ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мохк хийца боху "Собачевкехь" бехачаьрга


Соьлж-ГIалин Старопромысал кIоштан чуйоьдуш ю нохчийн шахьаран Малхбузехьа Iуьллу «Собачевка» олу меттиг. Цигара дукхахдолу ков-керташ регIан даккъаш тIехь дина ду Советан Iедал долуш дуьйна схьа. Ишта даккъашца хIусамаш а йолуш дIатарбелла бу Старопромысал кIоштера эзарнашкахь бахархой.

Оцу даккъаш тIехь бIеннашкахь йина хIусмаш хилар бахьнехь Соьлжа –гIалин кIоштех уггар йоккхачех а ларалуш, асанах тера 10-11 чакхарма яхъелла Iуьллуш ю Старопромысал кIошт.

«Собачевка» олучу меттиг тIера дуьйна даккъаш тIехь Iохкуш изза 36 участок олу меттиг а, Нефтемайск а, Нефтянка а,городок Маяковский а, Нефтяник а… Царлахь тахана маьхькIамхоша,чутакхарна кхерам бу,бахархой дIакхалхо беза аьлла, юьхьарлаьцнарг ю гIала чувуллочохь Iуьллуш йолу «Собачовка» олу кIотар.

Цара цу декъехь беш болу тIеIаткъам вуно чIогIа халонга баьлла кегийра а,къона а болуш дуьйна цигахь Iар-дахар а нисдина къанбеллачу нахана. Цара даре дарца цигахь цхьана кепара латте чутакхарна тIебазбелла кхерам а бац,хIинццалц схьа цхьана вахархочунна латта такхар бахьнехь бохам хилла а бац.МогIарерчу наха чIагIдарца цунах байракх а йина,шайна ахча даккха карзахбевлла бу маьхкIамхой. Шайгахь яллочу гIелонаш дуьйцуш ву со цIе яккха хIуттуш воцу вахархо.

Вахархо: «Латтанаш чутекхар ду бохуш долийна дикка хан ю. Хьуьллу цхьа божалш санна,сихаллехь йинчу кегийчу Iуьргаш- хIусмаш чу дIакхалхо гIерта нах. Адам реза дац.Гуттар гIийла бохкуш болчара ахча схьаэцна меттигаш ю. Мел бу ала-м ца хаьа суна схьаэцнарш. Цхьанна 540 эзар ло. Доьзалехь виъ велахь -2 миллион.»

Маршо радио: ХIинца суна догIург сан кара схьалур дуй цара?

Вахархо: «Лур дац. Схьа-м оьцуьйту хьоьга,амма цул тIаьхьа царна догIург ахь дIадала деза. Уьш шайн дуьхьа лелаш ма бу. Аса а ,кхечара а реза дац аьлла кехаташ чуделла. Кхузахь цхьа токхамаш бан ма бац,я хилла а бац. Текхаш а,я текхна а дац. Цхьа хIумма а ала ца ваьхьа. ТIеваха меттиг яц. Хьан гIуллакх дийр долуш бац.

Со кхеташ вац кху хIуманех. Цхьа-а хIума дан ца хIуттуш,цара чам байина Iаш ву-кх со а,кхиберш а. ХIара тхан юрт йоцург кху даккъаш тIехь шортта цIенош ма ду. ХIара меттигаш текхаш а йолуш лелош ма яц цара и харцонаш….»

Токхамех бахьна а дина ах бIе шарахь дуьйна шаьш Iийначу меттигера маьхкIамхой шаьш дохо гIертарх дийцина вахархочо ечу къароца,хIун дан деза ца хууш холчахь ду дукха адам. Цо а,кхечо а даре дарца,цхьа тIекхетта дохкучу,божалех тера лаппагIнаш чохь хене бевллачу нахана гIуллакх хуьлу ахча делча а ,квартира олу хIусам елча а.

Бакъду боху цара гIаланаш санна даккхий цIенош чохь Iаш болчарна Iаламат эшаме,зене бу Iедалехь болчара кхийдо некъ. Къаьсттина новкъадогIург ду боху бахархоша, текхаш латтанаш а доцуш,шайна хила тарло хьарам са бахьнехь маьхькIамхоша адамашкахь гIело яллор.

“Маршо Радион” доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьаяийта: 420 724 019832

XS
SM
MD
LG