ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

«Iедале кхаьчнехь – чувуллур ву, бакъвийр вац»


Нохчийчуьра схьаваьллачу тутмакхан гергарчара дуьйцу, Карелерчу №7 набахтехь цуьнан бакъонаш талхайо, дуьхьал керла бехктакхам айбина бохуш.

Габзаев Хасболат Шема ваха гIортина аьлла шена тоьхна кхо шо токхуш ву. Гоьвелира иза Мохкох митингашка леларна чувоьллинчу жигархочо Дадин Ильдара набахтерчу тутмакхашкахь яллочу къизаллах лаьцна стохка дийцича.

Дадина даржориг бакъдеш, Габзаевс ша а дийцира зорбане дахначу шеран Iай шена дайнарг: Дадинна етта, цунна тIехь Iазап латтадо.

Оццу муьрехь президентан цIарх адамийн бакъонаш тергалъечу урхаллан куьйгалхо Москалькова Татьяна а, бакъоларъярхой а бахара набахте. Лаьтта хьал цаьрга а дийцира хIетахь Хасболата. Дадин юьхьанца кхечу набахте ваьккхира, юха дIахийцира.

Бухабисинчарна «мотт бастар» окхуш бу хIинца набахтера хьаькамаш, дуьйцу Габзаевн цIерачара.

«Нохчийчуьра стохка бIаьста вигира Хасболат Кареле. Новъкахь цомгуш хилла. Ткъа дIакхаьчча, етта йолийна цунна. Иза веккъа ша чоьнаш чохь кхобийла (ШИЗО) хаьара тхуна, амма еттий хууш а дацара. Дадина дийцадаьккхича хиира. ТIаккха девзира цо бакъоларъярхошка дийцинарг а», - элира Кавказ.Реалига Габзаевн нанас Гайрбекова Женетас.

Цо бахарехь, Хасболат цо бусалба дин лелорна а ву хьийзош. Цунна ницкъаша хьакха яон а гIиртина набахтин белхахой, ца йиича – хьийзо волийна.

«Ирх а уьхкуш, дечиган жIов йиттина, межеш ницкъах дIаса а ийзош («растяжка»). Мацалла вуьйчу кхачийна, хьакха ца яарна, ламазаш дарна. И волчу со кхаьчча, суна гинарг еккъа цхьа адаман чарххий, чкъоррий бен дац», - дуьйцу Гайрбекова Женетас.

Цунна еттарх тоьшаллаш доллушехь, бекхтакхам ца боьху Iедало цхьаьнгге а, адвокаташ дуккхаза а гIиртина Талламан комитете дов айдайта – эрна дисина. Бакъду, набахтера накъостий протесте ийзорна аьлла, шена дуьхьал бехк баьккхина цунна хIинца.

Набахтино кечдинчу аьрзнаша бахарехь, стохка Iай Хасболат летта чубаьхкинчу набахтин хьаькамех.

Ткъа нанас иштта дуьйцу: «ГIуран-беттан 20-чохь цунна йиттина, юха чубаьхкинчу белхахоша, дарвархьама, цуьнан стоьла тIехь Iуьллу Кур’ан боьхча горгамна тIедиллина. Яьккхинчу видеоца ду гуш цо оцу муьрехь, катухий кад-Iайг схьаоьций, уьш юьстах ластош. Цул тIаьхьа летта цунах белхахой. И видео «Комитет за гражданское содействие» цIе йолчу боламан куьйгалхочунна Бабушкин Андрейна а гина – цо, мелхо а, сан кIантанна йина хьаькамаша, боху, гIело».

Нанас юьйцу видео хьожийла ду РЕН ТВ телегойтийлан сюжетехь а.

Гайрбековас дийцарехь, Хасболате шена тIебаьхьначу бехкех набахтин хьаькамаша цхьаъ тIеэца , тIаккха шаьш шолгIаниг буйцур а бац, боху. Амма реза вац иза дан Хасболат.

Нанас дуьйцу, муха «вира» Хасболатах Шема ваха араваьлларг. «Iедале кхаьчнехь – дIадаьлла, бакъвийр вац. Шема ваха валлара бохург тIеэцар тоьлу, арахь такха цхьа шо бен лур дац, бехира талламчаша. Со къар ца елча бен Хасболата тIе а ца ийцира иза шена».

«Кавказ. Реалии» зIене елира Карелерчу набахтийн урхаллица. Пресс-гIоьнчин Фефелов Виталийн иштта боху: «Габзаевн историн дикка зама ю, стохка Дадин Ильдарца йозаяларх схьайогIу иза. Набахтехь ницкъ бо бохуш, тутмакхаша яздина аьрзнаш бакъ ца хилира, доцург тIекхоллинчу нахана дуьхьал бехктакхам а бу айбина».

«Реза боцчийн йиш ю прокуратуре арздан. Чоьхьара низам талхориг ша кхобучу изолятор чохь латтон тхан бакъо ю. …Оцу тутмакхо (Габзаевс – КР) дуккха дина аьрзнаш, амма цхьа а бакъ ца карийна», - ду Фефеловн жоп.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG