дийраш, доккхачу декъанна, лецначийн Европехь беха доьзалхой бу.

Иштачаьрца зIе а латтош, шега далуш долу накъосталла дан гIерта арзхошна а, Соьлж-ГIалахь лецна кхобучарна а Ослохь куп йолу Human Rights Analysis Center юкъаралла.

Нохчийчуьрчу «Мемориал» араяьлча дуьйна схьа Ослорчу оцу юкъараллин коьртехь волчу Гисаев Ахьмадца къамел хилира Маршо Радион Соьлж-ГIалахь кхелхинчийн гергарчарна тIехь латточу харцонан хьокъехь.

Гисаевс дийцира шега беллачийн гергарчара довзийтинарг. Цо бечу хаамца, алссам бу Нохчийчоьнан Iедало хIуманна а бехке боцу нах лецна латтабе. Бакъоларъярхо вогу, царна гIело еш хиларх, шек ву Оьрсийчоьнан лакхара Iедал орцахдер ду харцоно хьийзочу нахана.

please wait

No media source currently available

0:00 0:03:57 0:00
Линкана тIе

ХIуманна а низамо бехке лорийла а доцу нах лецна латточу юкъанна Нохчийчохь гуламаш бу дIахьош полицех а летта беллачийн ярташкахь, купашкахь. Муфтиятан а, юкъараллин а цIарх долчуха Iеламчаша а, цхьаццаболчу жигархоша а кхойкху бахорхой Iедалца летта эгначийн шайн-шайн ярташкара гергарнаш махкахбахаре.

Иштачех цхьа гулам хилла кхаарийдийнахь Пригородное юьртахь, гайтира иза мехкан телевизионашкахула а. Цхьана а Оьрсийчоьнан низамца а боцу бекхам кхайкхош бу гайтамехь Кадыров Рамзанан динан хьехамча Хитанаев Мохьмад. Ютубехь карайойла ду и телевизионан видео.

ВИДЕО:

Оьрсийн версехь йоьшийла а, ладугIийла а ду кху хьостанехь: http://www.kavkazr.com/a/svyshe-sta-rodstvennikov-uchastnikov-perestrelki-v-groznom-uderzhivayutsya/28191281.html

Хьомсара “Маршо Радион”доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьатаса: 420 724 019832

XS
SM
MD
LG