ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Пачхьалкхан экзамен дIалуш алсам терго йийр ю Нохчийчохь


Оьрсийчоь -- Пачхалкхан экзамен дIалуш.
Оьрсийчоь -- Пачхалкхан экзамен дIалуш.

Экзаменаш дIалучу меттигашка, ткъа уьш Нохчийчохь 64 ю, дешархошна зераш дан детекторш хIитто гергга ду аьлла, хааме даьккхина дешаран а, Iилманан а министараллин хьостано.

Вуьшта аьлча аэрпорташкахь а, стадионашкахь а санна дешархой чекхбаха, цаьргахь телефонаш ю-яц хьовса школашка леррина гур-неIсагIеш хIиттор ю маьхькIамхоша Iорадаьккхинарг бакъ делахь.

Цара дийцарехь, чекхевллачу экзаменашкахь дукха низамаш талхор нисделла церан гIоьнца, дешархоша телпонаш чу а ехьна царех пайдаэца гIертар бахьнехь. Официалан гIардаккхарца уьш гучу а евлла экзаменашкара араваьккхинарг 418 мехкарий а.кIентий а бу.

ДегIана зераш дан керла гIирс-коьчалла юкъаяккхаро нийсо-бакъо,низам лардеш экзаменаш дIаяларехь мел гIо дийр ду бохучу хаттарна бахархоша луш долу жоьпаш аьттехьа а цхьаьнадогIуш дац. Цара кхеторехь наггахь, бIенна юкъахь цхьаъ-шиъ делахь кхин бер дац экзаменаш дIалуш зIенах пайдаоьцуш.

Царна гIо деш берш цIен мах белла балийна хьехархой бу. Оьшуш йолчу баллашка хьаьжжина хуьлу луш долчу ахчанан барам а. Хьалха а дийцина ма хиллара и барам 40-50 эзарне кхочуш хила а тарло,дешархочуьнан ден-ненан тароне а,церан лааме а хьаьжжа.

Берийн кхиам ден-ненан таронах боьзна хиларан тоьшалла лору цхьаболчара. Нохчийчохь масала, хьаькамийн доьзалхойх стагга а экзамен дIа ца луш кIелвисна цахилар». Цхьана ю бохучу доьшийле бер дIахIотто лаам белахь ахь хьалххехь хьайна хьехархой лоцу.

Цуьнца ахчанца барт бо хьайна оьшучу баллашка хьаьжжина. Ишта хьуна каро веза чуьра хеттарш арадаха тешаме стаг а. Ахча хьан делахь гIуллакх ца хуьлийла дан а дац». Цу кепара дуьйцу экзамен хьокъехь уьш дIа муха ло юххера, аьлчи а чуьра девзаш волчу цхьана хьехархочо.

Ма-дарра аьлчи цIена, низам лар а деш экзамен дIало бохург кхузахь хьехош дан а дац.И дан гIоьртинарш,шианнаш ца дахахь а, баллаш лахара а йолуш, хIумма а цахуург а хьалха волуш, юьхьIаьржа буьсу.

Хьехархоша гIо а деш экзаменаш дIаяларх цхьа могIарера гIуллакх санна дуьйцу дай-наноша а. Шайн юьртахь,цхьана ишколехь, хьехархой-говзанчаш цхьанхьа дIа а гулбина гIо дайтира берашна бохуш дуьйцу ас ларамаза дIаязйинчу яхархочо.

Экзаменаш дIалуш тароне хьаьжжи дIахоьцу ахча боху кхечо. Цо масаллина валаво прокуратуран цхьа белхо. Къамел кар-кара а оьцуш дийцира шина яхархочо ЕГЭ олучу экзаменах шайна хетарг а,ахча хьалха даккхар бахьнехь шайн хиллачу аьттонах а, кхечух а.

Цхьаболчарна хетарехь, хьехархойн алапаш хIинца санна лахар мел ду цу кепара харцонаш, алсам йовлахь а бен, лахлур яц.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG