Оьрсийчоьнан регионашкара Соьлж-ГIала кхочучу туристийн бIаьрг белабо нехех маьрша лаьттачу урамаша. Царех хьал ца хуург воккхаве. Амма бухе хьаьжча, го и цIано латтораш коммуналхой боцийла – ницкъаша нахе нораш хьекхийтарца къагош дуйла урамаш.
Массех шо ду Кадыров Рамзана соьлжгIалахой нехаш яха «субботникашка» арабоху – шоьтан денош доцчу хенахь а лаьтта и хьал.
Соьлж-ГIала ю уггаре хьалха нехех Iалашйийриг. «Дом-2» седарчий Тимати а, Зверев Сергей а, кхиберш а цига буьссуш хиларе терра.
Дуккха а хан ю мехаза гIалийн, яртийн урамаш, некъан йистош цIена латтаяйта нах пайде буйла Нохчийчуьра Iедал кхетта. Нораш, белаш, кIомсарш а оьций хьийзаш массо а беттанашкахь го урамашкахула лоьраш, хьехархой, кхиболу Iедалан белхахой.
Соьлж-ГIалин мэро Хучиев Муслима дукха хан йоццуш дозаллица хаамбира, «санитаран цIано а, хьукматашна гонахара меттигаш хаза латтор а кхайкхийначу беттачохь къахьегна 28 эзар адамо», аьлла.
Ткъа Кадыровс ерриг а республика цIена латтайойту штаб кхолла воллу ша, аьлла, даржийра. И штаб тешийна парламентан спикерна Даудов Мохьмадна.
«Субботникаш» хIиттадо хIора кIиранах. Шайн бехлхан меттигаш дIа а туьйсуьйтуш, арабохучу нахана шайн-шайна къестийна нораш хьекха майданаш, урамаш. Даудовс бахарехь, хIора иштачу «секторна» тIехьожуш ву цхьацца депутат.
Куьйгалхоша даима а олу, нораш хьекха ца ваханарг балхара дIавоккхур ву.
Къилбаседа Кавказан сервисан шеца къамеле яккха аьтто белира Соьлж-ГIалахь болхбен зуда-даржхо. Цунна хаьа, «субботникаш», даима а санна лаьттар дуйла, цхьана а баттахь кхачор доцийла, нах даима а бацор буйла».
Йоккха а еш бийр бара ша арара белхаш юкъ-кара, амма хIора кIиранах байтар нийса дац, боху цо. Делахь а, шена тIехь доцу «декхар» кхочушдан духьалъялахь, ша балхах йоккхур ю, тIаккха доьзал тIаьххьарчу баьпках а бер бу, бохура зудчо.
Устрада-ГIалин дарбан цIийнан белхахо К. Раиса хIара бутт болабелчхьана дуьйна йоху мехазчу белхашка ара. Дахначу оршотдийнахь, масала, цомгушчаьрга хьожучу метта, гIалин урам цIанбеш яра иза. Цо а боху, шеко яц рогIера Iа тIекхаччалц шен иштта лела дезар дуйла.
Шеларчу а, Мескар-Эвларчу а, ЧIуьлга-Юьртарчу а бахархошца а хилира Къилбаседа Кавказан сервисан къамелаш. Дукхахболучара бохура, реза ду мехаза урамашкахь цIано латтош юкъ-кара къахьега, амма балебевлла хIора кIиранах ницкъаша бойту белхаш. «Ца бахь, даржашкара дохор ду шу» олучу Iедало шайна «шантаж» латтайо, бохура цара.