Китайхойн компанино Гуангдон-провинцехь дукха хан йоцуш копи йина Австрехь йолчу ХIаллштатт-юьртан, ур-аттала, цигарниш санна, хIолламаш дIа а хIиттош. Иштта Европерчу гIаланийн а, яртийн а копеш дуьххьар еш яц китайхоша.
Китайно дуьненан копеш еш ю, цхьацца юрт схьа а оьцуш
1
Китайра Минметалз компанино 940 миллион доллар дайъина Австрера ХIаллштатт-юьртан копи еш. ЮНЕСКО вовшахтохаралло тIаьхьенна ларъеш йолу и юрт хIинца туристашна гур ю Китайн къилбехьа йолчу ХIучжоу-гIалахь.
2
Китайхойн ХIаллштаттехь килсан цхьамза а, сирла басахь гIишлоша гуо бина майда a, маликийн хIолламаш а ду. Микки Мауссий, Доналд Даккий-м буьйцур бацара.
3
Ингалс-махкахь йолчу Дорчестеран копи хIоттийна Сичуан-провинцехь йолчу Ченгду-гIалахь 2005-чу шарахь.
4
ХIара гIала немцойн архитекторш хIоттийна Шанхайн йистехь. Ма-гарра, Герман-пачхьалкхехь йолуш санна ю и, амма цигахь Iаш кIезга нах болчух тера ду.