ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хьехархочо тоьхна дешархочунна


Illustration,Teacher beats student
Illustration,Teacher beats student

Нохчийн амалш, церан дика а, вон а сенаш, гΙиллакх-оьздангаллин тахане, кхане – иза дерриг а къомо даима а сагатдан дезаш хΙуманаш ду, нагахь санна цунна цΙиндала лаахь, цивилизацин хоршахь хена йохалле дΙадаха лаахь. Иза къаьсттина актуале ду тΙемаша малдина, дардина, юха а корта хьалатаΙон гΙертачу нохчийн къомана. Соьлжа-ГΙалахь цхьа хьехархо дешархочунна тоьхна аьлла, кхеле озийна ...



"ГIиллакх", "ларам", "оьздангалла" - и дешнан Нохчийчохь хаддаза хьехош далахь а, нехан леларехь тоьаш дацар хаало деладенна. Баккхийчийнний, къоначийнний вовшашка цакхетамаш биллина лаьтта.

Оцунна кхоччуш масале дилла мегар долуш хIума хилла кху деношкахь Соьлж-ГIаларчу цхьана школехь. 7-чу классан дешархочунна тоьхна хьехархочо. И дов генадаьлла, прокуратура кхаьчна, цигахь толлуш ду. Хьехархочо букъ тIей, коьртаххий хIума тоьхна боху беранна. Цул тIаьхьа, месаш тIера а лаьцна, шозза-кхузза корта стоьлах а биттина боху.

Нагахь санна хьехархочун бехк кхоччуш бу аьлла талламхоша сацам бахь, набахтехь яккха хан тоха а тарло цунна.

Дешархойн гIиллакхашца, аьлча а, дукхачаьргахь иза дацар, йоккха проблема ю, аьлла, Маршо Радиога, оцу девнах лаьцна комментари йира Соьлж-ГIаларчу цхьана ишколан хьехархочо Совдата.

Совдат: « Лакхарчу классерчу дешархочух иза леттехь, ас оцу хьехархочунна бехк ца буьллу. Оцу хьоле кхачаво цара. Лаккхарчу классашкара дешархой чIогIа эхь доцуш бу. Шайна луург схьаолу цара. Хьехархочо жимма а мало яхь, цуьнан дерг школехь дIадаьлла ду-кх хьуна. ХIинцалера кегийрхой тIехь цхьа а урхалла далуш бац. Цхьа хIума цаьрга алахь, да-нана чулелха, дов дохьуш. Кхетош-кхиор ан болх банне а бац цаьрца цIахь беш.

Хийла лахарчу классехь а бер, иза жимма а хьалдолчу доьзалера хилахь, дIасетташ, схьасетташ хуьлу, шайна цIахь могуьйтуш дерг школехь а магийта деза моьттуш. Дов дича я "шиъ" хIоттийча, сан берана ахь хIунда диллина иза, ахь бер човхъа хIунда динера, хьо раз хIунда хаьжнера цуьнга, бохуш, хийла и хаза доцу хIуманаш дохьу баккхийчара школе.

Чуьра дуьйна схьадогIуш ма дуй и хIума. Лакхарчу классашкахь телефонаш бахьнехь тIом бу боьдуш хьехархошний, дешархошний юкъахь. Ма кхехьа уьш школе телефонаш олу, вукхара къайлах-къулах уьш лелайо. Хала болх ма бу хьехархочун болх».

Заманаша вовшашца юстуш Iедал ду нехан. Маршо Радиоца школехь хьехархочо беранна еттар дийцаре деш, шен дуьстар далийра Нажи-Юьртарчу вахархочо Ахьдана. Цо дагадаийтира, хьалха школашкахь хьехархочо дешархочунна дов дича а, лерг озийча а, иза дас-нанас магийтора аьлла.

Ахьдан: « Оха доьшучу хенахь, дов а дора, соне а хIоттавора, тIаьхьависича, наггахь коьртах пIелг а тухура. Цкъан а цкъа дас-нанас иза хIунда дина ца олура. Мелхо а, дов а де, човха а ве, олура. Дов деш ца хилча, цхьадолу бера кхета а ца кхета. ХIинцалеранаш-м муххале а. Хьеха дезаш ду царна. Я цIахь а, я школехь а дов деш ца хилча, хецало бер, харцхьа лела.

Хьалхалера кегирхой воно чIогIа гIилалкхе хублура. Воккханиг вогIуш, хьалгIовттура. Ткъа хIинца автобус чу хьо хьалавалахь а, сегIаз а Iуьйшуш, эцца телефонийн серий лергах а доьхкина, терго а ца еш буьсу. Массо а ишшта бу бохург дац иза. Делахь а... Хьалха "пионераш" бохуш, цхьа цхьанатохаралла яра-кх, гIиллакх-гIуллакх Iамош. ХIинца иза доцуш ду. Суна-м ца хаьа, муха нислур бу уьш. Хьехархочунна хала ду, дас-нанас гIо деш ца хилча".

Дешархочух леттачу хьехархочунна, гарехь, таIзар дийр ду, девна юкъа прокуратура йоьллехь. Оцу кIентан дас нанас а, цунна таIзар ма де бахахь а, беран цхьа хан яллалц Iуналла Iедало до. Муьлххачу а стага эр ду, ша школехь болх беш хилча, шен сиха амал цIахь йита еза хьехархочо аьлла. Хьехархо а адам хилар дицдо хийлачо. Ткъа школехь лучу шен кIезгалллица эхье долчу алапе а, берийн цхьадолчу де-ненера баркалла хуьлуш а дацаре хьаьжча-м, иза цхьа чохь са доцу IиндагI санна хетало.
XS
SM
MD
LG