ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчоь Кремлан долаяьлла де даздан кечлуш бу Ιедалхой


Украина -- "Маршоне сатийсам", набахтехь даьккхина сурт, Kиев (Дубчак Андрей), 20Заз10
Украина -- "Маршоне сатийсам", набахтехь даьккхина сурт, Kиев (Дубчак Андрей), 20Заз10

Мехкал арахьарчу нохчийн гΙайгΙанаш мухха а белахь а, керла конституци тΙеоьцуш, къоме хаттам бечуха-а референдум дΙаяхьна 9 шо кхачар даздан кечлуш ду Нохчийчуьра Ιедал. Йозуш йоцчу Нохчийн Республикан (Ичкерин), конституцин меттана, боьдуш хилла тΙом чоьте а ца оьцуш, къам сихха Кремлана муьтΙахь хилар чΙагΙдеш, мехкан Коьрта Низам тΙеийцира 2003-гΙачу шарахь.


Цхьаъ санна, арадаьллачу халкъо, референдум дIа а яхьна, тIеэцначу Конституцин массо агIор маьIна деш дIахьочу цхьаьнакхетарш-дийцаршна, шайн лаамехь юкъа а бахна, жигара хьийзаш бу бевзаш болу яздархой а, Iилманчаш а, артисташ а, кхиболу кхоллараллин йийсарехь болу нах а. Кхеташ ду уггаре а лакхара мах Кадыров Ахьмадан а, цо юьхьарлаьцначу некъан а хадош хилар.

«Юкъаралло» хастаме, дика, сий-лараме вийцарехь, цул а тоьлла вогIий-те аьлла ву мехкан куьйгалхо а. Айдардешнаш ца кхоош, цуьнан къомах дог лазар, иза нохчашна орцахваьлла хилар, цуьнан доза доцу комаьршалла, къинхетамалла, адамалла ялхайо ур-атталла дозанал арахьарчу журналисташа а.

Масала, кху деношкахь зорбане даьллачу «Вести» газетехь цхьа агIо дIалаьцна яздина ду Кадыров Рамзанах. Цу иртийн автор ву Украинера, Донецскан кIоштера журналист Камеристый Виктор. Цо цунах мел дуьйцу дика, цо хIотто васт кхето хала хир ду, цо яздинарг ша деша ца дешча. Оццул кIорга бу цуьнан чулацам, доза доцуш, шорто йолуш ю, цо йийцарехь, мехкан куьйгалхочун адамалла.

Хаамийн гIирсашкахь референдумах а, КадыровгIарах а лаьцна шуьйра дIахьош долу дийцарш доцуш, цу политикан хиламна юьстах юьсуш яц тайп-тайпа доьшийлаш а, Iедалан хьукхмат-урхаллаш а. Ишколийн биста кхаччалц уьш декхарийла йина, леррина цу дийнан дозалла дуьйцуш, цхьаьнакхетарш дIадахьа, белхалой, дешархой, студенташ цу референдуман мехаллех кхион.

Ткъа официалан декъах аьлча, зорбанан а, хаамийн а министаралло билгалдоккху, кху беттан 23-чу дийнахь, цу политикан кампанин хьомара баккхий хьеший а болуш, махкахь гулам-цхьаьнакхетарш хирг хилар а, цу дийнан лерамна цхьацца конкурс-къийсадаларш а кхайкхийна хилар а.
XS
SM
MD
LG