ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Набахтехь санна беха Китайхь бусалбанаш


Туркойчоьнан президент ЭрдогIан Тайип а, Пакистанан премьер-министр Хан Iимран а
Туркойчоьнан президент ЭрдогIан Тайип а, Пакистанан премьер-министр Хан Iимран а
Алпаут Рамазан

Биляш Серижкана – иза адамийн бакъоларъяран "Atajurt kazakh human rights" организацера ву – ша а, шен накъосташа а хIинцале офисаш схьайиллина боху Казахстанерчу кхаа гIалахь. Иза ши шо ду Китайрчу Синцзян-Уйгурийн автономин кIоштахь лела къизалла дуьненна йовзийта араваьлла. Серижканна ца хаьа оьрсийн мотт, цундела Маршо Радионо ингалсан маттахь дира цуьнца къамел.

Казахстанехь тахана дикка вевзаш стаг ву Серижкан. Иза кест-кеста хьахаво керланашкахь. БIе сов цхьаьнакхетарш дIадаьхьна цуьнан хьукмато Казахстанан бахархошца.

Биляш Серижканан коьрта къамел ду Китайрчу бусалбанех, цаьргарчу хьолах лаьцна. Цо дийцарехь, цигара бусалбанаш, лагершна чу а лоьхкуш, етта а етташ, баца а беш, "кхетамчу балабо" пачхьалкхо.

Бакъоларъярхо дуьххьара а вац оцу хокъехь орца кхайкхочех – зорбанехь хьеходаьккхина Китайхь бусалбанашна тIеIаткъам беш хилар.

"Суна оцу суьрто дагайохкуьйту фашистийн Германино жуьгташна ехкина хилла набахтеш"

Шаьш бусалбанашна ехкинчу лагерех кхоъ гайтира Китайн Iедало журналисташна дукха хан йоццуш. Самукъане, ирсах бехьаш дора дIасабовлар доцуш, цхьана керта боьхкина бехачу бусалбанаша шайгарчу хьолах лаьцна къамелаш. Амма уьш бела декхаребина, дерриг а дика ду ала кечбина нах бара, дуьне Iехорхьама, боху Серижкана.

​ — Суна оцу суьрто дагайохкуьйту шайн заманахь Германерчу фашисташа жуьгташна ехкина хилла набахтеш, амма Китайхь бусалбанаш кхетош-кхион схьайиллинарш кхин а къиза ю, элира цо.

Китайн телевизионаша кхин сурт гойту: лагершкарчу бусалбанаша хестайо шайна къастийна меттиг, цигахь шайна Iедалхоша бен хьехамаш вуно нийса а, дика а бу, олу.

Серижкана "набахтеш" бен ца олу юьйцу и лагерш ша хьахош. Китайхь шайца лелаечу харцонах 2000 казах веана Казахстане ведда, амма кхечу къамнех болу бусалбанаш кхечу пачхьалкхашка боьлху, цо дийцарехь.

Китайра бусалбанаш дуьне ма-дду мухIажирш бевлла лелийла хоуьйтуш бара хьалхо Австралино бина хаам а. Шега тховкIело йохучу китайхойн терахьаш 311 проценте кхочуш дистина лурчахчух, бохура Керла шо тIедалле Австралерчу Iедало.

ГIо стенна ца до дуьнено Китайрчу бусалбанашна?

Оцу хена чохь оха 10 000 факт гулдина, Китайхь казахаш лоьцуш, лагершка хьийсош, цигахь хьийзош хилар тIечIагIдеш.

Астанара Iедал юстах ца дуьсу луларчу пачхьалкхехь бехачу казахашна, аьлла хета Серижканна.

— Казахстанан Iедал жигара ду. Суна гарехь, шен болх бан ма-доггIу бо цо. Ала дашна, оха ши шо хьалха кхоьллинчу юкъарлонна новкъарло ца йина цкъа а. Оцу хена чохь оха 10 000 факт гулдина, Китайхь казахаш лоьцуш, лагершка хьийсош, цигахь хьийзош хилар тIечIагIдеш. 2018-чу шарахь Казахстано шозза нота хьажийна Китайн Iедале, шен резадацар гойтуш. Амма тхо ца кхета, стенна Iа хIумма а ца олуш Туркойчоь, кхийолу бусалбанийн пачхьалкхаш. Царна Китайно луш йолу инвестицеш шайн цигахь хьийзош болчу вежарел а еза лоручух тера ду, боху бакъоларъярхочо.

Хьалхо Маршо Радион гIезалойн "Idel.Реалии" декъо йовзийтира Европерчу а, Iамеркарчу а политикаша оцу хьокъехь ен критика – бусалба нахах лаьттачу Малхбалерчу мехкаша стенна ца йо Китайхь бала хьоьгучу 20 миллон бусалбанийн терго, бохура цара.

Критикаша емалдира даима а санна бусалбанашна ечу гIелонах доглозуш хуьлу ГIажаройчоь "тап-аьлла" Iар. ТехIеранна Пекино шегара мехкдаьтта дIаэцхьана тоьу, бала бац динан вежарша хьоьгучу Iазапан, бохура цара.

Пакистан. Иза-м ша йист ца хуьлуш Iарна шен кепехь бехказъяла а кхиина! Китайхь уйгураш хьийзабо бохург Малбузено кхоьллина туьйра ду, даржийра Пакистанан прессехь. Оцу юкъанна Китайрчу Малхбаленан Туркестанехь бехачу пакистанхоша-уйгураша рогIера мохь хазийра дуьненна, шайна тIехь гIело латтайо Китайно, аьлла. Малбузенан прессехула дацара иза – Азерчу прессехула дара.

"Idel.Реалиино" Малхбалерчу Туркестанехь Iазап ловчу бусалбанашна гIодоьхуш кехат яздина дикка хьалха Туркойчуьрчу хьукматашка. Амма дац кхочуш жоп.

Бакъду, Хонкарарчу Iедална гергадолчу "Yeni Şafak" газетерчу Карагюль ИбрахIима-м яздина шен твиттерехь, Синцзян-Уйгурийн автономан кIоштахь уйгураш хьийзабо бохург Iамеркан къайлахчу сервисо кхоьллина эладита ду, аьлла.

Беляш Серикжана бахарехь, Казахстано тIекаре ца йо цуьнан "Atajurt kazakh human rights" юкъарлонна, делахь а, ца йо новкъарло а.

Дукха хан йоццуш Малхбузерчу INDEPENDENT-о тоьшалла дира Пекино адамийн бакъонаш хьоьшуш хиларх. Шен цхьана артиклехь далийра Малхбалерчу Туркестанерчу бахархойн тоьшаллаш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG