ТIекхочийла долу линкаш

ТIех шога аьллехь а, шен заманахь Парнас партин куьйгалхочо аьлларг цунах юкъ-кара олу, юьхь-духхьал ца алахь а –интернетехула.

2011-чу шарахь ло Немцов Бориса хIара жоп, шега журналисто, Кадыров Рамзана хьо ву ма боху Москох гуламаш вовшахбеттарг, аьлча.

Немцов: «Кадыров коьртаца дика вац. Цунна дарбадан деза. Цу тIе, сихха. Иза тован чувилла веза. Морфин, промидол. Шизофреникашна муха до дарба? Иштта. Цомгушчаьрца собаре хила гIоьрту со. Хала-м хета, и тайпа нах мехалчу Кавказан регионан коьртехь болуш. Теша-кх, цкъа мацца а иза даржера воккхур ву бохучух, жоп лур ду цо доллучух а».

Кадыровс хийлачуьнга олуьйтуш долу «къурд» хIетахь Немцовга ца алийтира. Аьллехь, иза дийна виса а тарлора.

Дукха хьолехь шена аьллачунна цу сахьта шогга жоп ло Кадыровс. Я иза ца кхиича – гоно.

Кадыровс стенна делла жоп оццул сиха?

Оьрсийчоьнан прессо тергал деш, лехьош, даржош долучух ду оршоьтадийнахь «Дождь» телеканалехь политологан, политтехнологан, цхьана муьрехь президентан хатI хаздеш къахьегначу, хIинца идеологехь Путинна дуьхьаллаьттачу Павловский Глеба аьлларг.

Кадыров Оьрсийчоьнан рогIера президент хила ресурс йолучех, «Кремлах доладало пакет» карахь йолучех ву, Павловскийна хетарехь.

Оцу аламна сихха, де-буьйса далале, шен Telegram-канале жоп кхоьссина Кадыров Рамзана. «Кремлан «контролан пакет» хьаьнгахь ю, бохуш, къамелаш дечу, шаьш хьекъалчаш ду моьттучарна хаьийла Кремлан администрацин шен да вуйла – ву иза вайн Куьйгалхо – Оьрсийчоьнан Президент».

Павловскийга а ду жоп. «ЖIаьла лета, шен дех ийзалуш, юха а къерзаш. Ткъа эффект янне а яц. Цкъацкъа, я доьналла а, я хьекъал а доцу арахь кхобу жIаьлеш, вовшах а кхетий, къиза хуьлуш болу къуй санна, лата чухьаьлха. Амма, цIогIанаш охьа а таIийна, «Iанц-Iанц» аьлла, шайн дена тIедовдийта тоьу барзо «гIигI» аьлча», - яздина Кадыровс.

Павловский Глеба аьлларг дуьххьара дац хезаш. «Кадыров хила тарло Оьрсийчохь президент» кест-кеста олу.

Оьрсийн кхетамехь оьрси бен хуьлийла дац оцу меттехь

Маршо Радионо хаьттира Оьрсийчохь бевзаш болчу политологашка, мел маьIна долуш, хила торуш ду иза – буй Кадыров Рамзанан Кремлан коьрте хаъал ницкъ, аьлла.

Юшков Игорь Оьрсийчоьнан Iедалан финансийн университетехь хьехархо а, Халкъан энергетикан кхерамзаллин фондан зерахо а ву. Цунна хетарехь, оьрсех воцург хуьлийла дац президент, Павловский ша-шен гIараваккха гIерта, ткъа Кадыровна пайде дац иза Кремл дIалаца воллу боху эладитанаш.

Юшков: «Оьрсийн кхетамехь оьрси бен хуьлийла дац оцу меттехь. Кадыров кхо шо, масала, даьлча ерриг а Оьрсийчоьнан президент хIотта мега бохург, сан кхетамехь, хин доцург ду. Ткъа и къамелаш даржор, Павловскийх шех аьлча, церан иза шайх дош даржорхьама ду.

