ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шелонаш Лаьтта Нохчийчохь


Нохчийчоь - Соьлж-гIалахь бераш хаза хеташ ду ло деана, Соьлж-гIала 10Чил2012
Нохчийчоь - Соьлж-гIалахь бераш хаза хеташ ду ло деана, Соьлж-гIала 10Чил2012

Сан термометро сийсара буьйсана, кор а тоьхна, ша буйсаяьккха чуйитар дийхира... Арахь мел шийла ю гойтуш долу и беламе хIума ду тахана Нохчийчохь лелаш. ТIедогIуш ло дац, амма цхьана кIирнахь кхин саца а ца соцуш деанарг а тоьаш ду.


Шело дегIахь олуш ма хиллара, даьIахкашна тIекхаччалц чекхайолу кху деношкахь. Цхьанха Сибрех хилча иза ловр яра. Даиман а шийла хуьлчу меттигашкара стаг веача цо а даре до, Нохчийчохь йолу шело лан хала ю олий. Цуьнан бахьана ду хIаваэхь лекха тIуналла хилар.

Гидрометцентран Нохчийчохь долчу декъо дIахьедар дина цу тайпа шело Нохчийчохь хиланза дикка хан яра аьлла. Шайгахь долчу кехатийн тоьшаллашца цу тайпа шелонаш Нохчийчохь хилла 1940-чу а, 1970-чу а шерашкахь аьлла хаам бина оцу урхаллийн куьйгалхочуьнан гIовс йолчу Бекмурзаева Татьянас.

Бекмурзаева: «Соьлжа-гIалахь вай кхузахь яра 25.4 градус. КIошташкахь 29 градус шело яра. Соьгахь цхьацца тоьшалш ду. Уггаре а шелонан минимум хилла 1940 шарахь. ХIета 32 градус хилла. Цул тIаьхьа I972 шарахь хилла минус 31 градус. Кхинболу хаамаш соьгахь бац, 2000 шарахь хилларш боцурш».

ХIоьттина йолу шело шен чакхене яхана аьлла, хеташ ю Бекмурзаева Татьяна. Шоьтан дийнахь а, Кiиран дийнахь а арарчу хIаваийн градус мелла а лакхаера ю боху цо. Оцу хенан хIоттамах баш догйовха бац Нохчийчуьра цхьаболу бахархой.

Соьлжа-гIалахь ехачу Тамуса цIе йолчу йоккхачу стага бахарехь, ишшта шело цунна дага а догIуш хилла яц.

Тамуса: «Йовха хила а Iемийна,и шело ла ца ло-кх кегийчаьрга а, баккхийчаьрга а. Дукха шелъелла хIинца.Отоплени дукха гIийла ю. Иза ца хилча Iе ма ца ло.ТIера жигетка а ца йIоккхуш Iаш ю-кх со таханлерачу дийнахь. Малх хаьжна олу вайна. Амма, араваьлча го, мел шийла ю.

ДIа а ца хьажало, схьа а ца хьажало. ХIара шело хьалха хилла яц кху тайпана. Хилла соьлла а баккхийнарш болчу хенахь. Шийла хилла олуш хезнера суна. Со а ю 1939 шарера. Суна дага а догIуш хилла яц ишшта шийла. ХIокху денца «отоплени» а ца хуьлу лортIехь. Суна-м ца хаа, хIорш тамашийна хIуманаш ду-кх. ТIаьххьара хира ду баьхна долу хIуманаш ду хIорш».

Нохчийчоь -- Соьлж-гIалахь бераш хазахетарца хехкалуш ду ша тIехь, Соьлж-гIала 10Чил2012
Нохчийчоь -- Соьлж-гIалахь бераш хазахетарца хехкалуш ду ша тIехь, Соьлж-гIала 10Чил2012

Хила ма деззара Iа деъча иза уггаре а хазахеташ дерш бераш ду. Салазаш а хоьхкуш, хи тоьхна ша бинчу кегийчу гунаш тIера чухехкало уьш. Иза яьрташкахь ду.

​Соьлжа-гIалахь берашна цу тайпа чухехкадала меттигаш яц. Цундела туьканашна хьалха заьIапхошна аьттонна йинчу пандусаш тIе хи а тухий, цу тIера чухехкало уьш.

ХIокху деношкахь машенашлелорхой некъашца ларбала безаш хилла а ца Iа. Дукха бераш ду машенашна тIехьа а тийсалуш хехкалуш. Наггахь воьдучу воккхучо, човхабой тIаьхьатасабеллачуьра дIабоху уьш. Амма тIех сов дов ца до цара, кегий долчу хенахь шаьш а иза лелийна долун дела.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG