ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Ас цкъа а ца эцна бехк сайна тIе, я оьцур а бац"


"Мемориал" центран Нохчийчуьрчу декъан куьйгалхо Титиев Оюб набахтера дIахеца сацамбина Шелан кхело

Оршотдийнахь бакъоларъярхочун Титиев Оюбан дехар кхочушдеш, хенал хьалха иза набахтех мукъаваккха магийна Нохчийчуьрчу Шелан кIоштан кхело. Наркотикаш лелорна шена тоьхначу деа шарах 1,5 шо текхна ваьлла Титиев карарчу ханна.

ТаIзаран хан яцъярх долу гIуллакх кхушеран Зазадоккху-баттахь дуьйна Титиев чохь кхобучу Устрада-ГIаларчу набахтехь листира кхело.

Беттанаш хьалха, ша бехке а веш, дов дирзича, бакъоларъярхочунна ца лиира кхелан сацамна арздан, амма бехк а ца ийцира цо шена тIе. "Зуламца доьзна <…> ас цкъа а ца эцна бехк сайна тIе, ца оьцу, я оьцур а бац хIуъа а, мухха а нисдаларх. Иза ас диллина бохуш ду, нахана хьалха а боху, баха а баьхна, суо-сайна тIелуьйр вац со," – элира цо хIетахь.

Шена зулам тIехьарчийначу кхеланна дуьхьал Титиевс арз цадар тергамчаша тидира цунна Нохчийчуьра Iедал дардан, шена дуьхьалдерзо цалаарца. Цатара мехкан куьйгалхошна дерриг а дуьне бакъоларъярхочунна орцахдаьлла хьийзар. Амма уьш кийча бара гIара йижийта, Титиевх мукъабовла.

Адвоката Заикин Петра Титиев набахтера арахецар Шелан кхеле дийхира официалехь байначу беттан 15-чохь, таIзарна къастийначу хенах кхоалгIа дакъа чохь даьккхича, тутмакх, иза тIех кхераме зулам дина вацахь, низамо арахеца магош хиларна тIе а тевжаш.

Адвокато бахарехь, изоляторехь яьккхина хан а чулерича, тоьхначу хенах кхоалгIа дакъа - 1 шой, биъ буттий – Титиев текхна ваьлла 2019-чу шеран Стигалкъекъа-беттан 9-чу дийнахь.

Амма Стигалкъекъа-беттан 31-чу денна ша кхайкхийна ладогIар кIелдитира кхело прокуроран дехарца – кхеле кехаташ чудала ца кхиина ша, бохура оцу хьукмато.

Титиев хенал хьалха набахтера мукъаваккхар нахана дагахь а доцчу кепехь тидина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана.

"Ас къобалбо и сацам. Со даима а ву ден таIзар стаг кхеторца, товарца дерзарехьа", - яздина цо шен телеграм-каналехь. Кадыровс ша тешна ву, боху, кхело "дерриг а зен а зийна, шен сацам тIеэцна хиларх".

Москох хаамийн "Meduza" хьастан журналист Голунов Иван, наркотикаш лелорна бехке а вина, лаьцна кхо де даьлча бина кхело Титиевх сацам.

Амма и ши хилам банне а бац вовшашца зIе йолуш, боху Титиевн адвокатна Заикин Петрна. Цунна гарехь, Москох шен дахарца еха, ткъа кхин хьал да Нохчийчохь.

Ала деза, Титиевн девне геннара хьоьжуш, иза тергалдеш ца Iийна Кадыров. Кхело Титиев бехкеван шо дуьсуш дара цо цунах "наркоман" аьлча. Изза зулам-цамгар тIехьарчийра Кадыровс Оюбан кIантана а, бакъду, ницкъхоша ца хьавеш витира Титиевн воI.

Дуьненаюкъарчу хьукматаша а, бевзаш болчу наха а дукха дийхира Титиев лаьцначуьра дIахецар. Таллам а, кхел а лаьттачу юкъанна нохчийн бакъоларъярхочух хилира массех дуьненаюкъарчу совгIатийн лауреат: Европан Кхеташонан Парламентан ассамблеян Гавел Вацлаван цIарахчу а, Германин-Францин "Адамийн бакъонашкахьа а, низаман урхаллехьа а" цIе йолчу а, Немцов Борисан цIарахчу 2019 чу шеран а совгIатийн.

2018-чу шеран юьххьехь лецира Титиев Оюб. КIомал карийна цуьнан машена чохь, дIахьедира талламо. Титиевн коллегаш тешна бу бехк ницкъхоша шайггара кхоьллина хиларх а, Нохчийчуьра Iедал бакъоларъярхойх мукъадала гIерташ хьийзарх а.

Шуна хетарг

Гайта комментареш

Нохчийчоьнах а, нохчех а лаьцна Оьрсийчуьрчу зорбанан гIирсаша дуьйцучух теший шу?

ХIара Iилманца нисбина кхаж бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

XS
SM
MD
LG