Иштта, шен Кадыровн рейтинг охьаяккхархьама а. ХIунда аьлча, оцу къамелаша йохайо цуьнан регионан куьйгалхочун цIе. Цундела Кадыровна зуламе ду и тайпа эладитанаш.

Цу тIе даьлча, хаттар хIоттало, мел эвсара до цо Нохчийчоьнах куьйгалла, олий. Нохчийчохь урхалла дика деш хила а тарло цо. Амма массо а кхета, Нохчийчоь Оьрсийчоьнан юкъарчу низамийн гонера яьлла ехийла. Цигахь лела процессаш кест-кеста хуьлу кхечу регионашкарчех къаьсташ. И практика ерриг а Оьрсийчоьнехула яржийта луурш, суна хетарехь, кIезиг бу».

Кадыров – политикийн, куьгалхойн могIаршкахь оьшуш йолчу фигурех ву

Кремле кхача тарлучу хьаькамех вуй Кадыров, мел мах бу цуьнан Оьрсийчоьнан политикан олимпехь иза эшар, я ца эшар зийча, аьлла хаьттира Маршо Радионо пачхьалкхан политтехнологеш дика евзачу талламчига, Гайдар Егоран цIарахчу экономикан политикан институтан лакхарчу Iилманчига Казенин Константине.

Казенин: «Кадыров – политикийн, куьгалхойн могIаршкахь оьшуш йолчу фигурех ву. Иза охьадаккха мегар дац терзанна тIера. Хьанна а, мухха а хетахь, иза долуш ду, юьстахтоттийла а дац», - элира Казенина.

Кадыровна товр доцу дош ца олуш, цунна тIелеткъарш тергал ца беш схьавеана, схьавогIуш а ву президент Путин. Цундела а олу Кадыровс ша цуьнан «гIаш-салти» ву кест-кеста.

Павловский Глеба бохучо деш кхин зен доцийла кхеташ волчунна кхета ду Кадыровс цунна делла жоп стенна ду майра а, шога ала мегаш а.

Немцов Бориса шен заманахь шийла мах лора Кадыровна. Парнас партин куьйгаллехь цуьнан гIовс лаьттинчу Яшин Ильяс тахханалц схьадахьа шен накъостан ламаст. Цо ша «Кадыров Рамзан. Къоман кхерамзаллина лаьтта кхерам» цIе а йолуш, стохка Чиллан-баттахь баржийначу талламца дехха охьадагардира Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнца шена а, шен гонна а гуш долу сакхташ.

Ткъа ша Кадыров а, цуьнан уллера го а шайна Iаламат яккхийн гIаланаш хIиттош хьийза, рицкъанах букъбелла лела

Амма Москох Яшина Кадыров Iоравоккхучу меттехь дов-гIовгIа эккхийтира цуьнга ладугIа баьхкинчех цхьамма. ГIишло эккха тарло, бомба ю йиллина, аьлла, полици еъначу юкъанна дара иза а. Суьрто гойтура Кадыров вожо Яшинан а, цуьнца лелачу оппозиционерийн а гIора хир а доцийла.

Яшин: «Коьртачу галморзахаллех цхьаъ ю Кадыров Рамзанан цIе тIех айар. Бахархойн цхьа дакъа ясакх яла хотIа доьжна ду. Ткъа ша Кадыров а, цуьнан уллера го а шайна Iаламат яккхийн гIаланаш хIиттош хьийза, рицкъанах букъбелла лела».

Кегий, тIех маьIне а бац аьлла хетачу битамаша а дика гойту хьал. Гуглехула ахка-лаха воьлча, мониторо схьалург Кадыров Рамзане аьлларг дац, цо делла жоп ду – борз гича, цIога охьадохуьйтучу жIаьлех, хьекъалча ша ву моьттучух, иштта дIа кхин а. Ткъа Павловскийс дина къамел ма-дарра хаза хало хуьлу, муьлхха а дош лехаме диллина ахкарх а.

Жима, амма мила ву мила гойту битам.

Шуна хетарг

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG