Оьрсийчоьно шена зуламе лоручу организацийн тептара язйина «Адам – кхерамна кIел» цIе йолу бакъоларъярхойн юкъаралла
Юстицин министралло ша яржийначу пресс-релизехь боху, Оьрсийчохь хуьлийла лаам боцчу арахьарчу а, дуьненаюкъарчу а организацийн могIара язйина ша Чехера "Člověk v tísni, o.p.s" ("People In Need", оьрсийн маттахь - "Человек в беде") юкъаралла.
«Оьрсийчоьнан бахархойн коьрта бакъонаш а, маршонаш а эшош болчу наханна ечу дуьхьалонех» цIе йолчу федералан низамца а догIуш, Оьрсийчоьнан Инарла прокуроран гIовса бина сацам тидаме а оьцуш, яьккхина ша и гIулч, боху юстицин министралло.
ЦIеххьана тIебоьжна хаам бу иза Чехерчу юкъарлонна. Цуьнан векалшна хаьара иштаниг хила тарлуш дуйла, амма ца хаьара, маца нисдала мега.
1992-чу шарахь, дуьнентIехь буьйлу тIемаш гойтуш, церан къизалла елхош хьийзачу цхьацца мехкашкарчу журналисташа кхоьллира Прагехь «Адам – кхерамна кIел» юкъаралла. Деккъа дIа информаци яржош, журналистийн декхар кхочуш деш Iар шайна кIезиг хетарна кхоьллира цара иза – тIамо бохийначу наханна гуманитаран гIо кхачорхьама а, кхерамна кIел нисбелла бакъоларъярхой, юкъараллин жигархой кIелхьарбахархьама а.
27 шо хьалха вовшахкхеттачу жимачу бакъоларъярхойн, журналистийн, могIарчу гуманитарийн тобанах хилла Европехь уггаре яккхийчех лоруш йолу юкъаралла. Тахана цо гIо до наханна 40 гергга пачхьалкхехь.
Нохчийчохь шен гуманитаран проекташ хIитто а, кхочушъян а йолаелира «Адам – кхерамна кIел» юкъаралла цигахь шолгIа тIом болабелча. Амма махкара иза араяьккхира Iедало 2005-чу шарахь. Ша нохчашна гIодечу пхеа шера чохь цо баланах, дукха хьолехь лечуьра, хьалхарбехира вуно дукха нах.
Оцу организацино шен преми а кхоьллира цхьа зама хьалха. Цуьнан лауреат ваьлла дахначу шерашкахь Оьрсийчуьра кхо бакъоларъярхо: 1994 шарахь – Ковалев Сергей, 2006-чу шарахь – Ганнушкина Светлана, 2013-чу шарахь – Дагестанера Магомедова Сапият.
Бакъоларъярхо а, адвокат а йолчу Магомедовас цецйийларца хоьтту ша-шега а: Стенна эшна и юкъаралла Оьрсийчоьнна кхераме ю ала, цуьнан болх ца бича ца баллал мехала боллушехь, цо баккъал а халоне воьжна стаг кIелхьара воккхуш хилча?
Евзаш йолчу бакъхоларъярхочо Ганнушкина Светланас, шена чIогIа новкъабеана Москвано бина и сацам, шена Чехерчу коллегашна хьалха эхь хета, элира «Кавказ.Реалиига». Иза тешна ю, Оьрсийчохь бахархошкара стогалла, доьналла, бакъо дIаяккхархьама Iедало бечу некъаца бозабелла бу и сацам бохучух.
Ганнушкинас сагатдо деношкахь Пономарев Леван «Адамийн бакъонашкахьа» юкъаралла дIакъовларх а, дуьнено а лоруш йолу «Мемориал» йохош, цунна массо тайпа гIуданаш детташ Iедал хьийзарх а.
«Пачхьалкх массо а агIор тIетаьIна бакъоларъярхошна. Оьрсийчуьрчу Iедална ца лаьа наханна, ша а доцуш, кхечу, арахьарчу хьукматаша гIодойла, махкахь адамна дика кхачон ша бен йоцийла хаийта гIерта иза. Суна Оьрсийчоь цхьа Путин (президент) хилла ца Iа, Оьрсийчоь – иза халкъ ду. Цундела цецволийла дац Прагерчу юкъараллина Оьрсийчу боьлху некъаш бехкарх», - элира Ганнушкинас «Кавказ.Реалиига».
«Адам – кхерамна кIел» юкъараллин Чехерчу офисан куьйгалхошна ца лиира хилларг тида – шаьш официалехь дIахьедар дина, цу тIехь аьллачул сов шайн олийла дац, аьлла. ДIахьедарехь боху, юкъаралла дагахь ю «шен Оьрсийчуьра партнераш, накъостий кхерамна кIел ца бигархьама, болх юкъахбаккха, ойла йийр ю, лар а луш, тхаьшка кхидIа муха гIо далур ду, амма иза дац юкъаралло Оьрсийчохь болх бийр бац бохург».