ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Чимаев Хьамзат Абу-Дабехь тасалур ву Китайрчу латархочуьнца


Швецехь кхиъна, ийначу кепехь латархо волу нохчийн спортхо Чимаев Хьамзат UFC тIома кIел летар ву Китайрчу Цзинлян Лица UFC 267 турнирехь. РогIера латарш хир ду Абу-Дабехь ГIадужу-беттан 30-чу дийнахь. И хаам бина UFC -н инстаграмерчу аккаунтехь.

Китайхо Цзинлян Ли турнирашкахь 18-зза тоьлла а, борхIазза эшна а ву.

UFC-н чемпионатехь рекорд хIоттийра Чимаевс – 66 дийнан чохь кхузза туьйлира иза.

Карарчу шеран юьххьехь критика йира цунна, Нохчийчу а вахна, Кадыровца суьрташ а дохуш, цо совгIатан елла Мерседес машен схьа а оьцуш, хьийзарна. Спортхочо цул тIаьхьа дIахьедира, могуш вац ша, спорт юьту ша аьлла.

Амма Зазадоккху-беттан юьххьехь Кадыровс, Швеце кема а хьажийна, Нохчийчу дIавигира Чимаев, Цул тIаьхьа хаамаш баьржийра "Ахмат" клубехь кхидIа а яхлур ю Чимаевн карьера, аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG