Хиджаб боху дош Iаьрбийн маттера гочдича «дуьхьало» бохучу маьIнехь кхетало. Кхечу агIор аьлча «хиджаб» боху дош коьртера когаш кхаччалц дегI хьулдечу бедарх ала а тарло. И хиджаб бахьанехь юх-юха а марса а буьйлуш, къийсамаш лаьттина школашна гонаха а, лакхарчу доьшийлашкахь а. Леррина хиджабан де билгалдоккхуш, зударий декъал а бан болийна цхьаццанхьа.
Оцу Iаьрбийн духаре хьежар а, и кхетор а ду вайнахалахь бен-башхалла йолуш. Цхьаболучара иза ишта туьду: «Хьалха шайна ма тов синкъерам лоьхуш леллачу зударша, угар хьалха тIедуьйхира и хиджаб олу духар. Уьш шайн тобанаш а кхоьллина, зуькарш дан а буьйлабелира, царна юкъахь хьаьжой а бевлира. Цундела со шеконца хьоьжу оцу духаре. Хьо и тIе а доьхна къовлаяларх «чутоьхнарг» хийцалур юй? И къамел динарг ю ас юьззина цIе ца йоккху Дойкар эвлара яхархо Марет.
Хиджаб тIе мел юьйхина йоI а,зуда а ийманехь,оьздангаллехь совйолуш хилча-м дика ма дара. Тхойца балхахь берш цу духарх хьаьрчинера аьлла хийцабелла шена-м ца хаабелла боху,бIе сов белхан накъост а йолуш цхьана хьукхматехь къахьоьгуш йолчу Асмаа.
Асмаъ: «Дукха бацахь а, тхоьца а бу къовлабелла леларш. Суна цхьа хийцам ца го-кх цаьрца. Хьалхалерранаш бу-кх. Духаро хуьйцуш хилча дика-м дара, тхайнишша-м ца хийцабелла, шаьш берш бу-кх».
Хиджабах а,тахана махкахь тергаллучух а сан мелла шуьйра къамел хилла хьехархочуьнца,нохчийн гIиллакх-Iадаташ дика девзачу Маликица. Шена и хиджаб олу духар юкъадалар новкъа ца хета аьлла долийра цо шен къамел. Делахь а иза а яцара реза,цу корта хьулбечу хIуманах ,лакхарчу тIегIанахь сел деза,доккха дийцарх.
Малика: «Валлай,суна-м хаза хета и духар. Хьалха заманахь автобус тIехь ваоьдуш,йоIа я зудчо,куьг ирх а дахийтина, дIо-о лакхара схьалаьцча цуьнан гай а гора,цIонга а гора, пхьаьрсакIелош а гора. ХIинца цхьа хаза хьаьрчина хуьлу-кх и зударий.Цундела суна тов-кх и духар. КIез-кIез кIезиг кхеташ тйIекхетар ма ду бусалбалла а,оьздангалла а. Цхьана дийнахь ма ца Iемий диканиг. Кхузткъе итт шарахь ма лелла тхо дерзина а девлла».
Марша радио: Нохчий наноша ненананоша хIун лелийна те и хиджаб а йоцуш? Уьш муха лелла техьа? И духар дацара аьлла оьзда боцуш ма ца хилла уьш!
Малика: «Ой, дера ца хилла! Суна сайн нана а дагайогIу. ХIетахь ас ойла кIезиг йора. Шен гIуллакхана ша шен кисин кIайн йовлакх хьаладихкина хилча, кетIахь цхьамма ков тоьхча я мохь тоьхча сихха йовлакх охьадоьхкура нанас. Ас тIаьхьо кхетийра цо лелориг. Ишта и оьздангалла йиттина бацара уьш. Дукха лерина ларлуш лелара. Лелорхьама цара и духар лелош дацахь,мода ю аьлла,сунна хаза хетта хьулбелла лелар»/
Хиджабах а,вайнехан гIиллакхах а дийцинчу Маликина хетарехь,тIекхуьу чкъор кхетош-кхиорехь,шен къоман оьзда ламасташ,синмехаллаш йовзийтарехь хаъал маьIне хир дара,Iаьрбийн духар марздеш,цунна реклама ян гIерташ санна, гIулчаш йохучу хена мукъана а вайнехан духарца зIе ялийча, ишта дегI хьулдеш бедарш къомо дуккха хьалха дуьйна лелийна хилар дIа а хоуьйтуш. Маликас ма-аллара аьлча цкъачунна иза доцуш ду.
“Маршо Радион” доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьаяийта: 420 724 019832