.
Чернобыль: шуран а, мезан а мохк?
Чернобылехь цхьа жимачу нехан тобано сацам бина радиаци бахьанехь ваха дихкинчу меттигехь яха хаа. Маршо радионан Чаппла Амоса Чернобылан дIаьвшачу латта тIехь ирсе вехачу цхьана стагах кхийтира.

1
Зарратан реакторан сурт, дуьйне инзардаьккхина эккхийтар хилла 30 даьллачул тIаьхьа.

2
Зарратан реакторна гонахара нах дIабахана, дIатесначу оьхкучу ярташка хIинца самукъдаьлла туристаш оьху, хиллачу бохамо хIаллакдинчунна суьрташ дахархьама.

3
ХIара берийн газана дуьхьал лело маскаш (Цхьаьнатоьхначу Штатийн тIелатарх ларваран Iалашонца латтош хилла) цIаьнкъанехь дIасакхийсина яра бохам хилла еха хан яьлча. Чернобылан гидо Егорово Владимира боху и цхьана "cуртдиллархочо" цIий гIордойту васт кхуллу а, апокалипсах бIаьрг тухийту сурт хIотто лууш дина ду.

4
ДIаьвшечу, ваха дихкинчу меттигехь адаман дага чохь, коьртачу декъана, сингаттаме синхаам кхоллало. Шайн гIалахь цхьана хенахь дозалла дина нах, инзаре вон урхалла дина, бохам баьккхинчу нахах дIахьакхабелла бацара. Сирла басар тоьхна, пионеран садаIа лела меттигийн фрескаш цхьацца яхкалуш ю хьуьнахь.