ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Чиллан-баттахь дуьйна тIамна дуьхьал хилла волу 20 эзар вахархо дIалаьцна Оьрсийчохь


ТIамна духьал йолчу Москварчу акцехь стаг дIалацар
ТIамна духьал йолчу Москварчу акцехь стаг дIалацар

Буьззинчу барамехь Украинера тIом болабелчхьана, цунна дуьхьал йолчу митингашкахь, пикеташкахь, иштта социалан машанашкахь посташ хIитторна а дIалаьцна мел кIезга а 19 эзар 443 стаг. Дайначу 10 шарахь уггар доккха терахь ду и политикан бух тIехь дIалецначу нехан, йаздо Радио Свободано, "Вёрстка" зорбанан аналитикан материалана а, бакъоларйаран "ОВД-Инфо" проектана а тIе а тевжаш. Журналисташа, бакъоларйархоша дагардина ма-хиллара, чиллан-беттан 24-хь дуьйна оцу кепара дIалецарш хиланза 18 де бен ца даьлла.

Иштта чиллан-беттан чекхенгахь дуьйна, къаьсттина Оьрсийчохь зазадоккху-баттахь оьрсийн эскарех лаьцна фейкаш йаржорна, цо лелочунна дискредитаци йарна а боху низамаш йукъадаьхча, Iедало 300 сов бехктакхаман гIуллакх долийра бахархошна дуьхьал, уьш тIамна дуьхьал хиларна.

Бехктакхаман гIуллакхашкахула бехкебийраш, шеконаш йерш хилира 378 вахархо. Царах доккха дакъа, 134 стаг, фейкан артиклаца жоьпе озийна ву – масала, украинхойн Буча, Мариуполь гIаланашкахь маьрша нах байъарх лаьцна социалан машанашкахь посташ хIитторна. 46 стаг вандалалла лелорна боху артиклехула жоьпе озийна – масала, тIемаш деш оьрсийн эскаро лелош долу Z, V элпашца хIиттийна объекташ йохорна. Военкоматийн, администрацийн гIишлошна тIелатарш дарна бехкево 44 стаг, эскаро лелочунна дискредитаци йарна жоьпе озийна 37 стаг. Къаьсттина билгалдоккху, 9 Оьрсийчоьнан вахархо бехктакхаман гIуллакхашкахь бехкебийраш, йа шеконашка лаьцнарш хилла, шайн бевзачаьрца къамелаш дарна.

Карарчу хенахь бехктакхаман гIуллакхашкахула 50 кхелан сацам бина. Царах уггар зевне хилира оппозицин политикна Яшин Ильяна 8 а, ах шо хан тохар, Москвара муниципалан депутатна Горинов Алексейна 6 шо, 11 бутт хан тохар а.

Административан гIуллакхаш дийцича, церан хьокъехь оьрсийн кхелашка пхиъ, ах эзар сов протоколаш кхаьчна. Царах доккха дакъа – 701 гIуллакх – Москвахь толлуш дара. Оцу терахьца хьалхарчу пхеа регионашка нисйелла Санкт-Петербург, Краснодаран мохк, Татарстан, аннекси йина ГIирма а.

Дерзош, Оьрсийчоьнан керлачу исторехь хилла йоцучу кепара репрессеш лелор билгалдоккху бакъоларйархоша, церан хьежамашца, уьш кхин а чIагIлур йолуш йу.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG