ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Маса cтаг махках вала веза Нохчийчоь ирсе ярхьама?


Байинчу оцу тIемалойн, ДАIИШ-ан могIаршкахь бу аьлла, оцу делан сохьтехь дIакхайкхинчеран, декъий шелдала а кхиъна хир дацара, сихонца Шелара културан цIийнехь, нах а гулбина, кхеташо дIаяьхьича Iедало.

Дийцаредира, нах махках баха безар а, оцу байинчу кегий наха динарг буьрса емал дар а. Оцу сценарийца хила а хилира иза.

Гуламан коьртехь, президиумехь, охьахевшина бара, кIоштан администрацин куьйгалхо Ибрагимо Турпал-Iела а, кIоштан полицин хьаькам Мусаев Тамерлан а, иштта меттигера диндай а, цу гIалара АхмадовгIеран, министрийн даржашкара ши ваша а. Цара, микрофон кар-кара а луш емал дира хилларг. Префекта Ибрагимовс, схьахетарехь баккъала а ца кхеташ къамел дора хIун бахьанашца арабовлу кегий нах оцу зуламан некъа тIе.

Ибрагимов: «Вайна кхин хIун оьшу? Маьждигаш дац, школаш, берийн бошмаш яц?. Вай даьхчхьана кхин хIума ца оьшу-кх вайна. Вуониг деш хилча, дIаала деза цуьнах».

Бахархойн гуламе балийна бара байинчу оцу тIемалойн гергара божарий а. Уьш йистахо лаьттара, кортош охьа а бахийтина. Зал чохь болчу, дукхачарна бевзаш а бу уьш. Захалаш, кхидолу гергарлонаш а ду царна юккъахь. Амма тахана церан иза дийца йиша яц

Оцу бахьанашца гуламехь цхьа а стаг ца хоьттира, оцу нахана гIодаккха, царна тIехIуттуш къамел дан а. Цундела сурт хIоттало, ша верг реза а волуш, уьш арабахар хилча санна. Оцу гуламехь бистхилчу наха, массара а бохург цхьаъ дара, оцу тIемалоша байинчу нехан, полисхой хуьлийла уьш, я ларамаза герз кхетта маьрша нах хуьлийла, тIаьхьа буьсучу берийн а, ден-ненан къа мича даха деза аьлла. Иштта бохура меттигерачу вахархочо Хасуев Ислама.

Хасуев: «ас аьлларг ца дой, соьга ладугIуш ваций олий, чу а воьдий, чIепалгаш а дуий, йоккха телевизоре а хьоьжуш тIекIал а ваьлла Iа. ТIаккха, цара байинчеран берийн а, ден-ненан а къа дац?».

Амма кхин ойланаш йолу нах а бу Нохчийчохь, гуламашкахь юьйцура йоцу. Шена оцу хиламан бехкан доккха дакъа хьенанхета аьлла хета дуьйцу юкъаралхочо Газиев Леча.

Газиев: «Оцу нахаца гергарло доцуш, дIахьакхаваланза цхьа а хира вац. Тахана нах садетташ бу, буьйла а белла, сагIан дакъош а оьцуш четарш чохь ца Iан. Тахана, шайб ан ма беззара диндайша а, полицино а, кхечара а бахь, цхьа а вен везара вац, махках арабаха а безара бац».

Газиев Лечина хетарехь, тахана нохчаша чIогIа ондда Iаткъам ловш бу. Сатухуш бу нах, элира цо.

Газиев: «Тахана хилларг хила даьлчул тIаьхьа, нах Iаьн юккъехь аракхиссар нийса ца хета суна. Суна хьакхалуш хIума дац хIара. Амма суна хаьа, кхана-лама соьх а хIара хьакхалура дуйла. Нах садетташ бу. Собарий, кхераваларий-ши хIума ду».

Шелахь и тIеман тасадалар хилчул тIаьхьа, махкарчу ницкъаллийн стурктурашна тIедиллина, беш болу болх жигара баккхар а, и санна долу чолхаллаш хилале уьш гучудахар а.

“Маршо Радион” доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьаяийта: 420 724 019832

XS
SM
MD
LG