ТIекхочийла долу линкаш

Адвокато Ахмадова Хьавас (кIира хьалха ши кIант Рутковский Владимирх юхаваьлча - аьлча а, ваьккхича - ша йисина и агIонча) дехна кхеле Тарамов а, Тазбиев а бехкалара а ваккхина, дIахецар. Иштта дирзина шинарийдийнан ладегIарш, Маршо Радион хьостанаша хаамбарехь.

Ткъа кхело шен болх кIиранна дехьататтар доьзна ГIурбанца - массех мукъаде хир ду Нохчийчохь.

Тоха тарлуш ю шина кIантана, прокурорна хетарехь, цо ма-деххара, набахтехь такха 7 шаре кхочу хан.

Адвокато Ахмадовас доьналла къадош кхо гIулч яьккхина – Лакхарчу кхеле дийхна талламчас чорда кечдина, юридикан гIалатех даьккхина долу бехктакхаман гIуллакх юхаэцар; Старопромыслан кхеле дехна Тарамов а, Тазбиев а маьршаваккхар; кехат дахьийтина Кадыров Рамзане, гIуллакх низамехь айдина а дац, харцо ю йийриг, иза чекх ма ялийтахьара, аьлла.

Хьалхарчу цуьнан дехарна делла жоп – Талламна духьал даккха хIума дац, Старопромыслан кхел ма-йоддара чекхъяла еза. ШолгIачу дехарна а ца делла Ахмадовас лоьху жоп.

… Ткъа кхоалгIачух – Кадыровга дехар - … хиндерг ала дац. Жоп хазонза ду. Амма дов тергонехь кхобучу Нохчийчоьно лерг диллина лар-м до.

Кадыровга динчу дехаран чулацам

«Лараме Рамзан Ахматович!

ХIоьттинчу хьоло со декхаре йо хьоьга гIо деха.

…Ас юридикан кIело ечу Тазбиевна а, Тарамовна а бехке диллина, уьш Шема а бахана, цигарчу низамехь йоцчу тIеман тобане хIитта Iалашо йолуш хилла хилар.

Юьхьанцара таллам дIахьош дохийна низамаш:

- ца теллина тоьшалле далон деза дуккха а хьелаш – Тазбиевн тIебаьхьначу бехко дуьйцу зулам маца цо дан долийна, маца дина даьккхина ца хоуьйту; изза сакхт ду Тарамовна тIебаьхьначу бехкан фабулехь;

- Тарамовс зулам дина аьлла талламо къастийначу меттиган адрес дац данне а Соьлж-ГIалахь а, я цхьаьнхьа а;

- дина аьлла дуьйцу зулам довзуьйту талламо тIехула дIа, дац хаийтина, хIун тIеман тоба кхолла бохкура бехкеийзораш, дан торуш доцу билггал хIун зулам ду полицино «ца дойтуш, сацийнарг».

- Тарамов а, Тазбиев а Шема ваха арахьара паспорт даккха воллура, боху талламо, ткъа царех цхьаммо а и тайпа документ далар ца дехна паспорташ лучу хьукмате (цу тIе, и даккхар низамо ца до бехке);

- Тарамов жоьпе озош бухадехкина талламо Тазбиевна дуьхьал кечдина хилла бахьанаш (низамехь дац цхьаьннан бехк кхечунна тIебахьар).

Рамзан Ахматович!

Сайн мехкан, сайн къоман патриот лору ас хьо.

Тахана, оцу лустуш долчу девнах политика йозаеллачу муьрехь, иза нийсонца доьрзуьту хьал хьоьга бен хIотталур дац.

Доьху хьоьга, дов хьайн тергоне а эцна, Нохчийчохь кхел нийсонца еш а, коррупцех маьрша а ю бохург шеконе ца долуьйтуш, Iалашдар».

Турбинера 20 шо долчу Тарамов Мохьмада а, 19 шо долчу Тазбиев Жамалайс а шозза хийцина шайна тIебаьхьна бехк. Иштта хьаьвзина тешаш а.

150 сов Турбинин вахархочо Оьрсийчоьнан прокуроре Чайкига арз дахьийтира ши кIант хIуманна а бехке вац, Iедалхоша шайна ечу гIелонах шаьш кIелхьардахахьара, аьлла. Куьйгаш яздинчу нахана, полице а бигина, йиттира. Цул тIаьхьа камершна хьалха цара юхаийцира кехатехь яздинарг.

Шуна хетарг

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG