ХIара экспозици ган аьтто бу Дагестанан пачхьалкхан университетан историн факультетан музейхь а, Гумбетан кIоштан Чирката эвларчу историн музейхь а.
Ахулгохь хиллачу тIамехь Шемилан тIемалоша лелийна герз (1839)
Инарло Граббес буьйранчалла а деш, оьрсийн эскарша тIелетира имам Шемила куп тоьхначу Дагестанан лаьмнашкахь Iуьллучу Ахулго эвлана1839-чу шарахь аьхка. Цу тамехь лелийначу герзах а, тIеман гIирсах а лаьцна хIара суртийн галлерей кечйина Кавказ.Реалии сайто.
![Тапча.](https://gdb.rferl.org/fe23542b-3909-4fc9-8b3e-15f671bdff5f_cx0_cy3_cw0_w1024_q10_r1_s.jpg)
1
Тапча.
![Чирката эвлара Бакъи цIе йолчу зудчуьнан тарраш. Цо шен деваша вийна хилла, шен да вер дIадоькъуш.](https://gdb.rferl.org/737bb1de-38b9-46aa-a0a5-915e878e398c_cx0_cy2_cw0_w1024_q10_r1_s.jpg)
2
Чирката эвлара Бакъи цIе йолчу зудчуьнан тарраш. Цо шен деваша вийна хилла, шен да вер дIадоькъуш.
![Шемилан зама тIеяле иштта духар лелош хилла суьйлийн тIемалоша.](https://gdb.rferl.org/096cfff5-f0d8-476a-982b-0b9e58e0a43d_w1024_q10_s.jpg)
3
Шемилан зама тIеяле иштта духар лелош хилла суьйлийн тIемалоша.
![Йоккхачу тоьпан хIоъа (уллехь иккхинарг бу). Ахулгохь тIом боьдуш лелош яра 34 йоккха топп. ](https://gdb.rferl.org/6d781739-0ab0-498a-aa59-54bf61588b3a_cx0_cy8_cw0_w1024_q10_r1_s.jpg)
4
Йоккхачу тоьпан хIоъа (уллехь иккхинарг бу). Ахулгохь тIом боьдуш лелош яра 34 йоккха топп.