ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

РогIера Журналистийн Конкурс ДIаяьхьна Нохчийчохь


Украина -- "ДIаяккха цензура" цIе йолчу гайтамера сурт, Kиев, 15Заз11
Украина -- "ДIаяккха цензура" цIе йолчу гайтамера сурт, Kиев, 15Заз11

Шайн таро-комаьршалла а гойтуш, Iедалехь болчара кест-кеста дIахьо Нохчийчохь цхьацца зевне гулам-цхьаьнакхетарш а, спортан а, кхоллараллин а къийсадаларш. РогIера,ворхIалгIа, Кадыров Ахьмад-хьаьжин цIарх, "Дашо къолам" цIе йолу журналистийн конкурс дIаяхьна Соьлж-гIалахь.


Цуьнан жамIаш а дина, даздинчу хьелашкахь, совгIаташ дIасадоькъуш, меттигера куьйгалхой боцуш, цигахь дакъалаьцна Къилбаседа Кавказан кIоштан хьаькамо Хлопонин Александра а, Оьрсийчохь шуьйра бевзаш болчу цхьамогIа политикаша а, журналисташа а, артисташа а. Официалан кхайкхорехь, цу даздар-декъалдаршкахь дакъалаьцна, Оьрсийчоьнан иттех кIошташкара
баьхкинчу, цу конкурсе шайн белхаш хьовсийна хиллачу журналисташа а.

Кху тIаьхьарчу масех шарахь цу конкурсан жюри коьртехь волчу журналисто, юкъараллин дахаран хIайттархочо Шевченко Максима билгалдаьккхина Нохчийчохь дIахьош долу дешан говзанчийн къийсадаларш Оьрсийчохь а уггар лерамечех хилар, шо-шаре мел долу а цуьнан декъашхой тIекхеташ, цига бохкуьйтуш болчу белхийн географи а,тематика а шорлуш хилар а. Цунна хетарехь, иза Кадыров Рамзан хаамийн гIирсийн агIонча хиларан тоьшалла ду.

«Тахана бакъдолу сурт дIагайтарехь журналистийн хаарш, корматалла, церан шайн хьажа, .хIума кхетош хилар чIогIа мехала ду. Юкъараллин дог-ойла ма-ярра дIайовзийтар Iедалца барт-кхетам карорехь вуно маьIне ду. Цундела вайн пачхьалкхехь даима а шатайпа лерам хилла зорбанех долучу дешан. Цунах теша, авторна хетачуьнга ладугIу, журналистийн къа лераме тIе а оьцу. Кхузара тхуна журналисташкара гуттар а бакъдерг хозийла лаьа, уьш нийсонна тIаьхьабозуш ган лаьа». Иштта дара Шевченко Максиман къамел.
Цу тайпа дIахьедар дина конкурсан толамхой декъалбеш, нохчийн парламентан спикеро Абдурахманов Дукхвахас а.

Оцу дешан кIорге ястаран къийсадаларшкахь бен-бечу тIегIанехь толаме кхаьчнарг 29 журналист ву. Царна совгIаташ дIалуш ,меттигерчу Iедалдайшца цхьаьна жигара хьийзина Москохара хьеший а: Пачхьалкхан Думин депутат, Олимпиадашкахь кхузза дашо мидалш яьхна спортхо Роднина Ирина а, евзаш йолу тележурналист Пушкина Оксана а, кхиберш а.

Конкурсан коьрта совгIат кхаьчнарг ву меттигерчу телевизионехь «Диалоги» хьожийла дIахьош волу Каримов Iаьлви. Лаккхара «Гран-при» кхаьчна НТВ каналехь «Женский взгляд» проект дIахьош йолчу Пушкина Оксанина. Хаамийн гIирсийн аьтто а беш, само еш, цаьрга ладугIуш хиларна аьлла, шатайпа совгIаташ дина Хлопонин Александарна а, Кадыров Рамзанна а.

Массара а хастаме дешнаш ца кхоош, Нохчийчохь хаамийн гIирсаша бечу белхан къаьсттина лаккхара мах хадийнехь а, жоп дала да воцчу, дихкинчу хеттарех цхьаъ ду кхузахь, мел маьрша бу вайнехан журналисташ шайна хетарг Iорадаккха боху хаттар. Цхьана телехьожийлехь, радиоладугIийлехь, оьрсийн а, нохчийн а меттанашкахь арадуьйлучу газеташкахь каро хала ду урхаллехь болчарна товр доцу хIума. И агIо чот-хьесапе эцаро хадабо аьлла хета Соьлж-гIалахь дIаяхьначу конкурсан мах а.
XS
SM
MD
LG