Карарчу хенахь шен даржехь дика ларалуш, гIантахь ондда дIатарвеллачех цхьаъ хетало дешаран а, Iилманан а министр Музаев Анзор. Iедалан мукъ карахьберш резабеш, къардайна, къахьоьгуш схьавогIучу цуьнгара, схьахаа, яьлла ледарло яц, массех шо хьалха цуьнан доладаьллачу министран гIантара восса.
Амма цхьаболчара кхеторца, тахана цуьнан хоийла кхин дIоггара тIаьхьало йолуш ца хетало,официалехь кхайкха а деш, цуьнгара даьлла ант дацахь а. И тIаьхьало йолуш цахиларан, лач делахь а, тоьшалла лору мехкан куьйгалхочуьнан омрица леррина кхуллуш йолу говзанчийн тоба, коьртехь хIинца Музаев Анзор Iачу министран гIантахьIжимма хьалхо Iийна Дадаев Лоьма а волуш.
Карарчу хенахь иза Кадыров Рамзанан гIовс ву. Цунна диначу тIедахкаршца, иза декхаре вина махкара дешаран а, Iилма Iаморан а дIахIоттам, кеп-чулацам тобеш, лакхарчу тIегIана баккха.
Дадаев Лоьмина тIедиллина мах хадош, ишколан директорийн а, иштта кхечу лакхарчу доьшийлийн а хьаькамийн а болх зер. Зераш дIахьош, тIекхуьучу тIаьхьенна йоза-дешар Iамош хаарш далар талларал совнаха тидам-тергоне эца дезаш ду церан кхетаме халкъан ламасташ, Iадаташ дахкар а, тIехь-когахь долчу духаран биста кхаччалц.
Вуьшта аьлча, цхьана агIор хестош дешаран а, Iилманан урхаллин болх а болуш, оццул шуьйра таронаш йолуш, говзанчийн тоба кхоллар лаа ца лору цхьаболчу тергамхоша а, хьехархоша а.
Хууш ма хиллара дешаран министараллин структурехь , шайн балха тIехь бахчабелла, дуккха а говзанчаш а болуш, кIезиг дакъош дац ,ишколийн а.кхечу доьшийлийн а болх зер,нийсачу новкъабаккхар,уггар хьалха гIодар, декхар долуш. Кхузара иштта яккхий бакъонаш йолуш говзанчийн тоба цхьаьнатохар,хьашто йолуш ца хеталахь а,лаа ца лору цхьаболчара. Гарехь, даьлларг хIун ду а ца хууш цхьа хIума галдаьлла дешаран а,Iилманан а министараллехь.
Хьехархоша дередо, хIинца санна хала хилла дац шайна, ур-аттал советан Iедал долчу заманахь а бохуш. «ТIийриг а йина схьаоьхуш бу зераш деш берш. Бераш Iаморан, кхетош-кхиоран болх, деккъа цхьана цу кехаташца боьзна болуш санна, хIара кехат стенна дац, и кехат стенна дац, бохуш. Иштта леткъамаш бо хьехархоша.
Цара кхеторехь гIо дан, хьеха ца богIу хьаькамаш, уггаре хьалха, сакхт лаха, пIелгаш Iитта, кхерамаш тийса богIуш бу. И сурт, цара дийцарехь, кху тIаьхьарчу шерашкахь, дешаран а, Iилманан а министараллин белхан хIатI а,чулацам а хилла дIахIоьттина.