ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дуьненаюкъара Зударийн Де Даздеш ю Нохчийчоь


Нохчийчоь - Нохчийн зудаберашна зезагаш делла Дуьненаюкъара Зударийн дезачу дийнахь, Соьлж-гlала, 07Заз2012
Нохчийчоь - Нохчийн зудаберашна зезагаш делла Дуьненаюкъара Зударийн дезачу дийнахь, Соьлж-гlала, 07Заз2012

Нохчийчохь хIинцале даздан дуолийна Зударийн дуьненаюкъара де. Зударшна хестамаш бар совнаха, цхьацца концерташца а, спортан къйисадаларшца а билгалдоккхуш ду и де. Дуккха а зезагаш а ду Соьлж-гIалин урамашкахь.

Ши-кхо де ду Соьлж-гIаларчу зезагийн туьканашкахь, яьккхий раьгIнаш лаьтташ йолу. Уьш дийнахь а, буьйсана а къоьвлина а йоцуш, болх беш ю. Таханий-кханий зезагаш эца луучара, хьалххе дуьйна гIайгIа бан безаш хиллера, зударшна куц а долуш кечйина зезагийн курс яла лууш хиллехь.

Зезагийн туькан долахо Оьрсийчохь воьвзаш волу флорист Чупалаев ИбрехIим ву. Цуьнна хIора минотехь тIеоьхуш нах бу, «ша-ша цигара ву, цхьамо ваийтина ву» бохуш. Амма мел чIогIа уьйраш хилча а, ша верриг а рогIехь латта веза. ХIара де, зезагаш лучу зударийн хилла а ца Iаш, зезагаш духкучеран а ду. ХIокху шина-кхаа дийнахь зезагийн мах гIаххьачул лакхаболу.

Нохчийчоь - Зезагаш духкучеран дика мах хуьлу Зударийн Деза Де Тlекхочуш, Соьлж-гlала, 03Заз2012
Нохчийчоь - Зезагаш духкучеран дика мах хуьлу Зударийн Деза Де Тlекхочуш, Соьлж-гlала, 03Заз2012

Соьлж-гIалин массо а маьIIехь аьлча санна лаьтташ бу зезагаш духкуш берш. Iедалша новкъарло ца йо царна луъучехь дIахитта. Цундела, гIала къарзъйина тайп-тайпанчу зезагаш.

Тахана белхан тIаьххьара де долун дела, Iедалан балхахь болу, буожарий бу зезагаш оьцучарна юкъахь дукха. Соьлж-гIалин юккъехь зорбана цIийна хьалхахь дIахоьттина зезагийн базар. Некъ мел бу лаьтташ ю, зезагаш чохь долу кIудалш. Кхузахь, машенца тIех волучунна атта ду, охьа а воьссина, мах а къоьвсина зезагийн масех курс эца. Тайп-тайпана, нехан тароне хьаьжжина зезагаш ду кхузахь, бохуш дийцира Маршо радиога цхьана йохкархочо.

Зезагаш дохкархо: «Дезачара дIаоьцу хIорш. Мах а тIе ца тоьхна оха. Зезагийн цхьана курсийн мах цхьа эзар а, ши эзар а, кхо эзар а бу. «Евробукет» олуш кечдинчу зезагийн курс кхаа эзарнах ду. ЧIогIа хаза курс ю иза».

Зударийн дуьненаюкъара де Нохчийчохь лерринчу даздаршца билгалдоккхур долуш ду. Цу юкъахь хир ю концерташ а, спортан къйисадаларш а, урамехь зударшна а, зудаберашна а зезагаш декъар а. Зударшна юкъахь шахматийн дуьххьарлера турнир а йолаелла тахана.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG