ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

please wait

No media source currently available

0:00 0:05:02 0:00
Линкана тIе

2009-чу шарахь дуьйна хилла йоцу шуьйра дуьхьалонан акцеш юьйлаелла ГIажарийчохь. Журналистйн дIоггара аьттонаш бац цу махкахь ма дарра хуьлучух лаьцна дийца. Карарчу хенахь ГIажарийчоьхь хIоьттинчу хьолах лаьцна иштта яздина "Вашингтон пост" газето.

Муха юьйлаелира дуьхьалонан акцеш?

Демонстрацеш юьйлаелла еарин дийнахь, девзаш долчу шиIатийн маьждигехь ГIажарийчохь шолгIачу йоккхачу гIалахь Мешхедехь. Цигахь дош лелаш ву гIажарийн президентца РухIани Хьасанца стохка президентан харжамашкахь и дарж къовсуш хилла Раизи ЭбрахIим. Говзанчашна хетарехь, консерваторша дуьхьалонан акцеш йолийна РухIанина Iаткъам бар Iалашонца. Уьш сихонца яьржина 80 миллион стаг вехачу махкахь.

ХIун Iалашо ю дуьхьалонан акцешка арабевллачу нехан?

Демонстрацеш йолалуш хьехош ерг яра экономика. 2015-чу шарахь Малхбузено гIажарошца зарратан программа хьокъехь барт бинчул тIаьхьа ГIажарийчоьнна дуьхьал кхайкхийна хилла санкцеш дIаяьхна. Мехкадаьтта дуьненаюкъарчу маркеташкахь духкуш ду. Амма махкахь инфляци хьалайолуш а ю, болх боцучу нехан терахь алсамдолуш а ду.

Дукха хан йоццуш ГIажарийчохь 40 процентана хIоъийн а, котаман жижиган а мехаш хьаладевлчча дуьхьалонан акцеш хилира. Демонстранташа бехке вира цунна РухIани а, лаккхара лидер -- аятолла Хаменеи Iела а. ГIажарийчоь Шемахь Асад Башарна тIехIоттарна реза боцурш а бара царна юкъахь.

Муьлш бу дуьхьалонан акцешна хьалхабевлларш?

Дуьхьалонан акцешна куьйгалле деш цхьа а тоба яц. Иза догIуш дац 2009-чу шарахь "Баьццаран болам" болчу хенахь хиллачуьнца. Цу хенахь дуьхьалонан акцешка арабевлларш реза бацара Iедалшна, бозбунчаллаш а лелош, Ахьмадинежад Махьмуд юха а президент харжийта гIертарна.

Оццул шуьра демонстрацеш хилла яцара ГIажарийчохь 1979-чу шарахь дуьйна. Iедалша, Революцин гвардех пайда а эцна, вуно кIоршаме охьатаIийра цу акцешка арабевлла нах. Эзарнаш лецна бара, иттаннаш байира, дуккха а нахана тIехь къизаллаш лелийра. Керла дуьхьалонан акцеш марсаевлира Telegram мессенджерехь бина хаамаш бахьана долуш.

ХIун жоп делла Iедалша?

ГIажарийчоьно цхьана ханна дIакъевлина шайн махкахь Telegram а, Instagram а, демонстрантийн вовшашца зIе латто аьтто ца хилийта.

Facebook а, Twitter а цу махкахь йихкина ю. Урамашка арабаьхна тIеман барзакъ долуш а, доцуш полисхой а, "Басиджа" олучу клубан байкерш а – 2009-чу шарахь демонстранташна дуьхьал репрессеш еш Революцин гвардина накъосталла деш хилла бу и нах.

Президенто РухIанис аьлла, шаьш дуьхьалонан акцеш ян бакъо ло, амма низам дохийначу нахана луьра таIзар дийр ду шаьш аьлла.

Ницкъ биний дуьхьалонан акцеш дIайоьлхуш?

Таханлерчу денна 13 стаг вийна. ГIажарийчоьнан пачхьалкхан телевизионо оршот дийнахь дIахьедар дина, кхерамазаллин ницкъашна дуьхьал лаьтташ бу, полицин дакъош а, тIеман базанаш а дIалаца гIоьртина, "герз карахь долу демонстранташ" аьлла. Болчу хаамца, лаххара а цхьа полисхо вийна, дуьхьалонан акцийн декъашхоша герз а тоьхна.

Дуьненаюкъаралло муха тIеэцна ГIажарийчохь хуьлург?

Iамеркан президенто Трамп Доналда Tweeter-ехь масийтта хаам битина, дуьхьалончашна гIортор еш. РухIанис тIе ца лаьцна шайна йина критика. Оццу хенахь дуккха а гIажарой хьалхасанна оьгIазбахана бу Iамеркана, шайна цу махках баха визанаш луш ца хиларна а, Цхьаьнатоьхначу Штаташна ГIажарийчоьнан зарратан программа хьокъехь бина барт бахбан ца лаарна а.

И барт беш дакъалаьцначу Британино а, Германино а кхайкхам бина ГIажрийчоьнан Iедалшка махкахь маьрша духьалонан акцеш яйта аьлла. ГIажарийчоьнан Iедална дуьхьал волчу Израилан премьеро Нетаньяху Биньямина аьлла, дуьхьалан акцийн декъашхой "майра" а, "турпала" а бу аьлла.

ХIун раж ю ГIажарийчохь?

ГIажарийчоьно ша Исламан пачхьалкх ю аьлла билгалъяьккхина ю. Хаьржинчу векалша низамаш тIеоьцу. Амма пачхьалкхехь Iедал лелош тIеххьара дош дуьсуш ду лаккхарчу лидерехь - аятоллахь.

ГIажарийчохь тIеоьцу низамаш тIечIагIдан дезаш ю 12 стагах лаьтта Революцин гIаролхойн кхеташо. Церах 6 стаг цу кхеташоне хьажаво лаккхарчу лидеро, важа 6, парламентон къобул а веш, хоржу суьдо.

Революцин гIаролхойн кхеташоно къобул бо президентан а, парламентан а харжамашкахь дакъалоцур долу нах. Ницкъаллин структураш а, Революцин гварди а карахь ю лаккхарчу лидеран.

ХIун хир ду кхин дIа?

Гергарчу деношкахь дуьхаьлонан акцеш шоръяре кхайкхина махкахой демонстранташа. РухIанис Iедалша демонстрацеш ян бакъо ло боху, амма кху деношкахь хилларш бакъо елла яцара полицино. Ткъа иза низамашца догIуш дац. Эххаре Iедалша дан дезачух лаьцна сацам бийр берг ву ГIажарийчоьнан лаккхара лидер - аятолла Хаменеи.

Мотт ца тохарна таIзар дан оьшу аьлла хетий шуна?

ХIара Iилманца нисбина кхаж бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

XS
SM
MD
LG