ХIокху тIаьхьарчу шарахь, мархийн бутт уггаре а довхачу деношца нисбеллехь а, Дала бусулбачу нахана тIедиллина долу и фарз кхочуш деш берш кIезиг бац. Иза хаало, масала, урамашка араваьлча а. Машенаш а, нах а дукха бац дIасалелаш. Амма и тийналла шина-кхаа дийнахь бен ца лаьтта. И хан дIаяьлча, адамийн дегI дулу марханна.
ХIинцалц дерриге а дуьнено марха лоцучу ханна цхьа де хьалха, ян цхьа де тIьахьа лоцуш дара иза Нохчийчохь. Ур-аттала, луларчу Дагестанца а, ГIалгIайн махкаца а, цхьаьна ца нислора нохчийн и де. Цундела ишшта ала догIуш далахь, цхьацца новкъарлонаш хуьлура нахана марха достучу хенахь, кхечу республикашкахь бехаш болу шай гергара нах декъал барехь.
Цхьана юкъана-м, цхьацца яьрташ а билгалйовлура оцу хаттарехь. Масала, Чечанахь цхьана дийнахь лоцуш а, достуш а хилара марха, ткъа масех чакхарма генахь бен йоцучу АтагIахь, кхечу дийнахь дора иза.
И гIуллакх цхьана семан тIе далийна массийта шо ду. Амма дерриге а дуьненца марха лацар а, дастар а ца нислуш долу хаттар хIокху шаре кхаччалц схьадеара. Гарехь, цхьана дийнахь лаьцнехь, цхьана дийнахь даста а там бу марха Нохчийчохь бохуш, дуьйцу бахархоша.
Мархийн бутт беза хиларх лаьцна Маршо Радиога дийцира дуккхачу а хенахь муфтиятехь болх бина волчу Аюбов Ясраил-хьаьжас.
Аюбов Ясраил-Хьаьжа: «Мархийн бутт кхабар бусулбачу нахана тIедиллина ду. Мархийн баттахь ялсмане неIарш дIаеллало, жоьжагIатийн неIарш дIакъовлало, шайтанаш дIадоьхку, цара деш долу зуламаш хIокху баттахь ца до аьлла, ишшта билгалбина бу мархийн бутт.
Кхин цхьа хIума а ду Элчано аьлла: «Дела хьашто йолуш вац шуна, аш хIума ца яаран, хи ца маларан а, шу вониг ала а олуш, цу тIехь шу Iамал еш далахь. Марха кхобучу стега лергашца, бIаьргашца, дагца, мел йолчу дегIан меженашца кхаба дезаш ду иза».
Мархийн баттахь, вовшах къинтIера довлар деза дуьйцуш долун дела, Нохчийчьонан Iедалша, шай агIора, хаийтина, къера хиллачу тIемалошна гечдан кийча ду шаьш аьлла. Республика куьйгалхочо Кадыров Рамзана ша оцу хьокъехь вист хуьлуш дIахьедар дира, тIебахка луучарна некъ болуш бу аьлла. Амма, цо юха а билгалдаьккхира, дуьхьало ечу тIемалойх церан гергарниш а жоьпаллехь хилар.
Билгаладаккха деза, шо шаре мел долу а, Нохчийчохь ламаз-марха долу нах алсам бовлуш хилар. Кегийчу бераша а масала оьцу баккхийчарах. Саламбек цIе йолчу Соьлж-гIаларчу вахархочуьнан 6 шо долу йоI, Iуьрана дуьйна коьртах доккха йовлакх а тиллина, хIума а ца юуш Iаш хилла, шен марха ду бохуш. Делкъал тIаьхьа, ша кхоччуш мац елчий бен кхача ца биира цо, бохуш вара иза. Вуьшта, шен къамелехь, Саламбека билгадаьккхира марха тIекхачаре сатуьйсуш дукха нах хилла хилар.
Саламбек: «Мрхийн бут тIеьеана чIогIа хазахета суна. Оцу баттахь къиношна гечдо боху. Даккхий къинош ца динехь а, уьш доцуш цхьа а стаг ма ваций. ХIора шарахь марха кхобуш болу нах алсам бовлуш бу. Маьждиг чохь а, шорта адамаш хуьлу, бераш а цхьана. Нохчашна юккъахь барт хилийта а, машар хилийта а, доьхур ду-кх вай, Дала мукъалхь».
Мархийн бутт дIабаллалц Нохчийчохь болх бийра болуш яц дукхах йолчу кхачанан чоьнаш а, туьканаш а. Корта бахош долу маларш дохкахь луьра таIзар хир ду аьлла, дихкина махкахь оцу цхьана баттана.