ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Паспорт дIа ца даьккхина, делахь а, тхаьш цхьаьннан долахь долуш санна-м хета"


Дагестанехь полицино махкара ара ма бовла аьлла Оьрсийчуьра дуьненан футболан чемпионат чекхъяллалц "тешаме боцчийн тептара" баьхначаьрга а, экстремизмца, терроризмца доьзна набахтеш текхначаьрга а.

Бехктакхаман кодексан 208-гIачу артиклца (низамехь йоцу тIемалойн тоба кхоллар а, цуьнан декъавахар а) набахтехь хан текхначу стагера даьккхина мукIарло гойту шен телеграм-каналехь цхьана дагестанхочо. Мохьмад цIе йолчу стага дош ло Мангал-беттан 10-чу дийнера Товбеца-беттан 20-чу дийне кхаччалц Дагестанера ара ца вала (дуьненан футболан чемпионат йоьду хан ю юкъалаьцнарг). Шен телефон а, машенан ноьмар а йовзуьйту кехатна бухахь куьг дитарца полицино шена тоьхначу бехкамна резахиллачо.

Телеграмехь постан авторо хаамбо: "Чемпионат чекхъяллалц йолчу ханна дIадоху паспорташ, полицино шен тептарахь болучаьрга телефонаш етта, хоьтту, кестлагIа уьш махкара арабовла дагахь бу я бац".

Гарехь, нах къеста а беш, бо и тайпа хеттамаш.

ХIинжа-ГIалахь веха СаьIид массех шо ду, ша "потенциалехь экстремист" хиларе терра, полицин тептаршкахь волу. Цунна полисхо цIа веара хатта, дагахь вуй иза кху шина бетта чохь цхьаьнхьа а ваха, хьийхира махкахь саца.

"Куьг а яздойтуш, кехат ца хIоттийра. Нагахь суна эшна меттиг ягIахь, хаийта элира махкара волуш, цавалар тоьлу, бохура", - дуьйцу СаьIида.

Цо бахарехь, дикка хан ю иза полицино тергалвеш воцу, ткъа хIинца полисхо ша волчу вар цо хIуттучу чемпионатца дузу, цуьнга дерг ма-дарра дIа ца аьллехь а.

"Суна хезна, цхьаболу нах махкара ара ца бовлийта, полици хIусамашка оьху, бохуш. Соьга я телефон а ца тоьхна оцу хьокъехь. Сан ваша волчу веара полисхо хатта, дагахь вуй иза цхьаьнхьа ваха, велахь, хьалххе хаийта, элира", - дийцира "Кавказ.Реалиига" кхечу хIинжагIалахочо.

ХIинжа-ГIара ву Арслан а. Цуьнга телефонехула дина къамел полицино. Ткъа терроризмах йолчу артиклца хан текха волчу цуьнан цхьана гергарчуьнга куьг яздайтина цIера вер вац аьлла.

"Кхерамзалла чIагIъеш ду шаьш, кху ханна махкахь саца веза, эшна меттиг нислахь, хаийта, аьлла соьга полисхоша. Ас хIун дийр ду, со реза ву, аьлла-кх ас. Ткъа сан гергарчуьнга цхьаьнга куьг яздайтина, тоххара таIзар текхна ваьлла иза воллушехь. Паспорт дIа ца даьккхина, делахь а, тхаьш цхьаьннан долахь долуш санна-м хета", - боху Арслана.

"Кавказ.Реалии" зIене елира Дагестанан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллица. Цхьанне а дац махкара аравала доьхкуш, ткъа куьйгаш яздайтина бохучух тхуна хууш хIумма а дац, элира цуьнан белхахоша.

Дагестанехь нах "террорхой, экстремисташ хила тарлучийн тептаршка" язбина бохуш дуьйцу ю дуккха хан. 2016-чу шарахь полицин векалша даржийра, тептарахь иштачу нахах 16 эзар стаг ву, аьлла. Дукха хьолехь нислора, иштачийн могIаршка цкъа а, хIуманна а бехке вина воцу стаг а язвеш. "Салафийан" маьждигашкахула шаьш рейдаш ян йолийча хIоттийра полицино и тептар.

2017-чу шеран Зазадоккху-баттахь Дагестанан чоьхьарчу гIуллакхийн министре Магомедов Iабдурашиде адвокаташа хаттар хьажийра "тептар" шайна довзийтахьара, аьлла. "Тептар", нах тергонехь кхаба елла хан чекхъяларца доьзна, хIаллакдина, ткъа "экстремист" бохучу категоре шайн вац язвина стагга а, аьлла дара цуьнан жоп.

Амма цул тIахьа бутт а балале адамийн бакъонаш ларъечу "Мемориал" центрна карийра Дагестанерчу полицино, официалехь а доцуш, и тайпа тептар лелош дуйла гойту информаци.

Мотт ца тохарна таIзар дан оьшу аьлла хетий шуна?

ХIара Iилманца нисбина кхаж бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

XS
SM
MD
LG