ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Адвокат кхелехь а йоцуш кхайкхийна Турбинерчу шинна пхиппа шераш


Турбинерчу Тарамов Мохьмадна а, Тазбиев Жамалайна а, уьш Шема тIаме баха кечлуш хилла аьлла, хенаш тоьхна Старопромыслан кIоштан кхело. Сацамца мел реза ю адвокат Ахмадова Хьава?

Ахмадова: «Дуьххьара ду суна сан практикехь, чохь агIолоцу юрист а воцуш, кхело бехкебечарна хан кхайкхор. Ас Оьрсийчоьнан регионашкахь дукха девнашкахь бина болх, амма суна хIара дуьххьара нислуш ду.

Оьрсийчоьнан Бехктакхаман-процессан кодексца а догIуш, кхело, дIадоьдучу девнан декъашхошка хиндолчу ладегIаршка кхойкхуш, 5 де хьалха хаамбо.

Кху 5-чохь Тазбиевн а, Тарамовн а девнан рогIера ладогIар хир дуйла кхело суна 4-чохь хаийтира, телефонехула. Ас суо пачхьалкхан дозанал арахьа ю, мел лиича а, ялур яц кхеле, элира, дагадаийтира хаам кхин а хьалхе бен бохийла низамо.

Амма кхело, ас аьлларг юьхьара а ца оьцуш, агIончаш-юристаш декъахь а боцуш, дIакхайкхийна шен сацам».

Цул совнах, адвокатан Ахмадова Хьаван дехарца девне яха лерина яра юкъархо-агIонча Мальсагова Асет – иштачунна низамо юьззина ло адвокатан бакъонаш. Амма цунна а ца хаийтина кхело ша ладегIарш дIахьош дуйла.

Тарамовс а, Тазбиевс а таллам боьдуш бехк тIелацарх

Ахмадова: «Кхелан ладегIарш доьлхуш ас агIолаьцначара юхаийцира талламна дина дареш. Иштта, цара элира кхеле, шаьш талламо бехкедийраш дуйла а хаийтина ца даьхна шайгара дареш.

Шиммо а дIахьедира, шаьшшиъ Зазадоккху-беттан 14-чу буса вигира ши бут а сов лаьцна кхобучу Старопромыслан полицин декъехь цхьаьна чоьнашчуьра кхечу чоьнаш чу, цигахь, я адвокат а, я гочдархо а воцуш, яздайтира шайга кехаташна буха куьйгаш, ткъа и кехаташ шайга дешийтина а дац, шайна шаьш стенна куьйгаш яздо а ца хаьара, аьлла».

Кхелехь шиммо бехк тIелацарх

Ахмадова: «Кхелан хаттам бирзича, агIонаш дийцаршка евлча, таллам юхаболор дехна а доцуш, бехктIехьочара, Бехктакхаман-процессан кодексан низам а дохош, хаьттина бехкебечаьрга, тIеоьций цара шайна бехк.

Бехкебечийн агIоно протест кхайкхийра, уьш лебар дирзина дара, кхело таллам юхаайбина бацара. Кхеташ ду, дерриг а дирзина даьлча, бехк тIеэцарх долу хаттар дар низамехь дац, делахь а кхелахочо бакъо елла прокуроран гIоьнчина иза дан».

Бехкебечара къастийра Оьрсийчоьнан конституцин 51-чу артиклан позици. («Цхьа а декхаре вац шена, шен зудчунна (майрачунна), уллерчу гергарчарна тIелен»).

КхидIа?..

Ахмадова: "Оьрсийчоьнан Бехктакхаман-процессан кодексо бакъо ло Тазбиевх, Тарамовх бина сацам аппеляцица юхалистийта. КIоштан кхелехь кхелахочо Минцаевас бина сацам Нохчийчоьнан лакхарчу кхело юхабаккхаре, бехктакхаман дов дIакъовларе сатуьйсу ас, хIунда аьлча, процессуалан низам а талхош, боцчу бехканна айдина ду иза.

Ас агIолаьцначийн низамехь йоцу ойла хилла ала дац цхьа а тоьшалла.

Цул совнах, тIехьожучийн а ю, кассацин хьесапехь а ю дов юхаталлийта бакъо.

Ца хуьлучу даьлча, адамийн бакъонашкахула йолу Европан кхел а ю. Делахь а, лаьа Оьрсийчоьнан кхел тоъал хаарш долуш а, коррумпех маьрша а ю бохучух теша.

Турбинахойх хилларг хир ду и санна кхел шайна тIехь а йина яларе хьоьжжучу нохчех

Ахмадова: "Нохчийчоьнан кхелаша толлучу, кхунах тера долчу девнех аьлча, церан жамI кху кхелерчух тера хир ду.

Оьрсийчоьнан бехктакхаман низамехь лелаш яц «прецедент» олу практика. Амма, хаа деза вайна, бехкебийраш бакъбен сацамаш хир бац. Деррига а шарбинчу новкъахула дIахьор ду, и тайпа бехкаш тIебохку практика а санна. Масала, шашах ваьккхина левинчу шина стеган дарешкахь нислуш долу йозанаш санна – цIомалгашца а, тIадамашца а тIехь цхьатерра даьхна дареш".

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG