ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Миска стаг лоруш меттиг ян а яц?"


Дахаран халонаш эшорехь тахана санна леткъамех боттабелла цкъа а хила а хиллий-те нохчий аьлла а хеталуш, тергаллучу хьолана кIел ца биса гIерташ, мискалла ловш берш дукха бу.

please wait

No media source currently available

0:00 0:02:46 0:00
Линкана тIе

Цаьргара цуьрриг даладелла доцу хьал, бух болуш а, боцуш а тIеIаткъамаш барца халонга доккху маьхькъамхоша а, юккъерчу тIегIан хьаькамаша а. Цунна даредо церан куьйга кIел нисбеллачу иттаннаш бахархоша а.

Иштачех цхьаъ ву Гуьмсан кIоштера вахархо Завди а.И ву дуьйцуш,тIехь йоцу ял такхийта гIерташ,гIуллакхехь болчара шайна бинчу ницкъах.

Завди: «ХIинцца хIинца хиллалрг ду хьуна.Махбеш базарахь яра хIусамнана. Цо и болх битина 3 шо зама ю. Массо кехат-тоьшаллаш тIе куьйгаш а яздойтуш, яла ма-еззара цу юкъара дIаяьлла а ю. ДоьалгIа шо доладелча схьа коча баьхкина, 70 эзар ахча охьадилла деза аьлла. Адвокат лаьцча цо низамца догIуш дац шуьга токхамаш байтар боху. «ТIаккха а,- боху цо, -шу мел бакъ делахь а, суьдехь шу толош кхел йийр ю ала а хIоттац со. МогIарерчу наха хIун дан деза. Миска стаг лоруш меттиг ян а яц?».

Вайнехан хIинцалерчу Iар –дахарехь ког баькх-баьккхинчу хаало бахархошка токхамаш байтарехь,хьанал а,хьарам а ца бохуш,маьхькIамхоша йоху гIулчаш. Цунах дуьйцуш ву Щелковск кIоштера Нурди а.

Нурди: «Билггал хилла ду хIара. Цхьа бIе эзар декхаре ву хьо аьлла,баьхкина сан гергара стаг волчу газана ял йоккху белхой. Кхуьнан церан хьукхматехь вевзаш стаг хилла. Кхо цуьнга зIе а тоьхна хаьттина,хьенех, со 100 эзар декхаре ву аьлла ма веъна шу белхо,хьуна хаа ма хаьа суна тIехь декхар доций.

ТIаккха цу хьаькамо ахча лахьош волчуьнга телпо тоьхна,дов дина,ахь хIун леладо, цунна тIехьа цхьа декхар а ма дац. Веанчо жоп делла,шек дIа а воцуш: - Ой, вайга тIеязде ца аьлла?! Хьажал, хьаькамо ца аьлча, хийра стага аьллий иза? Дера ца аьлла! И ду-кх кхузахь лелош».

Ткъа шарахь гергга, ГIалмакхойн махкахь,Элиста гIалина юххехь даьхнешца къа а хьегна 7-8 шо хьалха цIавирзина ву хьарамлонех лаьцна соьца къамел деш волу Нурди. ХIара ма-дарра хиънехь,ишта доьрзур ду-кх аьлла жима а шеко хиллехь,керт-ков а доьхкина, ша цIа веъна а хир вацара боху Нурдис.

Нурди: «Со циггахь Iад дIа Iийнехьара сунна дуккха а гIоле хир дар-кх. Со дохковаьлла ву-кх. Тахана кхузахь суна лан халаниг доцург ду бахар ду-кх. Делах кхоьруш хила ца веза бусалба? Мел дацахь а,бусалбанаш ду бохуш цIе ма ю тхан. Инфляци кIарглуш,хьалайоьдуш ю. Болх бац,некъ бац. Массо тасавелла воллу.

Бахархоша дечу къамелашкахь дика гуш ма-хиллара нахана гуттар халонга дуьйлург ду маьхькIамхоша а,гIуллакхъхоша а шайна лиъча Оьрсийчоьнан низамах къилба а дой,байракх санна айбар, ца лиъча,мачин айранал а лахдой,тергамза дитар,и дан а доцуш санна.

Хьажа комменташка (1)

ХIара форум дIакъевлина ю.
XS
SM
MD
LG