ТIекхочийла долу линкаш

Исс накъост Шема ваха кечамаш беш хилла, оцу Iалашонца цхьаболучара герз IаIош а кечдина шайна, аьлла, жоьпе балийна уьш.

Кхел йолаелла ЧIуьлга-Юьртахь иттех де хьалха

Оьрсийчоьнан бехктакхаман кодексан 30-чуй, 208-чуй, 222-чуй артиклшца (зулам дан гIортар; низамехь йоцу тIемалойн тоба кхоллар; низамехь а доцуш герз эцар).

Кхеле балийнарш:

Алимханов Аслан, вина 1995 ш., Соьлж-ГIалара ву, дешна Ростовхь юридикан институтехь.

Асхабов Джамбулат, вина 1995 ш., Бена-Юьртара ву, дешна Ростовхь юридикан институтехь.

Алиев Шемал, вина 1994 ш., ЧIуьлга-Юьртара ву.

Дачаев Iиса, вина 1996 ш., Iалхан-Калара ву, дешна Ростовхь юридикан институтехь.

Гайрбеков Хьусайн, вина 1986 ш., Бена-Юьртара ву.

Гайрбеков СаIид, вина 1985 ш., Бена-Юьртара ву.

Саралиев Ислам, вина 1994 ш., Соьлж-Г1алара ву.

Китаев Мохьмад, вина 1984 ш., Бена-Юьртара ву.

Юсупов Артур, вина 1995 ш., ЧIуьлга-Юьртара ву, дешна Ростовхь юридикан институтехь.

Леца болийна кегийнах 2017 шеран Чиллан-беттан 8-чу дийнахь, массех дийнахь лецна тIаьхьий-хьалхий. Дуьхьал бехктакхаман дов айдина ялх де даьлча, Чиллан-беттан 14-чу дийнахь.

Кхел йолийна бахначу беттан 19-чохь. ТIаьххьара ладегIарш дIадаьхьна кху беттан 3-чу дийнахь.

Бехкевечу иссаммо а шаьш данне а бехке дац, аьлла. И дIахьедар цара дарца, Чернокозово, юханехьа, кхоббуче дIабигина уьш.

РогIера ладегIарш хир ду итт де даьлча - Марсхьокху-беттан 24-чу дийнахь.

Теркйистан полицин декъан талламча Саидовс А.В. ву бехктакхаман фабула кечйинарг - теллинарг, тIебаьхьна бехк тIечIагIбинарг ву оцу декъан куьйгалхо Шахмаев С-М.И.

ХIун даьлла боху талламо бехкебечаьргара?

Талламо хIара 9 а, кхин цхьаъ а, Дзукаев Ислам (иза тешийн могIара язвина, шаваьккхина левеш, лаьцна, Ростов дIавигина боху, амма кегийнехан адвокаташ ца теша цунах, толлуш бу цунах дерг) бехкебо уьш 1915-чу шеран юьххьехь дуьйна, Шема ДАIИШ-ан могIаршка а кхаьчна, Асадан Iедална дуьхьал тIемаш бан бохкуш хиларна.

ТIебаьхьначу бехкан чулацам

Дзукаев Ислама «Телеграмехула» 2015-чу шеран хьалхарчу деношкахь зIе тесна Шемахь тIемаш бечу Ульбиев Жабраилца, тIаме ваха сацам а бина, цуьнгара схьаэцна Шема дIакхачархьама некъах йолу информаци.

Юха Дзукаевца маситтаза а, шаьш шайлахь а, вовшахбеттабелла тIаме бахар къастош массо а кхелебалийнарш. Уьш юкъахь кечлуш хилла, Москох а бахана, цигара кеманца Туркойчу а, кхидIа Шема а некъбан.

…Амма «ца кхиина леринарг кхочушдан», « церан зуламе Iалашо 2017 шеран Чиллан-беттан 8-чу дийнахь хадийна уьш Оьрсийчоьнан Нохчийчуьрчу Теркйистан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан декъе балийначу белхахоша», боху тIебаьхьначу бехкан кехаташа.

Оццу талламо бахарехь, 2015-чу шеран бIаьста Дзукаевс, ша шен декъа тIехь цIено дуттуш, мехах белхаш бан лаьцна а хилла, масала, Гайрбеков СаIид. Цигахь къамелашца кечвеш хилла иза а , кхиберш а Дзукаевс Шема бига.

Герз а даьккхина веангара, чIагIдо талламо

Шаьш лоцуш, Чиллан-беттан 13-чу дийнан сарахь Гайрбеков СаIидан дегIах хьаьвсинчу полисхошна карийна, боху талламо, Ф-1 граната. Иза, цо дийцарехь, цунна Асхабов Джамбулата елла хилла.

Иштта, Дзукаев Ислама яла а елла, Асхабовс кхечу шен накъостех кхаанна дIасаекъна 3 тапча, граната Гайрбеков СаIидна кхаьчна, яздо бехктакхаман кехаташкахь талламчас.

Кхеле валийначу Гайрбеков СаIидан вашас Сулимана иштта дийцира Маршо Радиога шена а, шен вешина а талламчаша Шема баха гIиртинчийн хьалханча ву боху Дзукаев муха вевзира.

Гайрбеков: «Дзукаев Ислам тхуна тIевеара стохка, тхо цIенош дуттуш дара, шена оха цIенош дуттур дарий, аьлла. Тхо нахана цIенош деш, рогIехь, схьадогIуш дара. Реза а хилла, цунна цIенош доьттина оха.

Ахча хенахь схьа ца луш а лийлира. Москох воьдуш-вогIуш вара иза. Наггахь, тIевогIий, вист а хуьлура. Юха, ша а витахьара тхан белхан тобанна юкъа, ша хала воллура цо а аьлла, гIодархо схьаийцира оха иза. ТIаьхьо Москох вахара иза. Цул тIаьхьа тхоьца хIара гIурт нисбелира. Иза а лаьцна ву боху. Иштта дара-кх хилларг».

Прокуратуро а, Талламан комитетан декъо кхеле валийначу шинна дуьхьал тоьшаллаш дина кегийн нах бех-бехачу ярташкарчу 18 стаго.

Маршо Радионан къамел хилла бехкебечийн адвокаташца. Цара бечу хаамца, ЧIуьлга-Юьртахь кхелехь, цуьнан юххьанцарчу ладегIаршкахь, иссаннах цхьаммо а ца эцна бехк тIе.

Кхел хьош ю Дадова Раиса.

Ала догIу, низамца дац таллам боьдуш лецначарна шайн-шайна адвокаташ цакхачор, ткъа кхел йолаяллалц иссанна а тIехIоттийна ца хилла цхьа адвокат бен – Дажикаев Руслан (иза девна юкъараваккхийтина).

Маршо Радионо тергонехь латтадо Теркйистера иссанна дов. Хаамаш бийр бу кхелан рогIерчу гIулчех лаьцна.

XS
SM
MD
LG