ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кхаьънаш эцарна инарлаш лецар муха туьду Нохчийчохь?


Оьрсийчоьнан Нохчийчуьрчу эскаршлахь гучудаьлла зулам зийна яьлла Талламан комитет. Ши инарла а, цхьа капитан а бехкево шайн куьйгакIелхьарчу контрактхошкара кхаьънаш ийдарна.

ДIалаьцначех цхьаъ ву Нохчийчохь еххачу хенахь тIеман комендант лаьттина Кривонос Леонид.

Талламо къастийна, цо а, кхечу инарлас Головацкий Андрейс а, капитана Зуев Вадима а, ахча схьа а оьцуш, эскархошна контракташ яхъеш хилла хилар. Шаьш динчу «гIуллакхах» ахча банкан карти тIе доккхуьйтуш хилла цара.

Талламо къастийна цара эцначу кхаьан барам - цхьа миллион ах миллион сом. Иза талламан кодексца боккхачу барамехь лоруш ду.

Оьрсийчоьнан юкъараллана ши инарлаш дIалацар чIогIа тамаше хеттехь, Нохчийчохь бахархойн шеко яц, эскаршлахь коррупци лелла хиларх. Делахь а, цецбуьйлу нах ши эпсар Iедало х1инцца Iораваккхарх.

Диц ца делла нохчашна шайн махкахь тIом лаьттачу хенахь эскархошна мел чIогIа лууш хуьлура кхузахь хан яьккха. Хийлачу эскархочо гулбира шена махкахь хIонс-бахам. Къаьстина дика меттиг лоруш яра цунна некъашца лаьтта блок-посташ. Леллачух шена хетарг элира Кавказерчу къаьмнийн Ассамблеян куьйгалхочун гIовс волчу Хизриев Iабдуллас.

Хизриев: «И инарлаш а, важа капитан а кхаьънаша цхьана нисвина. Хаттар кхоллало: хIунда луш хилла царна ахча? Цо гойтург хIун ду? ТIом болчу меттера стаг водура ма ву. Ахча а луш, Iийр ма вац иза цигахь. ТIом бийраш хьаннашкахула дIасабахана лелара. Маьрша нах а хьийзош, блок-посташкахь кепекаш а йохуш а, нах бойуш а уьш лелар гойту-кх оцу балхо».

Инарла Кривонос Леонид 2004-чу шарахь Соьлж-ГIаларчу стадионехь, Кадыров Ахьмад а леш, эккхар дича лазийра. Цул тIаьхьа 3 шо даьлча хIоттийра иза Нохчийчоьнан комендантан дарже.

Кривонос а, Головацкий а, капитан Зуев а дIалацар шена хетачу кепехь туьду нохчаша. Цунах шена хетарг иштта довзуьйту Хизриев Iабдуллас.

Хизриев: «Коррупцино ша-шен дIа муха йоккхур ю?! «Цара» хIун дийр ду? «Цара» цхьа кепаш лелор ю, масала, шайх къайлах «юкъара ахча» лачкъийнарг чувуллур ву».

Оьрсийчохь коррупци дIаяьккхалур ю аьлла а ца хета Кавказерчу къаьмнийн Ассамблеин куьйгалхочун гIовсна Хизриев Iабдуллина.

Хизриев: «Оьрсийчоь коррупцех цIанлучуьра яьлла. Хийцалур доцу зил хадийна цо. Коррупци дIаялийта, Оьрсийчоь йоха еза. Керла юха ца кхоллахь гIуллакх хир дац».

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG