ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дудаев Салман Беларусехь мукъаваьккхира эскархочун декхарх - депортаце хьажийра...


Нохчийчохь шуьйра даздира Дуьненан ШолгIачу тIамехь толам баккхина де. Даима санна, йоккха парад а хIоттош, тIеман техника а, эскархой а гойтуш, стигалахь кеманаш а хоьхкуш дIадаьхьира де.

Ветеранаш тахана коьрта турпалхой бу. И къаной, шайца а, шайн къомаца а советан Iедал ямарта хиллашехь, шаьш оцу хенахь яьккхинчу ханна а дохкобевла бац. Делахь а, леллачу харцонах дегабаам лаьтта, цара иза кхайкхошца бацахь а.

Дудаев Салман Соьлж-ГIаларчу Ленинан кIоштан ветаранийн кхеташонан куьйгалхо ву. Тахана махкахь бисинчу ветеранех иза уггаре а тIахъаьлла лелаш лара мегар ду. 88 шо ду цуьнан. ТIаме вахана иза 14 шо долуш, цIера вада а ведда.

Воккхаве Салман ветеранийн тахана сий деш хиларна, амма халахетарца билгаладоккху хIора шарахь шайн могIарш нилхабовлуш хилар, дийцира цо шен къамелехь.

Дудаев: «Кху Ленинан кIоштехь, тIом бина ветеран 3 бен вац. Ткъа белхан ветеран 22 ву. ХIора шарахь Iожалла лелаш ма юй. Тахана а, стохка а хилчулла кIезиг бара нах. ХIинца дукха хан йоццуш ТIехьа-Мартанан кIоштара ветеран Iела а дIавели…».

Висаитов Мовладан полкехь а, Беларусехь, кхечу нохчочун Дачиев Хансолтин куьйга кIел а лелла Дудаев Салман. Дачиеван турпалхочун орден а елира, иза ша юккъахь а волуш тобано, дан ца луш долу омра кхочушдира, дуьйцу ветерана Дудаев Салмана.

Дудаев: «Кхаа баттахь Соьлж-ГIалара Ленинан майданара араваьлла 18 эзар стаг вахара тIаме. 14 шо 2 бутт бара сан. Волгоградехь а чIогIа тIом бара боьдуш. Со Висаитов Мовладан полкехь вара. Цигара дIа Беларусехь Нивки юьрта йистехь дара тхо лаьтташ. Цигахь сан баьчча Дачиев Хансолт вара. Днепрах ца довлуьйтура тхо фашисташа. Ши тоба хIаллакьхилира цигахь. Дачиевна, и омра кочуш дина аьлла, Советан пачхьалкхан турпалхочун орден елира».

Беларусехь кхаьчна Дудаев Салмане хаам, шен къам махкахдаьккхина аьлла. ХIетте а, тIамера ца волуш, дехарш дина цо, цигахь вита ша бохуш. Ткъа тIеман баьччанаша ца магийна иза. 27 дийнахь, цIерпошташ а хуьйцуш, кхаьчна иза Казахстане. Цигахь а ах шо даьккхина, гергара нах лоьхуш. Уьш ГIиргIазойнчохь хилла.

Дудаев: «Лениногорске со кхаьчча, НКВД-н декъе вахара со. Чуваьлча, лейтенант а, капитан а, полковник а вара. Ас полковнике, эскарехь ала ма-доггIу элира со мила ву а, со схьакхаьчнийла а.

–Хьо къомах мила ву? - хаьттира соьга капитана.

Нохчо ву аьлла, ас жоп делча, шу зуламхой а, ямартхой а ду, аьлла, жоп делира.

«Шен меттахь ца тоьхча тIахь хира ду», аьлла, ластийна бетах буй тоьхна, гIента тIера ши ког ирах а бохуьйтуш, вожийра иза.

Со 18 денна чувоьллира. Цигара со араваьлча, оцу полковника ша тIе а веъна, соьга элира:

- КIант, схьалохьа, къонахчун куьг лацийтахь соьга!

XS
SM
MD
LG