Чехерчу Крабчицехь 16 шо кхаьчна йолу "Зазу" цIе йолу говр лачкъийна. Меттигерчу Iедало бахарехь, и говр Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан йу. Говран мах 400 эзар крона бу боху (оьрсийн ахчанца иза хуьлу 1,3 млн сом).
Jezdci.cz сайто полицин хаамашна тIе а тевжаш, дийцира хиллачух лаьцна: говр лачкъор зазадоккху -беттан 4-5 деношкахь нисделла. Къолахочо, цхьа новкъарло йоцуш, дукха атта дIайигира говр. Darhorse говранийн завод карахь йолчу Копецкий Ростислава журналисташка сов хIумнаш ца дийцира, амма тIечIагIдира таллам боьдуш бу аьлла. Чехерчу финансийн министралло и говр боккъал а Кадыров Рамзанан хилар тIечIагIдо.
Дагадоуьйту, 2017 шарахь бинчу хаамца, цу Чехехь Кадыров Рамзанан 3 йоду говр а, йезачех ши бекъа а хилла. Церан мах 6 млн доллар бара. Уьш а йахийтира санкцеш йукъа, гIирман аннекси хилчул тIаьхьа. Говраш дIайига а, цара даьккхна ахча Кадыровна чоьташка даккха а санкцийн сацамца дихкина дара.
Коррупцина дуьхьало латточу талламийн а, инициативийн а "Трансперенси Интернешнл – Россия" проекто дийцира, 2014-2018 шерашкахь Чехехь хиллачу говрийн идаршкахь Кадыровн говраша даьккхинарг 110,5 млн сом дара, Немцойн махкахь - 1 млн сов сом (2014-чу шеран Централан Банкан курсаца), амма Американ а, Европан а санкцеш бахьана долуш и ахчанаш Кадыров Рамзанна дIаделла дац.
Зазу цIе йолу говр хьалха а нислора хаамийн гIирсийн агIонашкахь - 2014 шарахь Немцойн махкахь даьккхина 2 эзар евро схьа ца делира Кадыровна, санкцеш бахьана долуш.
- Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан долахь йолчу говраша 2019-чу а, 2020-чу а шерашкахь говрашхахкарехь даьккхира 33 миллион 724 эзар сом, хаамбира МБХ медиа" гIирсо. Немцойн Turf-times портало дийцарехь, 2019-чу шарахь Кадыровн говраша дакъалецира Дубайхь хилла кхаа говрашхахкарехь, цара даьккхира 236, 182, 29 эзар евро.
- Нохчийчоьнан куьйгаллхеь ву Кадыров 2007-чу шарера схьа дуьйна. ХIетахь дуьйна масийттазза бехкевора иза адамийн бакъонаш талхорна, цунна луьйш берш лечкъорна а, байарна а жоьпалла политикна тIе а дуьллуш. Нохчийчоьнан куьйгалхочунна дуьхьал санкцеш йаьхна Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа а, Евроберто а. Оьрсийчоь шуьйрачу тIамца Украине чугIоьртинчу тIаьхьа Кадыровх уггар а коьрта тIеман пропагандист хилира,регионан урхалхочо кест-кеста дIахьедо йолахой тIамтIе хьийсорах, кхерамаш туьйсу президентана Зеленский Владимирна. Цул совнах, Оьрсийчоьно зарратан герзах пайдаэца тардаларх а хьахийра цо.
- 2021 шеран лахьан-баттахь Кадыровн говр лелош волу Самара Сатиша лицензих ваьккхира Iарбойн Эмираташкарчу Iедало. Американ санкцеш йара и новкъарло йинарш.