ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хьо вахьахь, дел Оьрсийчохь нохчийн хелхар!


Нохчийчоь --Къоман хелхар.
Нохчийчоь --Къоман хелхар.

Хелхар! Иза хΙун ю? Муьлххачу а къоман синхазна, цуьнан амал, дика гΙиллакхаш довзуьйту гайтам бу, эр ду хьаъа а. Амма кхечу кепара го кавказхойн хелхар Москох а, оьрсийн кхечу гΙаланашкахь а. Цуьнца, малхо кхаьрзина, амална сиха болу къилбера нах къардан гΙерта шаьш, аьлла хета цхьаболчу оьрсашна. Къепе латточу урхаллаша лоьцу и хелхар нах гуллучохь деш нисбелла кавказхой. Ткъа вукхара иза юх-юха а дарца дог этΙадо бухарчийн. Деношкахь а нисъелла Оьрсийчохь Кавказан хелхарца йоьзна инцидент.


РогIера инцидент иккхина Ставропол-кIоштахь нохчийн хелхарца, аьлла, коьртехь а язийна, артикалш арахецна Оьрсийчоьнан цхьаболчу хаамийн гIирсаша. Цхьа жима стаг, шен машена чуьра охьа а воьссина, новкъахь шозза-кхузза бохь а боьгIна, ирах тапча а тоьхна, дIавахана боху. Сихонца полицино къастийна и жима стаг мила ву. Оцу кIоштара Курская-станицера вахархо хилла иза. Ставропол-кIоштахь, ур-атталла тапча а ца тухуш, урамехь нохчийн хелхар дар а дихкина ду, цундела низаман мел йолу буьрсалла гайта мега оцу кIантана тIехь: тапча а схаьйоккхура ю, доккха гIуда а тухур ду,боху низамхоша.

Дукха хан йоцуш Ставропол кIоштан Iедалша, гIара а ца доккхуш, дихкина кавказхошна шайн къоман хелхар дар. Иза дина, боху, юккъараллера дукха аьрзнаш хиларна. ХIинца цигахь магийна дац, гул а белла,хелхарца самукъдаккха.

Ши шо хьалха, Пятигорск-гIалахь муьлш бу ца хуучу наха герз диттира, хелхар дечу нохчашна. Царех масех стаг, чевнаш йина, дарбан хIусамашка кхачийра, царна гIуданаш а туьйхира, юккъараллера къепе йохош хилла, аьлла, ткъа герз тоьхнарш кара а ца бира низамхошна.

Оьрсийчохь шайца доьзна долу муьлха а хIума шеконе хетарх боьлла нохчий. Цундела, бовла а бовлуш, дукха кегий нах ца хIуьтту гуччохь и хелхар дан, муьлхачу а агIор и хIума дерзахь а, шайн бехк бийр буйла а хууш. Нохчийчохь а ца кхета, и хелхар новкъа хIунда догIу Оьрсийчохь. Хелхаволучо лестош долу куьйгаш, тIах-аьлла лелош болу когаш, цхьана агIор латарх тар-м ца делла теша, аьлла, Маршо радионо хаттар делира нохчийн хелхаран говзанчига Магомадов Iабдуллига. Хелхар шен хила дезачу кепехь деш делахь, цхьанна а новкъа догIур дац, аьлла хета шена, элира цо.

Магомадов Iабдулла: "Дан ма деззара хелхар деш волу кIант, кхочуш вайн Iадаташ а, гIиллакхаш а хууш стаг ву. Ишшта халхаволуш волу стаг Iаламат къонахалла йолуш стаг хила везаш а ву. Акхароша санна, маьхьарий а ца детташ, ирх тапчаш а ца етташ, дича, суна хетарехь, цхьанхьа а доьхкур дац и хелхар.

Хелхарехула къаьмнийн юккъаметтигаш чIагIъяран агIонча ву хореограф Магомадов Iабдулла. Шорта масалш ду, боху цо, шерашкахь хелхар бахьанехь доттагIалла лелийна а, лелош а.

Магомадов Iабдул: "Оьрсийчохь цхьацца фестивалешкахь дакъалацар -корматалла вовшахка ялар хуьлу. Вайн гIиллакхаш царна хаmа, церан гIиллакхаш вайна хаmа. Цу тIера тасало доттагIалла. Цу тIера схьайогIуш ма ю къаьмнийн юккъаметтигаш а, уьйранаш а. Хелхар чIогIа хIума ма ду".

Нохчийчу хьошалгIа баьхкинчарна, лаьмнаш а гича, къоман даарх а кхетча, дуьххьара ган лууш дерг хуьлу хелхар. Ишштачех ю журналист Кириленко Анастасия. Кхузахь кIира а даьккхина, иза Москох шен цIа яхана. Нохчийн хелхар гина цунна. Иза ца магочара пачхьалкхехь кхъаьмнашна юккъахь цабезам кхуллуш бу, аьлла хета цунна.

Кириленко Анастасия: "Сан аьтто белира Нохчийчу яха. Селхана сарахь цIа кхаьчна со. Сан визит кхоччуш хилла аьлла хетар дацара суна, къоман хелхар ца гинехьара. Тхоьга аьллера, зуда ялийначохь и хелхарн ган тхан аьтто бу, аьлла. Цига воьдуш цхьанге а хетта а ца деза, бохура. Тхуна иза инзаре хийтира. Тхо баккъал а дахара цхьана кафе чу. Цигахь хелхарш дара деш. Дуьххьара ас тидам бинарг дара локхуш йолу эшар оьрсийн маттахь хилар. Цигахь дешнаш дара, «Кавказ вайх йоккхаеш ю..», бохуш. Иза чIогIа догIуш дара. Шаверг велира хелха. Дуьххьара бакхийнаш, юха тIаккха кегийнаш а. Суна ишшта хаза хелхар гина а дацара. ЙоI дай боларца ког баккха безаш яра. Иза чIогIа хала хелхар ду аьлла хета суна".

Кириленко Анастасияна хетарехь, нохчийн и хелхар Оьрсийчохь доьхкучу наха къаьмнашншна юккъа цим туьйсу. Нохчийн хелхарал сиха а, буьрса а долу хелхарш мага деш ма ду, бохуш, кхин дIа а дийцира цо.

Кириленко Анастасия: "Иза уггаре а буьрса хелхар а ма дац. Суна гина гIалмакхойн хелхар. Хелханчо, лаккха ирх а кхийсалуш, мохь бетта. Суна хетарехь, кхузахь дерг ду къаьмнашна юккъахь барт эгIон гIертар. Иза шалхенаш ю. Кхин хелхар хилча, цунна терго йийр а яцара. Москох, хина йистошкахь, капуэйро олуш долу хелхарш хуьлу. И бразилхойн хелхар, дукха чIогIа сиха а, буьрса а ду. Цигахь лоькху цхьацца мукъамаш, амма и хелхар цхьанна а новкъа ца гIурту".


Нохчийн хелхарх, цо цхьа боккха бохам бахьаш санна, дийцаре даьккхина дела, Нохчийчуьрчу Iедалша а кхайкхам бина махкал арахьа доьшучу а, бехачу а божаршка, цу тайпа самукъадаккхар, нагахь санна бухахь болучарна товш дацахь, сацадахьара, аьлла. Цул тIаьхьа, Оьрсийчоьнан регионашкахь хелхар дар, майралла йолуш санна даржийра вайнехан кегийрхоша...
XS
SM
MD
LG