ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кхо шо кхаьчна Нохчийчуьра эскарийн дакъош лахдина, амма цунах олийла-м дац "толаман де"


Нохчийчоь -- Веданан кIоштахь тIеман операци дIахьош, 20Чил2000
Нохчийчоь -- Веданан кIоштахь тIеман операци дIахьош, 20Чил2000

Тайп –тайпанчу даздарша хьулйина еха карарчу хенахь Нохчийчоь. Къилбаседа Кавказехь хьовх,Оьрсийчохь а цхьа кIошт яц кхузахь санна кест-кеста, эзарнаш аьлча а харц хир доцуш, беза-баккхий хьеший а луьстуш, цхьацца хиламаш билгалбохуш, цхьаьнакхетар–гуламаш дIахьош. Тахана Iедало тIетаьIIина кечам беш, цу могIарера хилам бу Нохчийчохь террорна дуьхьал дIаяьхьна тIеман операци сацийна кхо шо кхачар. Цу кху оханан беттан 16-чу денна лерина, и де вайнахана мел маьIне хилла хоьуьйтуш, цхьаьнакхетарш ду дIахьош массо тайпа доьшийлашкахь а, Iедалан урхаллашкахь а. Лаккхарчу тIегIан хьаькамаш а, Iилманчаш а боцуш, цу кхетош-кхиоран балха юкъаозийна бу ур-атталла Iелам нах а.


ТIом, я "террорна дуьхьал дIаяхьна тIеман операци" оьрсаша шех олуш хилла болам сацор - иза уггаре а хьалха, низамо ма-хьохху, дуккха а нехан бакъонаш юхаметтахIиттор а ду, кхузахь машар чIагIбаларан–толаран а, мохк кхиаран а бух а бу, боху, цу хьокъехь леррина дIахьедар динчу Нохчийчохь адамийн бакъонаш ларъечу урхаллин коьртехь волчу Нухажиев Нурдис.

Массо маьIIехь олалла деш федералан ницкъаш а болуш, оццул йоккхачу хенахь, иттех шарахь, Нохчийчохь террорна дуьхьал операци дIаяхьар, муьлххачу а тергамхочунна гергахь, лартIа хIума дацара. Оццул еха стенна лаьттина и раж Нохчийчохь? Дера лаьттина Оьрсийчохь цуьнан ондда агIончаш а, ницкъаш а хиларна, тIеман министараллин биста кхаччалц, бен-бечу тIегIан маьхькIамхоша кхузахь, хьал-таро дебош, ахча-бохчанан уьйриг луьстуш хиларна. Кхузара цхьанне ца лаьара оццул санехь гIуллакх юкъахдита.

Итт шарахь ког баькх-баьккхинчохь талхош яра маьршачу бахархой бакъонаш. Амма оццу хенахь, массо маьIIехь доладеш Оьрсийчоьнан тIеман ницкъаш а, меттигера ницкъаллин структураш а йолуш, тIемалойн каракхочуш дара герз а, хIоъ-молха а, хаддаза тIедузуш дара церан могIарш а. Иштта маьIна долуш дIахьедар дина Нухажиев Нурдис хаамийн гIирсашкахула.

Бакъду, террорна дуьхьал тIеман операци дIахьочу муьрехь, вайнахана тIебазбеллий лаьтташ кхерам а бара, уьш баха-бахка а маьрша боцуш, церан бакъонаш кIоршаме талхош а яра, бохуш, Нухажиевс яханчу хенаца бузу шен махкахоша мел лайна къа-бала а, церан синан-дегIана мел хилла эшам а.

Цо вонна а, диканна а хьахош дац, тахана тергалдан а, гуш долу хьал. Мел маьрша бу нохчий шайна хетарг майрра дIаала? Таро юй церан шайна гина нийсадацар, харцо юкъараллехь Iораяккха? Мел хийцаделла тIом сацийначул тIаьхьа Нохчийчуьра дахар?

Уьш а,кхин а дешан маршонца а, адамийн бакъонашларьярца а дозу хеттарш Нухажиевс, даима а санна, федералан Iедална Iоттаре кхиссарш а йой, тергамза дуьтуш ду, уьш ца дийцаро цу ирчу хеттарийн чулацам а, маьIна а кхачош долуш санна.

Ткъа тергамхоша а, могIарчу бахархоша а къаро а еш, кхузара хьал мух-муха а доцуш,чолхе долуш, кIарглахь бен, аттачу дала гена ду. «Хьажахь,- боху цхьана шен цIе йоккхийла ца луучу тергамхочо, - юьртара полицин дакъа дац, цуьнан хьаькам мила хила веза?

И стаг, меркIелахь лартIахь чо а баланза волу полицин белхахо, тхан юьртахь хьовх, кIоштехь а эла ву-кх. Эла ву урхаллехь болчеран гергара стаг иза волу дела. Соьлжа-гIалара схьаваийтинчу цо, шена бол охьа ца биллича, тхан юьртахь хIинца гIум а ца йоккхуьйту, латта а ца дохьуьйту, туьканашка болх а ца бойту, Iедална дIалуш йолу ял йоцуш, цу мераIуьргана токхамаш бан безаш бу-кх нах. И царна тIедожийна ду-кх.

Арздан воьлча, хьоьга ладогIа ваьхьаш стаг вац. И дика болх хилла-кх тхуна террорна дуьхьал олу операци саца а йина, урхаллехь меттигера Iедал хилар бахьанехь» Цу кеппара къамел до тахана кхузахь долчу хьолах лаьцна цхьана тергамхочо. ГIайгIанениг ду и тайпа хьажам берш дукха хилар.
XS
SM
MD
LG