ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ал-БагIдади "вагийна" Соьлж-ГIалахь


2 эзар стаг вара Соьлж-ГIалин коьртачу майданахь гулвелла. Царалахь дуккха а бара байинчу кегийнехан гергарнаш. Карахь плакаташ яра ДАIИШ-ан лидер Ал-БагIдади емалвеш.Дерраш цхьана метте гулдича, билгалдевлира Iаьрбийн маттахь Делан цIерш язйинарш. Оцу бахьанийца суьртех цхьадерш дагоза дисира...

Гобаьккхина лаьттара полисхой. Гуламе воьдучу хIораннан дегIах таллам а бора цара. Ток тIе а ялийна, латийначу динамикашна чухула хезара гулбеллачара де къамелаш.

Митинг дIахьочу юккъаралхочо Газуева Алпас дIахьедира шаьш гулдаларан Iалашонех лаьцна.

Газуева: «Вайн къам цхьайолу боьха хIуманаш юкъа а йовлий, вайн бераш цIена долун дела, уьш Iехадо. Вайн бераш хьекъале хилийта, царна хьехам бан арадевла вай».

Митингехь дакъалоцучу бакъоларъярхочо Саратова Хедас шен къамелехь билгалдаьккхира, шаьш дехардеш хилар, нохчийн кегий нахе цхьанна а тIемашна юкъа ца ийзабалийхьара, аьлла.

Саратова: «Тахана тхо декъа ма декъахьара аьлла, дехардан арадевла ду. Тхо шина тIамах чекхдевла а дара. Тхо дитахьара аш!».

Къамелдан билгалбина нах бацара. Шена луург тIе а вахана, дош ала йиш йолуш вара. Еха кIайн маж йолчу воккхачу стага Гунашев Мохьмада дайн-наношна бехкбиллира, доьзалхошкара цхьаъ даьлча уьш бу элира бехке.

Гунашев: «Тахана дуьйцуш ду беро динчунах, денан-ненан бехк бац бохуш. ВаллахIи бу бехк. Вайн бу бехк. Вайн доьзало хIун леладо ца хьажарна вайн бу бех бу. Церан накъосташ муьлша бу ца хьажар а, церан телефонаш чу ца хьажар а вайн бехк. Лардайша уьш!»

Мажаев ИбраьхIим цIе йолу кIант а хилла бутт хьалха полисхошна тIелатардинчул тIаьхьа байиначаралахь. Цуьнан нана а, ваша а дара гуламехь. Нана Яхита халла бен йистхилалуш яцара.

Мажаева: «Суна хилла ницкъ сайн кIантах хуьлуш бац. Цунах йоьлхуш а яц со. Со берриге а махканна а, дуьненна а, паччахьна а хьалха юьхьIаьржа ю. Тахана, сан санна, нанойн дог делхадойла оцу Ал-Багдадин».

Мажаев СаIид, ша а Шемахь ДАIИШ-ан могIаршкахь а хилла, оцу некъах дохко а ваьлла, цIавирзина ву. Iедало хадийна хан а текхна цо набахтехь. Цул тIаьхьа кегийрхошна, цига уьш ца эхийта, хьехамаш беш болхбо цо. Шайна къинтIера довлар дийхира Мажаевс, шен вашас а, цуьнца хиллачара а байинчу полисхойн гергарчаьрга.

Мажиев: «Со шуна хььалха кхузахь латта юьхь яцара. Вайна юкъадохьушдерг доккха питана ду. Со суо а цигахь хилла ву 7 баттахь. Гергарчаьрга доьхур дара ас, и чIираш а йитина, вайна уьш мостагIий буйла хаар».

Митингехь хиира, дукха хан йоццуш Нохчийчуьра йоьдучу автобусца Москох воьдуш массийта жима стаг лаьцнийла. Уьш а, дийцарехь, цигахь цхьацца зуламашдан боьлхуш хилла, юха а тIаккха а оццу ДАIИШ-ан омрица.

Цхьана кIентан девашас бахарехь, ден аьлларг деш доьзалхо вацахь, цунна тIе куьг дахь амегар ду.

Маликов Ризван цIе йолу жима стаг а ву ДАIИШ-ан декъашхо ву аьлла бехке веш. Цуьнан нана а яра митинге еана. Верриг а, республика куьйгалхочунна тIера дуьйна, къинтIера воккхуш яра иза.

Маликова: «Со Маликов Ризванан нана ю. Со президентна а, халкъана а хьалхахь юьхIаьржа ю. Дала холчу хIоттабойла уьш Iехабинарш».

Митингехь къамелдинчу наха билгалдоккхура, кху халачу заманахь нохчийн къоманна хуьлучу даккхийчу зенех лаьцна.

ТIемашна юьстах ца Iахь, къам хIаллакхиларна кхерам бу, боху цхьана вистхиллачо.

Вахархо: «Вайн генофонд дIайолуш ю. Цигахь а, кхечанхьа а вовшхлеташ бу. Массара а ша вол-волучохь лардан деза къам».

Митинг йолаелча дуьйна, цунна уллехь лаьтта охьайоьхкуш яра аль-Багдадин суьрташ тIехь долу, аьлча а иза тайп-тайпана емал веш йоза тIехь долу суьрташ. Дерраш цхьана метте гулдича, билгалделира цхьадолчу суьрташна тIехь Iаьрбийн маттахь Делан цIераш хилар. Уьш сихонца къеста а деш, юьстахдехира. Оцу бахьанийца ал-БагIдадин суьртех цхьадерш дагоза а дисира.

“Маршо Радион” доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьаяийта: 420 724 019832

XS
SM
MD
LG