ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ЕГЭ-экзамене - тIаме санна


Кху беттан 7-чу дийнахь дуьйна Оьрсийчоьнан 50 регионехь дIахьор ду ЕГЭ зераш. Уьш дешархойн дай-наношна лерина хир ду. Оцу акцин Iалашо ю, баккхийчарна экзаменех дерг кхоччуш довзийта, церан хеттаршна жоьпаш далар.

Хьалха, тIаьхьарчу классерачу дешархоша, сатуьйсура школийн пенашкара ара а девла, кхин дIа а доьшийлашка даха. Тахана и дог-ойла яц дукхачеран. 11 класс яьккхича, дIаяла езачу ЕГЭ-х ойла йо, цара а церан цIерачара а.

Аьхкенна хан герга мел йоьду, куйгашца корт а лоций беха цхьаберш, вуьш, шайн берелла дика доьшуш хилла а бац бохуш, саготта а боцуш Iа, ткъа хан тIе ма кхаьчнехь, къаьста, оцу «11 шарахь Iамийнарг ца хиллийла» ЕГЭ-хь лучу хаттаршкахь.

Нах кхета зераш дешархошна оьшуш хиларна, амма массара аьлча санна, тидам бо тIеман операци йоьдуш кепехь чIагIамаш а бина, и экзаменш дIахьош хилча, дукха бераш къаьхкий, шайна хуург дицлуш хиларна. Соьлж-ГIалара вахархочунна Саралиев Вахин йоI а ю кху шарахь школера дешна йолуш. Хааршна зер хIумма дацара, низамхоша бечу чIагIамашна реза вац-кх ша элира цо.

Саралиев: «ЕГЭ хилар, берийн дешаран хаарш таллар дика хIума ю. Амма набахти чохь санна эскар а долуш хила дезаш дац иза. Дукха меттигаш ю, зудабераш оцу экзаменехь дог гIеллуш. Роботш мая ц уьш, адамаш ма ду уьш».

ЕГЭ-х лаьцна дукха дийцина. Оьрсийчура цхьаболчу Iилманчаша а, могIарера хехьархоша а емал еш ю и зеран система. Амма цара а билгалдоккху, дукха нах, дешар чекхадала цхьа ах шо дисинчу хенахь царна хьехархой механ лаца а лоцуш, Iамабойтуш бу аьлла. II шарахь ца Iамийнарг, эха шарахь Iемар дац, аьлла, Маршо радиога дийцира ша а хьехархо волчу Шаипов Артура.

Шаипов: «ЕГЭ тIекхочучу хенахь дай-наной дуьйлало бIаьрг сара кхетча санна репетиторш лоьхуш. Уьш доьшучу хенахбь, церан бала а ца хуьлу церан дешарна. ЦIахь царна белла болх талла ц атоллу. Ша болу бехк дайш-наноша хьехарошна тIебуьллу».

Шаипов Артур ша а ву, ЕГЭ-н бераш кечдеш хьехархойн болх беш. Шортта иза бан а бу, элира цо.

Шаипов: «ЕЕГЭ хала ю. Оьрсйичоьнан истори а ю, кхечу къамнийн истори а ю. 6-чу классера иза Iамийна ца хилча, и экзамен церан дIаяла аьтто бац. Вайн берашнша оьрсийн мотт дика ца хаа. Къаьстина яьрташкара берашна. Иза дешаран сакхаташ ду уьш».

Кху баттахь 7-чу дийнахь дуьйна Оьрсийчоьнан 50 регионехь дIахьура ду ЕГЭ зера. Иза дешархойн дайшна-наношна лерина хира ду. Оцу акцин Iалашо ю, баккхийчарна оцу экзаменех дерг кхоччуш довзийтар а, церан долчу хаттаршна кхачо йолуш жоп далра а. Доцца аьлча, оцу ЕГЭ-на хьалхахь кхана-лама хIотта дезачу шайн берийн цIоканехь хира бу уьш.

Хьалха, тIаьхьарчу классерачу дешархоша, сатуьйсура школийн пенашкара ара а девла, кхин дIа а доьшийлашка даха. Тахана и дог-ойла яц дукхачеран. 11 класс яьккхича, дIаяла езачу ЕГЭ-х ойла йо, цара а церан цIерачара а. Аьхкенна хан герга мел йоьду, куйгашца корт а лоций беха цхьаберш, вуьш, шайн берелла дика доьшуш хилла а бац бохуш, саготта а боцуш Iа, ткъа хан тIе ма кхаьчнехь, къаьста, оцу «11 шарахь Iамийнарг ца хиллийла» ЕГЭ-хь лучу хаттаршкахь.

Нах кхета зераш дешархошна оьшуш хиларна, амма массара аьлча санна, тидам бо тIеман операци йоьдуш кепехь чIагIамаш а бина, и экзаменш дIахьош хилча, дукха бераш къаьхкий, шайна хуург дицлуш хиларна. Соьлж-ГIалара вахархочунна Саралиев Вахин йоI а ю кху шарахь школера дешна йолуш. Хааршна зер хIумма дацара, низамхоша бечу чIагIамашна реза вац-кх ша элира цо.

Саралиев: «ЕГЭ хилар, берийн дешаран хаарш таллар дика хIума ю. Амма набахти чохь санна эскар а долуш хила дезаш дац иза. Дукха меттигаш ю, зудабераш оцу экзаменехь дог гIеллуш. Роботш мая ц уьш, адамаш ма ду уьш».

ЕГЭ-х лаьцна дукха дийцина. Оьрсийчура цхьаболчу Iилманчаша а, могIарера хехьархоша а емал еш ю и зеран система. Амма цара а билгалдоккху, дукха нах, дешар чекхадала цхьа ах шо дисинчу хенахь царна хьехархой механ лаца а лоцуш, Iамабойтуш бу аьлла. 11 шарахь ца Iамийнарг, эха шарахь Iемар дац, аьлла, Маршо радиога дийцира ша а хьехархо волчу Шаипов Артура.

Шаипов: «ЕГЭ тIекхочучу хенахь дай-наной дуьйлало бIаьрг сара кхетча санна репетиторш лоьхуш. Уьш доьшучу хенахбь, церан бала а ца хуьлу церан дешарна. ЦIахь царна белла болх талла ц атоллу. Ша болу бехк дайш-наноша хьехарошна тIебуьллу».

Шаипов Артур ша а ву, ЕГЭ-н бераш кечдеш хьехархойн болх беш. Шортта иза бан а бу, элира цо.

Шаипов: «ЕЕГЭ хала ю. Оьрсйичоьнан истори а ю, кхечу къамнийн истори а ю. 6-чу классера иза Iамийна ца хилча, и экзамен церан дIаяла аьтто бац. Вайн берашнша оьрсийн мотт дика ца хаа. Къаьстина яьрташкара берашна. Иза дешаран сакхаташ ду уьш».

Нохчийчурчу Iедалша, шай агIора чIагIдо, махкахь школашкахь дешархошна лучу хаарийн дикалла лакхайолуш ю аьлла. Кху шарахь Оьрсийчохь дIахьочу дешархойн Олимпиадехь дакъалаца Iалашо йолуш ву 650 Нохчийчура декъашхо. ХIора шарахь и терахь тIекхеташ а ду. Цундела, иза гайтаме ду, вайн дешархой тIаьхь буьсуш бац, кхечарелла, аьлла хета республикан дешаран министраллехь.

“Маршо Радион” доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьаяийта: 420 724 019832

XS
SM
MD
LG